ТIекхочийла долу линкаш

Медведевга Кехат Яздина Оьрсийн Бакъонашларъярхоша


Нохчийчохь адамийн бакъонашца доьзначу хьолан хьокъехь зорбан-конференци дIаяьхьира кхаарин дийнахь Москохарчу Интерфаксан зорбан-центрехь. Цигахь вовшакхеттачу бакъонашларъяран организацийн векалша дIахьедар дина, шаьш оьрсийн президенте кехат дохуьйтуш ду, ницкъаллийн структурийн векалша оцу республикехь лелочуьн хьокъехь цхьа гIулчаш яха, аьлла.

Интерфаксан зорбан-центрехь вовшатоьхначу цхьанакхетарехь дакъа лецира Мемориал центран куьйгалхочо Орлов Олега а, Москохарчу ХIелсинки тобан гIантдас Алексеева Людмилас а, ХIьюман Райтс Вотч Организацин Оьрсийчура талламхочо Локшина Татьянас а, Къизаллашна Дуьхьала йолчу, Регионашна Юкъарчу Комитетан гIантдас Каляпин Игора а.
Орлов Олега билгалдаьккхира, адамийн бакъонашца доьзна Нохчийчура хьал хIинца а лортIехь ца хилар. «Кхераман атмосферехь бехаш бу республикера нах. Уьш лечкъор а, къиза байар а, соцуш дац», элира Орловс. Цул сов, цо тидаме диллира, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша урхалла дан тIехIоттийначу къоме ден къамел.
Кхин дIа йолчу ханна, кIанта динчух жоп лур ду дас. Я, шиненнан а коьртах герз а тоьхна, хье аратосуьйтур бу. Бер диний, цунах жоп дала деза. Дас кIантах жоп ло, нанас йоIах ло

Орлов: "Хоси-юртахь бехачарга леррина ала хIума ду сан - нах царна къинтIера бовлу агIо йина аса. Кхин дIа йолчу ханна, кIанта динчух жоп лур ду дас. Я, шиненнан а коьртах герз а тоьхна, хье аратосуьйтур бу. Бер диний, цунах жоп дала деза. Дас кIантах жоп ло, нанас йоIах ло". Къамелан чаккхе ю. 2010-чу шеран Марсхьокху беттан 30-чу дийнахь Кадыров Рамзана Вайнах телевизионехь дина ду иза.
Юкъараллехь пачхьалкхан векало, Iедалан даржехь волчу стага деш долу къамел ду иза.
Бехк ма биллалаш, нацистийн Германехь деш долу къамел ма дац иза. Демократан ю бохучу Оьрсийчохь деш ду иза.

Маршо радио: ТIе а кхетта, нах дIабигар лортIехь хIума лору Къилбседа Кавказехь. Iедалша къобалдеш долу и гIуллакх, низамаш талхор ду элира Каляпина, Къизаллашна Дуьхьала йолчу Регионашна Юкъарчу Комитетан гIантдас.

Каляпин: Волалушшехь дIаала лаьа суна - хIуъа дина хилча а, стаг лачкъор хьехош дац Оьрсийн Федерацин Зуламийн Кодексехь. Цхьаъ динера аьлла, стал лачкъавойла дац. И чIогIа маьIне хIума ду, цунах кхетар а маьIне ду. Террорахо а, стаг вийнарг а, иштта дIа кхин а, лаца а, цхьацца процедураш ян а, цул тIаьхьа цунна тIехь кхел ян а йиш ю.
ЛадогIийша, ур-атталла 37-чу шарахь а, "тройки" олуш йолу кхелаш яра, пхеа минотехь мукъа а кхел йора. Оцу кхааммо яхь а, кхел а йой, хенаш тохара. Цул тIаьхьа царца хIуъа деш хиллехь а - иштта аларна бехк ца биллар доьху - хIетте а, и процедура лелош яра.

Маршо радио: Цуьнца боьзна шайн сингаттам бовзуьйтуш, Алексеева Людмилас тIетуьйхира.

Алексеева: Оцу республикехь тIепаза нах бовш хилар а, кхел а йоцуш, адамаш дайар а ду цигарчу бахархойн а, бакъонашларъярхойн а сагатдеш дерг. Царна бехке Iедалан векалш бу.
Диллина, тобанашкахь нахана тIехь таIзар латтош меттиг ю Нохчийчоь

Маршо радио: Цхьана стаг динчух доьзале а, гергарчарга а жоп доьхуш еккаъ цхьа меттиг Оьрсийчохь - Нохчийчоь, элира бакъонашларъярхочо Локшина Татьянас.

Локшина: Нохчийчура хьал, цхьана агIора, цхьаннхьа а доцчу кепара ду. Цкъа делахь, диллина, тобанашкахь нахана тIехь таIзар латтош меттиг ю Нохчийчоь. Диллина таIзар ду деш. ТIемалойн гергарчарна. Еккъа цхьа меттиг ю Нохчийчоь - цигара губернатор а, федерацин субъектан куьйгалхо а, ницкъаллийн структурашна тIехьожуш а ву Кадыров Рамзан. Формалан кепехь дац иза, низамехь чIагIдина дац иза. Амма, ма-дарра аьлчи, ницкъаллийн структурашна тIехьожуш ву иза. Оцу массо хIумано а гойту, оьрсийн низамаш Нохчийчохь лелаш ца хилар. Билггал цунна тоьшаллаш карадо тхуна Талламан Комитетера а, прокуратурера а документашкахь.

Маршо радио: Даханчу шарахь Оьрсийн президенте Медведев Дмитрийга Нохчийчура хьал, ма-дарра, дийцинера бакъонашларъярхоша. Иза оцу кепара дита йиш ца хиларна къера ша президент а хиллера. Амма, хийцаделла хIумма а дац элира Локшинас. Цундела, иза дагадаийтар а, пачхьалкхан куьйгалхо ша хиларе терра, делла дош кхочушдан дезар а ю, кехатан Iалашо.

Локшина: Оха президенте Медеведев хьажийна кехат, нийсса цхьа хIума дуьйцуш ду - накъост президент, шо гергга хьалха, хьоьца цхьанакхетар хиллера тхан. Ахьа тхуна дикка кхеташ ваIда динера. ГIуллакх муха ду аьлчи, вай цхьаний дийцина хилла зуламаш - уьш андий зуламаш хиларна хьо хьуо къера а хиллера - талла дезаш йолу ницкъаллийн структураша боху, шайга уьш талла ца ло. Хьо пачхьалкхан куьйгалхо ву. Оцу хьолана юкъа ца гIорта йиш яц хьан. Ахьа цхьаъ дийриг хиларе хьоьжуш ду тхо.

Маршо радио: Дукха хан ю Оьрсийчура бакъонашларъярхоша оьрсийн куьйгалхошка Нохчийчохь латточу къизаллех а, адамийн бакъонаш талхорах а лаьцна дуьйцу а, орца доху а. Амма хIинццалц схьа, оцу заламашна таллам байтина а, ницкъ болу инарла я куцьйгалхо даржера вохийна а, хилла хIума дац.
XS
SM
MD
LG