ТIекхочийла долу линкаш

КхоалгIа кIира ду Милашина Еленас, боршаллин лорах хадарна массех стаг вийна, дуккхаъчарна Iаткъамбина Нохчийчохь, аьлла, «Новая Газетехь» артикл арахецна.

Къоманна эхье, и емалдеш, бусалбанаш сийсазбеш, аьшпаш бу журналисто буьттурш, аьлла, даржийра артикл араяьллачу кхоалгIачу дийнахь Соьлж-ГIалахь гулбеллачу 24 вирдан мурдаша а, Iеламчаша а, юкъархоша а.

Гуламан резолюцино шена а, шен белхахошна а кхерамтуьйсу, аьлла, орца даьккхира цул тIаьхьа «Новая Газетан» коьртачу редакторо Муратов Дмитрийс. «Оха дош ло, бекхам хир бу питана туьйсучарна, уьш миччахь а белахь а, муьлш белахь а», бохучу дешнаша шаьш декхаредо Iедале арздан а, лардала а, яздина шен газетехь Муратовс.

Цо бахарехь, пачхьалкхан Талламан комитето тергал а ца дина «Новая Газето» Нохчийчохь лелаш ду аьлла дийцина Iазап. Оцу бахьанийца Оьрсийчоьнан инарла прокуроре Чайкига арз а дина редакцино.

Муратов Дмитрийс шен дIахьедарехь бохура, «тIаьххьарчу кхаа шерачохь республикехь къаьсттина совъяьлла лела къизалла, иза Немцов Борис вер толлуш дацарца а, и зулам дайтинарш хьебеш бацарца а дозу». Иштта дагадоуьйту Муратовс шайн белхан накъостий Политковская Анна а, Эстемирова Наталья а ер а дисинийла таллаза.

«Вайн пачхьалкхехь тоъал дукха лелла къизалла. Цундела тхо кийча ду нохчийн юкъархошца а, Iеламчашца а диалог дIаяхьа. Ларамца «Керлачу Газетан коьрта редактор Муратов Дмитрий», дешнашца доьрзу дIахьедар.

Оцу юкъанна, дахначу кIиранах шеггара дIахьедар даржийра Нохчийчоьнан муфтино Межиев Салахьа а. Цо бахарехь, «цхьаболу нах бац, дерриг а нохчийн къам ду бухбоцчу эладитано сийсаздийриг», газето «бусалбанийн сий хьадина».

Тема Оьрсийчоьнан тIегIанера йоссаза юйла гойтуш ду кху кIирандийнахь оццу «Новая Газетехула» вевзаш волчу бардо, рок-артисто Шевчук Юрийс Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министре Умаров Джамбулате яздина кехат.

«Со ваьхна Къилбаседа Кавказехь, суна девза цуьнан къаьмнийн шира ламасташ. Хаьа, шу, ламанхой, мел яхьйолуш нах ду, шайн дахарерчу негативо мел Iаткъамбо шун дегнашна. Кхета шух, ницкъе ларам а бу, амма бац ларам ницбечуьнга.

Кхетахьара шу, «Новая Газетан» журналисташ вайн пачхьалкхерчу бахархошна конституцино кхачош йолу бакъонаш Iалашъяйта гIертийла, уьш муьлххачу а регионехь елахь талхош, цунна цхьабосса Iаткъаме дуйла.

Нагахь санна шу «Новая Газето» яздинчуьнца резадацахь, таллам бе, кхеле довла. Иштта ма боху вайга, ала дашна, Путина а».

"Кхетаме хилахьара шу, тебахьара аш нах, ерриг а проблемаш а цивилан кепехь ма еза листа!" - аьлла дерзийна Шевчука ша Умаровга хьажийна кехат.

Шевчукна сихха жоп делла Умаров Джамбулата. Шен а, кхечеран а «Новая Газете» йолу претензи, иза конституцин бакъонашна тIехIиттарна яц, цо иза муха до бохучуьнца йоьзна ю. …Адаман бакъо Iалашйо, дешан бакъонах пайдаоьцу, бохуш, эвхьазаллин зил хедабо «Новая Газето» а, и санначу а хаамийн гIирсаша. …Ма гIертийла уьш шайн маьттазаллица тхан дахарна юкъа, …бац церан шаьш даржочунна бух, аьшпаш бу. …Шайна бIаьргадан дезаш а доцу кхузара Iедал ца боху ас къинтIерадаккха, боху шаьш агIолоьцу бохуш дуьйцу Нохчийн къам кIинтIера даккха», аьлла жоп делла Шевчукна Умаровс.

Нохчийчохь гейш хьийзабо, иза боккха Iаткъам бу, Кадыровна а, цуьнан гонна а и къизалла акха еза, боху тахана дуккхаъчу Европерчу а, Iамеркарчу а хаамийн хьостанаша, политикаша, бакъоларъярхоша.

Масала, Италин арахьарчу гIуллакхийн министро Бенедетто Делла Ведовас Нохчийчохь «гейшкахь бала латтор, адамийн бакъонаш талхор» мел бакъду толлуш ю шайн дипломатийн корпус, бохура кIира хьалха. И проблема айира Италин парламентан депутаташа а шайн пачхьалкхан президентна гергахь.

Швецехь, Финляндехь, нохчийн гейш махкара дIа а бигина, кхерамзаллечу зоне дехьабаха ахчанаш гулдеш бу нах, цигарчу хаамийн гIирсаша дийцарехь.

Европан Кхеташонан инарла секретара Ягланд Турбьона дехна Оьрсийчоьнан президентан гонехь адамийн бакъонех жоп лучу Москалькова Татьянига, Нохчийчуьра хьал талла а таллий, дерг шена довзийтар. Иштта дехардина Оьрсийчоьне Европарламентан куьйгалхочо Таяни Антониос.

Тоам боллу таллам а бай, гейш хьийзор емалдар дехна Британин а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а арахьарчу гIуллакхийн хьукматаша.

Делахь а, ши хьал лаьтта тахана а Нохчийчуьрчу геяшна гонах. Оьрсийчуьрчу а, цул арахьарчу а зорбано, шайн агIор кхерамзаллах ца бахархьама, уллера ца бовзуьйтуш, амма болуш бу, шайца къамеле а буьйлу бохуш буьйцу уьш – цхьацца "СаIид", "Муслим", кхийолу а цIерш а йохуш. Бакъду, дуьххьара и тема айинчу «Новая Газето» цкъачунна яьккхина яц ша Нохчийчохь байина, я лецна бохуш буьйцучех цхьанненан а цIе.

Ткъа Нохчийчохь я Iедалхоша а, я могIарчу бахархоша а хезаш, я официалехь даре ца до махкахь гейш бан а бу, уьш гаттонехь а кхобу бохург. Амма социалан зIенашка, нехан дийцаршка ладоьгIча, гуш ду, нахана, шайн дукхаллехь, и тема товш йоцийла а, махкахь гейш белахь а, уьш хилар а, уьш бу аьлла зорбано даржор а Iеткъийла.

Оцу юкъанна, миллионал совъиккхина Нохчийчуьра гейш ма хьийзабе аьлла, дуккха а мехкашкарчу бахархоша протест яржийначу AVAAZ сайтехь гулдинчу куьйгийн барам.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG