ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕГЭ-хь бозбуанчаллаш лелорна хан тоьхна Соьлжа-ГIалахь


Соьлжа-ГIалин кхело шо хан кхайкхийна пачхьалкхан экзамен дIаяларх информаци кечъеш, дешаран дикаллин мониторинг ечу регионерчу центран хиллачу белхахочунна Шатаев Мовсарна.

Иза бехкево низамашца а ца догIуш,экзаменан материалаш схьаяхарна а, бланкаш тIе нийса жоьпаш яздарна а. Шатаев къера ву шегара даьллачунна. Набахтехь яккха цхьа шо хан а тухуш, Iедалан белхашкахь къахьегар дихкина кхело Шатаевна тIейогIучу хенахь аьлла, «Кавказан узел» агенталлана бовзийтина суьдхойн сацам Талламан комитетан белхахочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG