ТIекхочийла долу линкаш

Эрмалойн Геноцидан Хьокъехь долу Низам Юхадаьккхина Францехь


Франци -- Парижера Францин конституцин кхеташонан хIусам, 21Чилл2012

Франци -- Парижера Францин конституцин кхеташонан хIусам, 21Чилл2012

Ши бутт хьалха Францин парламенто а, цул тIаьхьа Сенато а тIеэцнера туркоша эрмлошна тIехь геноцид йина хилар харцдар зулам лору низам. И бахьана долуш Туркойчоьнан а, Францин а юкъаметтигаш дикка шелъеллера.


Ткъа хIинца Францин конституцин кхеташоно и низам бакъонца догIуш дац, аьлла, сацам бина. Цкъа хьалха шаьш тIе а эцна, цул тIаьхьа шаьш шеконе диллинера Францин парламентан а, сенатан а декъашхоша дахана бIешо долалуш туркоша эрмлошна тIехь геноцид ца йина бахар зуламе лоруш долу низам.

Дукхахболчу тергамхоша кху шеран Дечкен-баттахь Францерчу Iедалша и низам тIеэцар кхин цкъа а президент хила кечлуш волчу Саркози Николяс бинчу тIеIаткъамца дузура.

Хууш ма-хиллара, даханчу шарахь, ша Эрмлойчу вахана волуш, цо дош деллера, нагахь санна, туркоша шаьш эрмлошна тIехь геноцид йина хилар кхидIа а харцдахь, ша шен махкахь иза чIагIдеш болчу нахана гIуда туху низам юкъадоккхур ду, аьлла.

Ткъа иза, шен рогIехь, Саркозис Францехь беха бIеннаш эзарнаш эрмлой тIекхочучу президентан харжамашкахь шен агIор бахархьама дина лорура тергамхоша.

Мухха а далахь а, и низам францойн парламентан шинна а чоьнехь тIеийцира. Кхеташ ма-хиллара, и бахьана долуш шина пачхьалкхан, Туркойчоьнан а, Францин а юкъаметтигаш вуно чIогIа телхира.

Иштта, масала, туркоша Парижера шайн векал цIавигира, Францино и низам тIеэцарх дукха боккха экономикан мах лург хилар дIа а хьедеш. ЦхьамогIа шина пачхаьлкхана юкъара проекташ сацийра туркоша, ткъа иштта дерриг а дуьнентIехь а туркойн орамаш долчу наха Францерчу сурсаташна бойкот а кхайкхира.

Дукха хан ялале и низам тIеэцначу францойн сенатан а, парламентан а декъашхоша шаьш-шайн сацам меттигерчу Конституцица богIуш буй теша, аьлла, шеконаш яржийра, иза таллар меттигерачу лаккхарчу конституцин кхеташонна тIе а дуьллуш.

ХIинца эххар а конституцин кхеташоно шен жамI нахала даьккхина. Туркоша эрмлошна тIехь геноцид яр харц деш берш зуламхой ларар Францин конституцица догIуш дац, адамийн уггаре а коьртачех йолу, шена хетарг ала йолу бакъо хьошуш ду иза, аьлла.

Туркоша и сацам реза хиларца тIеэцна. Туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Давутоглу Ахьмада цу хьокхехь элира, и низам юхаэцаро шина пачхьалкхан юкъаметтигаш кхидIа кхион некъаш хилар гойту, аьлла.

Иштта цо билгалдаьккхира, кестта туркойн Iедалш лерина цхьанакхетар дIахьор ду, шаьш хьалхо Францица цхьаццайолу юкъаметтигаш гIелъярехь тIеэцна хилла сацамаш юхабахаран хьокъехь, аьлла.

Оцу юкъанна Францин президенто Саркози Николяс ша и низам керлачу кепе а дерзийна, юккъадоккхур ду, аьлла, дIахьедар дина. Цо дийцарехь, хIинцале а омра дина цо, геноцид яцареечарна гIуда тоха бакъо луш долу низам юхаязде, аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG