ТIекхочийла долу линкаш

Набахтичуьра Араваьлларг Дийна Ца Вуьту Нохчийчохь


Ахчаний, мидалшний тIаьхьабевллачу, Iедалан цIарах герз лелочара Нохчийчохь бойу, бехк боцу кегий нах. Тешнабехкаца шен кIантана герзаш тоьхначул тIаьхьа, цхьана хIусаме а вигина, цо дуьхьало йина сурт хIоттийнера цара бохуш дийцира Марета, Маршо радио йолчу еана йолуш.


Чехехь тхов-кIело карийначу Маретан кхоллам, кхечу дуккха а нохчийн зударийнчух тера бу. Шортта вуонаш гинчу Маретана, шен дахарехь кхин хила бохам ца бисна аьлла хетахь а, аса цуьнан бакъ йолу цIе а, иза схьаяьлла эвла а ца юьйцу.
Даханчу бIешарахь, вайнах цIерабохучу хенахь, Гуьржийчу бовда кхиинчу нохчийн доьзалех ю Марет. Цуьнан кхо шо долуш, цуьнан да а, нана а, ден шолгIа зуда а, уьш масо а Нохчийчу цIабирзина. ХIорш дIанисбеллий, бовлазий болуш, некъан бохамехь да кхелхина. 16-гIа шо долуш, Марет ядийра.

Марет: Жима яра со цу хенахь, 16 шо кхачанза яра. Лууш-м ца яханера со маре. Эхь хета суна цунах лаьцна дийца. Къайлаяьккхина, кхечу юьрта дIайигнера со. Аса хьо ядийна алахь, вовше герз а тухуш, зулам дер ду, хьо реза а йолуш, еана ала, элира соьга. ТIаккх, сайга мел хаьттинчуьнга, со реза а йолуш, еана бехира.

Маршо радио: Амма и доьзал сиха буьйхира. Карахь бер долуш, Марет шен цIа юхайирзира.

Марет: И кIант, со цIайоьдуш, сайца дIавигнера аса. Цуьнга (майрачуьнга) юхагIур йоцуш, дIаяхана яра со. ДIайига тIаьхьа нах эхийтара цо суна. Ша дерриг а дийца ца лаьа суна. ЧIогIа, цунна со цкъа а цунна къинтIера ер йоцуш, хIуманаш девллера цуьнгара. КIентан дуьхьа а юха гIур яра со, амма цунах дахар хир дацара. Цул сов, цо зуда а ялийнера.
Со кхин дIа ца яхчи, цуьнан зудчо ша лелор ву аьлла, соьгара кIант цкъа схьаваьккхира. Вайн Iедалехь милице вахча эхь делахь а, церан гIоьнца схьаваьккхира аса сайн кIант. Сан вежарша а, сан сагатлой хууш, соьга кхабийтара кIант.

Цхьана дийнахь, уьйтIахь ловзуш хилла кIант, машенахь веана хиллачу кIентан дас дIавигинера. КIентан дейишас - тхуна гена йоццуш Iаш яра иза - хIумма а дац, кIентан дас вигна, схьавалор ву элира соьга. Ца валийра. Шен зуда а, сан кIант а эцна, иза Оьрсийчу дIавахана хиллера, сан хилла майра. Масийтта шарахь йоьлхуш лийлира со. 3-4 шарахь сайн кIант ца гира суна. Цул тIаьхьа дуьххьара иза гуш 7-8 шо хир дара цуьнан.

Цу хенахь со жима яра. ХIинца хууш дерг, хууш хиллехь-м хIун дара хьуна? Гуттар а вовше гора тхойшиъ. Со йолче кIант веана хилар гучдаьлча, дас еттара кIантана. Ша долу дегI Iарждой хилара. Делахь а, ца вогIуш ца Iара иза. Хьуьх-вулий, схьакхочура.

Медйишийн дешар дийшира аса. Массар а алара соьга, йоьлхуш лелачул а, атта хир ду, цхьаъ деш хилча. ГIалахь Iаш яра со цу хенахь. Сайн нана йолче ма-яххана, сайн йишин бер дахийтара аса кIанте хаам бан. Водий, са деIа а ца луш, схьакхочура иза. Уьдуш вогIура... чIогIа хала ду-кха иза... Сайца аса иза витинехь, цу тIе даьлла а хир дацара, олий хета. Делахь а, Дала ишта яздина хилла-кх иза.

Маршо радио: Нохчийчу сингаттаме хенаш яьхкича, ненан а, кIентан а гойла кхин а кIезиг хилира.
Хьалхарчу тIамехь, эвлара-эвла боьлхуш, Нохчийчохь лелла Тамара а, цуьнан доьзал а. ШолгIачу тIамехь ГIалгIайчу дIакхалха дийзира – хьалхалера тIом ловзар хоьтуьйтуш, къиза беара и шолгIаниг. Шийлачу, тIуьначу хIусамашкахь, гIо-накъосталлин организацеш елларг бен, кхин дан амал доцуш шаьш Iаш долуш, йоI чIогIа могуш йоцуш хилира шайн, бохуш дийцира Марета. ЦIечу ЖIаро гIо а деш, уьш Европе баьхкира. Маретан кIант Ислам, Нохчийчохь висира.

Юьхьанцара дуьйна, Нохчийчоь Оьрсийчоьнах йозуш ца хиларехьа бечу тIамехь дакъа болчех доглозуш хиллачу дуккха а нохчийн кIентех вара Ислам а. Хьалхарчу тIамехь царах дIакхета а гIиртина иза, амма, тIемалоша тIе витина, жима хиларна. Эххар а, царна тIе иза дIавахчи, дас тIаьхьа а вахана, цIавалийна.
Хьалхара тIом баьллачу хенахь жима вара иза. Бер Iеха ма лой. Дас тIаьхьа а вахана, схьаваьккхира. ТIом ца бира цо, ца кхиира. ТIемалоша шаьш а, жима ву аьлла, цIахьажийнера


Марет: Хьалхара тIом баьллачу хенахь жима вара иза. Бер Iеха ма лой. Царна (тIемалошна) юкъа воьду аьлла, лелла иза. Дас тIаьхьа а вахана, схьаваьккхира. ТIом ца бира цо, ца кхиира. Жима вара чIогIа. ТIемалоша шаьш а, жима ву аьлла, цIахьажийнера. Со кхузахь яра, ткъа кIант деца вара.
Дас, соьца иза дIаводахь, миччахь велахь а, лаха а лехна, вуьйр ву ша аьлла хиллера. Сан кIанта соьга и хIуманаш схьа ца дийцара. Кхечу агIора хазара суна уьш.

Маршо радио: ШолгIа тIом боьдуш, жимчу кIантана тIера, къаношна тIекхаччалц божарий дIалуьйцучу хенахь, Ислам а ваьккхира оцу цацанех. ТIом боьдучу хенахь, даккхаза дисинчу паспортах бала хилира. Оьрсийн салташа дIавигира, 5 эзар доллар лахь, дIахоьцур ву аьлла.

Марет: КIант дIалаьцна аьлла, сан йиша йоIа хаам бира соьга телефонехула. Суна кIант деца ву моттара. Соьга, иза ма-леццина, ца хаийтинера. 5 эзар доллар доьхуш хиллера, дIахоьцуьйтург. Ткъа хIунда лаьцна, хIун хиллера аьлла хаьттичи, карахь паспорт ца хиллера цуьнан, элира. Шен доттагIашца хилла иза. "Зачисткаш" ечу хенахь, салташа буьйсанна чу а лилхина, божабераш дIадигна. 5 эзар доллар лахь, схьахоьцур ву бохуш, латтийна лаьцначохь. Церан и ца хилла дала.

Цу хенахь соьгахь а дацара и тайпа ахча. Со балхахь а яцара. Со балхахь хиллехь-м, банкера юхалург даьккхина а, цхьаъ дийр ма дарий. Иза араваккха хIуъа а дийр дара. Амма цу ъхенахь, со елчи а, соьгахь и ахча дацара. Соьга юхалург дала а вацара стагга а. Юха цара, суна цхьаъ хиларна кхоьруш, кIант аравалийтина, элира.
Дика ду, схьахецнехь, цуьнан аз хаза лаьа суна элира аса. Со шайна кхин тIаьхьара ца яьлчи, бакъдерг дийцира. Юха биъ бутт баьлча кхел а йина, цуьнгахь герз хилла аьлла, чувоьллира.

Шега кховдийначу бехкашна кIел цо куьг ца таIийнехь, иза йиттина, вуьйр вара цу чохь. Нагахь санна, шаьш бехке бечу хIуманна цара куьг ца таIийча, уьш бойу боху набахтеш чохь. Шаьш дийна арабевлчи а, цара дийца ма ца дуьйцу иза. Кхера бо, дийцахь, кара а вина, вуьйр ву хьо, олий. Доцург тIе а яздой, цу бухахь куьг таIадойту. ТIаккха, меллаша кхел йой, набахте дIахьовсабо. И тайпа кхел а йина, 5 шо хан тоьхна, сан кIант набахте хьажийра.
И кхел нийса йина ца хилла аьлла, соьга а дира сан кIанта къамел.
Доцург тIе а яздой, цу бухахь куьг таIадойту. ТIаккха, меллаша кхел йой, набахте дIахьовсабо. И тайпа кхел а йина, 5 шо хан тоьхна, сан кIант набахте хьажийра

Маршо радио: Европехь дахар дIанисдаран метта, Маретан цIийнда мала волавелира. Бераш кхиор а, дIанисдар а, керла мотт Iамор а, хIусамнанна тIедазделира.
Шен цIийнда бехказа ваккха гIерта Марет. Цунна бахьана дара боху цуо. Нохчийчура постехь салташа дIа а вигина, масех дийнахь чохь латтийна иза, гIиба валлалц, етта а етташ. Оцу масех дийнахь майра хийцавелира.

Марет: Цул тIаьхьа дарбан цийнахь Iиллира иза. Маларх кхеташ вацара, шен болх беш, дIа Iаш вара. Амма и гIуллакх хиллачул тIаьхьа, галвелир-кха иза. Моханаш етташ, сиха дарлуш, оьгIазе хилира иза. Мала а волавелира чIогIа. Дитара цо иза шина кхаа шарахь. Делахь а, юха а маларх кхетара. Мелчи, ша хIун леладо а ца хуучу хьолехь хилара. ТIаьххьара цо суна йиттича, дарбан цIийне кхаьчна со. Коьртах йиттинера цо суна. Тхо ша дерриш а ша дайичи а, ша динарг хIу ду хуур доцуш, оццул чIогIа молуш вара. Иштта ду-кха хIуманаш...

Маршо радио: Оцу юкъанна, Маретан кIант Ислам, Оьрсийчура набахтехь хан яккха дIахьажаво, цунах пхи эзар доллар ца делча.

Марет: Оьрсийчу дIавигина, Воронежехь хан яьккхира цо. Цигахь шел а велла, кIелвисинера иза. Чохь цо кхо шо даьккхина хан яра иза. Воронежехь ехачу цхьана нохчийн зудчо яахIума кхоьхьуш хилла цунна набахте. Сан кIантана а, кхечарна а. Цуьнан телефонан номер а яитийра суна сан кIанта. ЧIогIа гIуллакх дина цу зудчо.
Сан кIанта цкъа а ца алара шена вуо ду. Кхеченхьара хезира суна цуьнан туберкулез гучуяьлла хиларх лаьцна. Соьга ша товелла, дика ву алара цо.

Оццу хенахь, цхьа журналист-чешка яра, со йолче ян лууш нохчийн зударех лаьцна яздан. Иза еана йолуш аса цуьнга дIадийцира ша дерриг а. Цо элира, ша юхалург ахча лур ду хьуна, аьлла. Соьгахь а цхьа жимма хIума яра. И ахча вовшахтоьхча 2 эзар доллар гулделира тхан. И ахча делча сан кIант хенал а хьалха араволуьйтур ву аьллера. Ши шо дара диснарг.

Цу чохь цхьаъ хиларна кхерара со цунна. Кхоъ вара араваккха везаш. Сан кIанттий, кхин ши нохчой. 150 эзар сом делча араволуьйтуш вара. Цунна ахча тIе ца тоьуш, тIетоьхна хиллера оцу кIентийн гергарчара. Оьрсийн хьаькамо дIаэцна хилла и ахча, ша хьожур ву аьлла. "Аьтто ца болу" аьлла, юхаделла цо иза. ТIаккха ахча суна юха схьатаса лууш вара сан кIант. Амма юкъара лелаш хилла цхьа нохчо къайлаваьллера оцу ахчанца. Я и бераш ара а ца дехира. Ши шо дIатекхира сан кIанта. Араваьллачул тIаьхьа, ахча оцу юкъара леллачунна дуьтур дац ша аьлла, тохавелира сан кIант. Аса элира: - "Нана лойла хьан, Ислам. Ма хьахаделахь иза. Хьо цара вуьйр ву хьуна". ЧIогIа дийхира аса цуьнга.

Маршо радио: Харц кхелаш а еш, бехк-гуьнахь а доцуш чубоьхкина хилла нохчийн кIенташкахь, уьш набахтера ара бевлчи а, тешам бацара. Цунах йогуш яра Марет.

Марет: Иза аравалале суна цхьа гIан гира. Маса тоьпан мукъ тIе а тоьхна, иза вуьйш. Вежарий байина сан оцу тIамтIехь. Дена вина шиъ ваша вийна. Цхьаъ минин тIехь иккхина. ШолгIаниг, СоIди кIотарахь вайн кIентий бойучу хенахь вийна ву. Кхин цхьаъ вайна. Кхин а ден шичийн кIентий а байина оцу СоIди-кIотарахь.

Ислам араваьлча, бIаьсте йолуш яра. Аса паспорт цунна дуьххьара доккхуьйтучу хенахь а, ахча а делла, даккхийтинера. 300 сом даккхара моьтту суна цунах. Цунна я кехаташ ца тодеш, я дола а ца деш, кIант дIа а тесна, цуьнан да дIаваханера. 5 шо набахтехь цо доккхучу хенахь, яахIума а эцна, тIаьхьа ца яхана цуьнан дести.

Маршо радио: Дас дола а ца деш витина кIант, шен ма-хуьллу, Европе схьавалон тохаелира Марет. Амма, оьрсийн низамаша Исламанан бакъо ца лора, эха шарахь цхьанххьа а дIасавала.

Марет: ЦIахь тешаме а дац, бехк а боцуш, дIалуьйцуш, бойуш кIентий бу. Чохь хан а яьккхина, араваьлларг а, цара (Iедалша) цхьана цIейозанна юкъа хIоттаво бохуш хезнера суна. Аса элира Исламе, ма гIолахь цIа. ХIуъа дай а, сехьавала хьажалахь, аьлла. Ах шо даллалц, цхьанххьа а дIасаваха йиш йолуш вац ша элира сан кIанта. И хан дIаяьлча, схьаван ойла а яра цуьнан. ЧIогIа цигахь иза верна кхерара со. Иза вуьйш сурт хIоттара суна хьалха, тIаккха, "Ва, Ислам вийна" бохуш, аса мохь беттара. Елхара со, мохь бетташ.
Вай бераш, тIемалой бу бохуш, дайичи, царна мидалш а, ахчанаш а, балхахь лакхабовлар а хьулу боху. И ахча даккхаран дуьхьа а, вайн кIентий бойуьйтуш бу боху. И хIума дийца ца баьхьа вайн цIахь. Массо хIума ладугIуш ю

Маршо радио: Нанна гIенах гинарг, самах кхочушхилира.

Марет: Со цIаяхча мобилан телефон тIехь гира суна иза вийна Iуьллуш. ХIокху бераша сох лечкъадора интернетехь хIоттийна хилла цуьнан сурт.
Арахь вийна цара иза. Далла гур ду иза. Дала цхьа нийсо йийр ю цу гIуллакхан.

Вай бераш, тIемалой бу бохуш, дайичи, царна мидалш а, ахчанаш а, балхахь лакхабовлар а хьулу боху. И ахча даккхаран дуьхьа а, вайн кIентий бойуьйтуш бу боху. И хIума дийца ца баьхьа вайн цIахь. Массо хIума ладугIуш ю. Охьайиллина телефон хилчи а, кхоьруш хуьлу. Иза дIо дехьа чохь елахь а, дIаяйъина йоллушехь а, ладугIуш хиларна кхоьру. Вайн цIераниш чIогIа кхоьру.

ЦIаягIахь суна а кхерам хир бу бохура. Суна хIун кхерам бу? Аса цхьанненна а дина хIума а дац. Ехь, юьйр ю-кха цара со. ДIавуллуш тIе ца кхачахь, цуьнан кошан барз тIе мукъа а хIуттур ю аьлла, яхара со. Ненан кошан тIе хIотта лууш а яра. Нана а дIаяьлла сан, со кхузахь йолуш. Йиша дIаяьлла. Йишин йоI йийна, хьонке яхана йолуш. Кхин а бераш дайира цу хенахь цуьнца цхьана.

Дала ша деллачу хIуманна собар ло. Хьераваллал хIума-м д у иза, бакъдерг аьлча. Дисинчу сайн берийн ойла а еш, царна оьшу-кх со, бохуш, дIаехаш-м ю со. ВаллахIи, хIара дуьне даа а, дIалела а, чам-м ца битина.

Маршо радио: Шен кIентан, боккъалла а, дIавоьдийла ца хиллехь, цIайоьдуш яра Марет. Амма Ислама тешийна иза, ша дIавогIур ву, цIахь долу дахар, цхьаннега а лалур долчух тера дац, аьлла.
Дала ша деллачу хIуманна собар ло. Хьераваллал хIума-м д у иза, бакъдерг аьлча. Дисинчу сайн берийн ойла а еш, царна оьшу-кх со, бохуш, дIаехаш-м ю со

Марет: Аса элира: - "Ислам, хьо схьа ца вагIахь, со цIайогIу хьуна, кхузара сайн процедура а сацийна. Де а, буьйса а, аса хала доккху, хьуна сагатдеш. Даим вовше хьоьгуш лелла вайшиъ. ХIинца мукъа а, вовше марзо эцийта лаар суна вайшинга...
Сан йишин йоьIе аьлла хилла цо, "цкъа сайн нана, къевллина, марайоьллина елхьара, велчи а, хIумма а хетар дацара шена". ЧIогIа сатесна вара боху со ган. Итт шарахь гина дацара тхойшиъ.

Маршо радио: Марет а, цуьнан гергарнаш а тешна бу, набахтера цIавирзичхьана дуьйна, Iедал Исламана тIехьожуш хилла хиларх. Цо шегара кхин хIума ца далийтича, кхин кIорге а ца кхийдаш, цара дIаваьккхина иза.

Марет: Сан йишин йоIа дийцира соьга, иза могуш воцуш, цIахь вара, бохуш. Цхьа шиъ веара боху, езачух машенахь.
Сан йишас молханаш а, моз а эцна, драба лелош хилла цунна. ГIоли хуьлуш яра бохуш бара.

Машен еъча, Ислам ара кхайкхина. "ХIорш тIаьхьара бовлуш-м бац шена, шайца дIавола бохуш", аьлла цо сан йишин йоIе. Ца воьдуш, Ислам дуьхьала ваьллачух тера ду. Машен лелош верг арахь Iийна. Вукхуо сан кIантаца чу а веана, чохь чай мелла. Сан йишин йоIа шена иза хьалха цкъа а ца гинера боху. Муьлаш бу уьш аьлла хаьттичи, шена бевзаш бу уьш, аьлла Ислама.
"Шайца гIала вола боху" хIокхара аьлла сан кIанта. Иза вен дIавига веана хилла-кх и ши кIант, мухха делахь а.
Цу машенахь дIавигна иза. Сан йишин йоIа телефон тухуш хилла сан кIанте сих-сиха. ШолгIачу дийнахь ша автобус тIе хиъна, Ассиновске цIаван новкъа волуш ву, аьлла хилла Ислама.
Юха оцу автобус тIера а, охьа а ваьккхина, дIавигна цара иза. Вен дIавигна.

Маршо радио: Итт шарахь шена ганза хилла кIант дIавуллуш, тIе ца кхаьчна Марет. Цуьнан кошан барзан тIе куьг хьаькхна, дIаяхана. Цунна хаьа, ур-атталла, и кошан барз боцуш а, шайн кIентех хилларг хIун ду ца хууш, Нохчийчохь эзарнаш наной буйл
XS
SM
MD
LG