ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла Епархиш Кхуллуш ю Къилбседа Кавказехь


Къилбседа Кавказехь керла епархиш кхолла сацам бина Оьрсийн Православан Килсано хьастаг. Цул таьхьа масех де даьлча цхьанакхетар хилира Къилбседа Кавказехь леррина векал волчу Хлопонин Александран а, Оьрсийчоьнан Патриархан Кириллан а. Къилбседа Кавказера чолхе хьал тодеш, Оьрсийн Православан Килсано лаца дезаш долу дакъа дийцира цигахь.



Москохара Патриархия олучу журналан коьрта редакторо Чапнин Сергейс бахарехь, Оьрсийчоь административан гонашка еккъначу кепара нисделла, Оьрсийн Православан Килсано Къилбседа Кавказехь шен керла епархиш яржор а.

Чапнин: Тахана оцу территори тIехь кхо епархи кхоьллина. Ала деза, территорица йоьзна принцип кхузахь ца лерина аьлла. Керла кхоьллина йолу Буру-гIалара а, ХIинжа-гIалара а епархи, федерацин 4 субъект вовшахтухуш ю: Къилбседа ХIирийчоь-Алани, Дагестан, ГIалгIайчоь, Нохчийчоь. Ставрополан епархина юкъа хIинца Ставрополан кIошт бен ца йогIу. Цуьнца цхьана епископийн титулаш а хийцаелла. Ставрополан а, Буру-гIалин а епископ вара хьалха. ХIинца иза Ставрополан а, Невинномыскан а епископ хир ву.
Керла кхоьллина йолу Буру-гIалара а, ХIинжа-гIалара а епархи, федерацин йиъ субъект вовшахтухуш ю: Къилбседа ХIирийчоь-Алани, Дагестан, ГIалгIайчоь, Нохчийчоь

Цхьа а керла хIума дац кхузахь. Кавказ башха ю, хIора а кIоштан шен-шен амал ю. ХIинца алсамуо болчу епископийн аьтто хир бу керста нахаца а, Iедалца а, бусулба нахаца а уллера белхаш бан.
Кхин цхьа хIума а ду. Пятигорск, епархийн центр хир йолуш ю. Цуьнан епископан цIе хир ю Пятигорскан а, Чергазойн а епископ. Оьрсийн Православан Килсан къона архиерей хир ву иза - Феофилакт. Цунна вуно дика евза Кавказ. Иза ша Соьлжа-гIалахь вина а, кхиъна а ву. Ставрополан семинарехь хьехна а, цуьнан куьйгалхо хилла а ву. Суна хетарехь, хьекъале сацам бу и тайпа стаг цига хIоттор. Килсанашна деш долу урхалла эвсардаккхар ду иза.

Маршо радио:
Карарчу беттан 25-чу дийнахь Москохан а, ерриг Оьрсийчоьн а Патриарх волу Кирилл цхьанакхийтира Оьрсийчоьнан президентан Къилбседа Кавказехь леррина волчу векалца Хлопонин Александрца. Православин Килсано Къилбседа Кавказехь бинчу, лакхахь хьахийначу хийцамех лаьцна хаам бира Кирилла Хлопонине.
Иза къобал а бина, Хлопонина латкъам бира, оцу кIоштара хьал вуно чолхе ду, аьлла. Православан Килсано а, кхечу динаша а цхьанаболх ца бахь, къаьмнийн юкъаметтигаш толур яц элира цо.

Ша цкъа православан мозгIар хилла ву диссидент Якунин Глеб. Цунна хетарехь, Оьрсийн православин килса чагIъеш а, цунна гIортор еш а ду Оьрсийчоьнан Iедал.

Якунин:
Кавказ куьйган кIел яло чIогIа хала ду. Малхбалехь - бусулба пачхьалкхашкахь - хIинца хуьлуш долчуьнга хьаьжчи, оьрсийн пачхьалкхан куьйгалла саготта хир ду дера. Африкера схьайогIуш йолу цунами Кавказах а хьакхалур йолуш ю. Цундела Москохарчу Патриархиига гIо деха кийча ду иза.
Москохара латта чIогIа деза дуй хууш ду. Оццу хенахь, патриархиина иза боккхачу барамехь билгалдоккхуш ду. Еккъа цхьана Москох 60 килса хIоттон Iалашонца. Москохарчу Патриархиина Iаткъам алсабаккхаран процессана юкъадогIуш хIума ду иза. Амма со шек ву, цуьнан дика тIаьхьало хир ю бохучух. Кавказ муьтIахь еш Москохарчу Патриархис доккха гIо дийр ду аьлла ца хета суна.

Маршо радио: Кремлан дегайовхонаш Къилбседа Кавказехь кхочушъеш, Килсанах гуллакх хирг хиларх шек ву Якунин.
Православин Килса шен Iаткъам лакхабаккха гIерташ ю дера, амма Iедалан гIоьнца до цо иза

Якунин: Москохарчу килсанашка лелаш 100-200 бIе эзар стаг хир ву. И терахь чIогIа лахара ду. Шаьш Далла гIуллакх дар Патриархино телевизионехь дIагойтуш хиларна хила там а бу иза. Нах тIаккха килсанашка а ца боьлхуш, цIахь, стоьлан хьалха, деза денош даздеш Iа. И керста нах, шаьш багахь Делах тешаш нах ду, бохуш берш бу. Шайн ворхIе дай килсане леллера бохуш, шаьш керста нах хеташ бу уьш. Терахьех лаьцна аьлчи, боккъал а керста болу нах - килсане а боьлхуш, Далла Iамал а еш - ишттаниш бац. Православин Килса шен Iаткъам лакхабаккха гIерташ ю дера, амма Iедалан гIоьнца до цо иза. Оццу хенахь, иза керста нахана тIеIаткъам беш ю аьлла-м ца хета суна.
Къилбседа Кавказ къаръярх лаьцна аьлчи, иза политикица доьзна хаттар ма ду. Килсане боьлхуш болчу керста нехан гIуллакх, мозгIарш дуьйцучуьнга ладоьгIча чекхдолуш ма ду. Цундела суна ца хета, бусулба нахаца йолу юкъаметтигаш тоеш гIо лоцуш а, Кавказ муьтIахь еш а, оцу хьокъехь, православан керста нахана боккха тIеIаткъам хир бу аьлла.

Маршо радио: Даханчу шарахь Къилбседа Кавказ кхиоран стратегица йоьзна лан хааме яьккхинера Хлопонина, оьрсийн президентан Къилбседа Кавказерчу лерринчу векало. Цуьнан хьесапехь, алссам оьрсийн оцу чолхечу регионе дIакхалхо беза. Оццу хенахь, Къилбседа Кавказера векалш Оьрсийчу дIаса а буьгуш. Эрна хета Якунинна и тайпа ойла а.
Патриархиин идеологин а, Делан дош даржоран а дакъа, бюрократин IалагIожехь чолхе даьккхина а, пайда боцуш а хир ду

Якунин: Хлопонин тамехь стаг, сибиряк, дика администратор а хилла ву. Амма Кавказера эвсарчу хиламашца ларавала а, царна урхалла дан а тоьуш яц цуьнан администрацин говзалла. Къилбседа Кавказехь, цу декъехь православин дине цхьа а пайден агIо гайталург хиларх шек ву со. Дакъаделлачу латта тIе тосу хIу санна, довр долу хIума ду иза. ЖамI хир дац цуьнан. Иштта, туристийн бизнес кхион йолор а, дайна дIадаьлла хIума ду. Цундела патриархиин идеологин а, Делан дош даржоран а дакъа, бюрократин IалагIожехь чолхе даьккхина а, пайда боцуш а хир ду аьлла хета суна.

Герзаца а, ницкъаца а, Къилбседа Кавказ куьйга кел ца ялаелла Москохарчу едалшка. Цигара чолхе хьал кхин хийца ца ло. Тоьлларг социалан программа юкъаяккхар а, экономика когаирахоттор а доцург, кхин дерг, ша дерриг а деш ю Оьрсийчоь Къилбседа Кавказехь.
XS
SM
MD
LG