Хушет: дозанца Iуьллу Дагестанан эвла

Хушет тIеваха хала долчу эвланех ю Дагестанехь. Ша-тайпа юрт а ю иза.

Тамашена хIуманаш ган таро ю эвла воьдуш. Дуьххьара 50 сов километр некъаца тесна ю газан биргIа. Амма цу чохь цкъа а ца хилла я хир а яц газ. Мекхайоьлла, зарзйелла ю биргIанаш. Цхьайолчу меттигашкахь йохийна а ю и биргIа. Коьртачу трассина тIера некъ дIахьоьвзу ломан басехула. Некъаца Iохкуш ю дуккха а шира ярташ, дIатесна цIенош а долуш.

Фотоаапарат карахь стаг гича иза тIеоьцу зударша террорхо волуш санна. Цунна гучура дIабовла сихло уьш

Хьаша тIеэцарца хала ду кхузарчу нахаца къийса: Метрадехь лаьцначу таксисто кхача белира суна, некъ хаддалц лома дIавигира со, ломан дукъ хадош гIо дира суна тIоьрмиг дIабахьа, эххар дуьхьалвелира иза шега кховдийна эхча схьа ца оьцуш.

Эххар а некъ чекхбелира. ТIаьххьара бархI сов километр тачанца ваха дезаш хуьлу Хушета, ломан дукъ хадош, эвлахь гIишлош ян оьшург дохьуш йогIучу варрийн коврашна некъ а буьтуш.

Хушет, юьстаха ехаш ялахь а, кхуьуш эвла ю. Бахархойн терахь лахлуш дац кхузахь, бахархоша латточу варрийн терахь санна. ХIора доьзалехь ю ши-кхо "лергаш деханиг".

Хушетан пхьоьха ю юьртан администрацина уллехь, цIийнан тхов тIехь. Божарий турмала хоьжуш бу, дехачу гIаьнта а хевшина. Турмал кхузахь массера а ю ала мегар ду. Иза даима а шайца лелайо Хушетан бахархоша. Цхьаберш турмал хьоьжуш хуьлу леррина цу хьашташна динчу цIийнан чохь мовлад доьшчу ханахь а. Цу чуьра дика гуш ду лахахь Iохку кешнаш.

Эвла вогIу стаг мила ву къастадо турмалца юьрта иза кхачале.

Эвлан гергахь хIоллам бу, суьйлийн маттахь тIе яздина йоза а долуш. "Дала геч дойла, ша хьийзочу гӀелойийрахошна тIехь толам боккхуш, кхузара бердах иккхинчу АбутIалибан йоIана Паризена". Лахохьа гайтина ду цуьнан дахаран шераш: 1925 – 1943. Юьртахоша дийцарехь, цу йоIан да обарг хилла. НКВД-н белхахоша, шайга иза лаца ца велча, дIалаьцна [bkkf цуьнан йоI. ДIаюьгуш уьш ша хьийзо гIоьртича бердах иккхина 18 шо долу йоI.

Школан уьйтIахь физкультуран урокехь футболах ловзу йоIарийн а, кIентийн а тобанаш. Футбол дукха еза кхузахь. Цунах ловзархьамма леррина майда кечйина кхузахь, гонах аьчкан серийн керт а йина, чиркхаш а тесна. Цу майданахь ловзарш дахло наггахь буьйса юккъе яххалц. .

Официалан картанаша гайтарца, Гуьржийчоьнца доза ду Хушетара дIа цхьа-ши километр дIавахча. Кхин дIа ю гуьржийн ярташ. Делахь а, цӀинцӀолг санна жима ши юрт Ибцохи а, Черо а хушетхоша шайн лоруш ю. Цига лела уьш жа дажо, дозанхоша дуьхьало а ца еш. Хушетахь ю интернетах пайда эца аьтто болу вуно дика гуьржийн мобилан зIе.

Хазйина неI йолчу хазачу маьждиг чохь лач тийсина гIортораш ю тхов чу ца божийта. ДжамаIатан ламаз динчул тIаьхьа зударша нораш хьокху урамашка. Цундела эвла вуно цIена ю.

Цумадан кIоштан цхьана депутато дош деллера, харжамашкахь толам баккхахь ша шен чоьтах Хушета некъ буьлур бу аьлла. Цундела цецвала оьшуш дацара цуьнгахьара берриг а цу эвларчу бахархоша кхаж тесна хиларх. Шен дош цо лардира. Кестта жагIанан некъо го тосур бу ломан дукъана, тIаккха иза гуш хир бу эвларчу пхьоьханера дIахьажча.

Некъ чекхбоккхур болуш бу цхьа-ши шо даьлча. Дахар аттачу дер ду. Амма хIинццалц кхуьуш ехачу эвлана тохар дан мега оцу дикано. Лулара ярташ яссалуш ю, дукхачу хьолехь тIебогIуш некъ хиларна. Бахархой сих-сиха боьлху аренашкахь Iохкучу ярташка а, гIаланашка а, ткъа эххаре а цигахь буьсу уьш баха.