ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайхь Iедало дихкина берашна бусулба цIераш тахкар


Китайн Iедалша Къилба- Малхбезерчу Синьцзян регионехь дихкина дуьненчу довлучу берашна бусулбанашлахь лелон цIераш тахкар.

Шинарийдийнахь Маьрша Ази Радиочухула вистхуьлуш, Синьцзянан официалан векало тIечIагIбина и хаам. Китайн куьйгаллехь долчу коммунистийн Iедалша тахка цамагийначарлахь ю Ислам, Имам, КъорIан, Мекка, ДжихIад, Саддам, Хадж, Медина иштта кхи а иттанашкахь цIераш.

Урумчи регионан шахьаран полицхойн векало дIахьедина, Iедало йихкина цIераш техкина бераш, пачхьалкхан тептарийн системина юкъарадохур хилар. Оцу бахьанашца аьтто хир бац берийн я деша а, я дарбан хIусамашка гIо деха а.

И керла низам хьакхало доккхачу декъанна дукха хенахь дуьйнна цигахь бехачу 10 миллион уйгурех, 1,5 миллион казахех, 150 эзар киргизех, 5000 гIезалойх, 4000 таджикех. Китайн Iедало шайца лелон харцо кес-кеста ялхайо уйгураша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG