Доза доькъу юрт ДаьттагIа

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша бинчу берто Фортанга хица къастош ду доза. Цундела массеран а тергонехь яра дозанца нислуш йолу юрт ДаьттагIа.

"Даьтта дуьйлу меттиг" – ДаьттагIа. Хьалха заманахь наха ворданийн чкъургашна хьокхуш хилла цигахь хьаладуьйлу мехкдаьтта.

Нохчашца бинчу бертаца резахиллачу бахархошца къамелдеш гайтира ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек мехкан телевиденино. Амма тIахьо даьттагIхоша даржийра, шайх цхьаьнакхетарехь ши стаг бен вацара, луларчу Лакха Олкамера а, Соьлжера а бара Евкуровца къамелдан балийнарш, аьлла.

ТIемаша дохийна юьртахь дерраш а санна цIенош, тахана а карадо ницкъхоша пенаш тIехь дитина йозанаш

Къаьсттина дукха нах бевдира юьртара 20I5-чу шарахь тIе бомбанаш йиттича. Лазийнарш а бара хIетахь. Цхьаболучийн ягийра хIусамаш, кораш дохийра маьждиган, эккхийтира юкъара газан биргIа.

ДаьттагIна гергахь лаьттачу тIеман базе лела машенаш ГIалашкахула.

ДIакъевлинчу школи чохь харжамийн куп ю тахана. Цуьнан куьйгалхочо Пидиев Мохьмада дийарехь, юьртарчу харжамхойх 90 проценто кхаьжнаш Путинехьа тесна.

ТIулгах бинчу некъахула лела нах кхуза - моз даккха, буц хьакха. Амма ца йоккху юьртахь буьйса.

Фортангин хи дарбане ду олу наха. Хьалха бахархоша когашна дарба дора, Фортанги чухула дIаса а лелаш.

Хин дехьа бердашца хеза гIар-тата – нохчийн Бумтара некъ бу тIебалош.