ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая Газете" кхаьчна конверт мел кхераме ю толлуш ду


"Новая Газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий
"Новая Газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий

«Новая Газетан» редакце почтехула, чохь кIайн хIур а болуш, еана конверт толлуш ю Оьрсийчоьнан орцан урхалла а, полици а, хаамбина газетан пресс-гIоьнчалло. Цкъачунна дIадаьхьначу зераша ца гайтина и хIур радиаци шеца йолуш хилар, цундела эвакуаци ца йина редакцина, ткъа ша конверт экспертизе хьажийна, боху хьостано.

«Грозный» тIеяздар доцург, кехат хьажийначун цIе яц коьртачу редакторе кхаьчначу конверта тIехь.

«Вон бегаш бу бийраш, гарехь, тхо кхеро гIерта» - боху газетан пресс-гIоьнчас Прусенкова Надеждас. Цо дийцарехь, дуьххьара дац редакце хIур чохь а болуш кехат даийтар – тIаьххьара иштаниг хилира 2 шо хьалха.

КIира гергга хьалха «Новая Газетан» коьртачу редакторо дIахьедира, шена а, газетан корреспонденташна а кхерамаш туьйсу Нохчийчуьрчу Iедалхоша а, динан дайша а, аьлла.

Шинарийдийнахь Талламан комитето дIахьедина, Нохчийчохь гомосексуалисташна тIехь Iазап латтош хиларх лаьцна «Новая Газето» хаамаш баржийначул тIаьхьа цунна кхерамаш тийса долор толлуш ю ша, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG