ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболан жамIашца йоьзна харцонаш лелийна нах лецна Австрехь а, Британехь а


Британехь а, Австрехь а даьржаш ду футболан ловзаран жамIашна тIехь манипуляцеш ярца доьзна долу дов.

Ловзаран жамIаш муха хир ду бохучунна шайхллаш а деш, ахчанех ловзуш йолчу спортан мафино, цIеяхханчу футболан клубийн ловзархошца берта а боьлхуш, доллучу дуьненна тIехь а талораш лелош хилла. Цу зуламашна декъа хиларна Австрехь лаьцначийн могIаршлахь цхьа нохчо а ву.

Британерчу полицино ялх стаг лаьцна, къайлах барт а бина, цара футболан ловзаран жамIашца бозбуанчалла лелорна шеконаш а кхоллаелла. Британин футболан чемпионатехь дIадаьхьначу ловзаршкахь лелийна ларалуш ду цара и зуламаш. Лаьцначарна юккъехь кхоъ футболхо а ву, ткъа вуьш берш тотализаторшкахь ахчанах ловзуш болчийн тобанашкара нах бу.

И ялх стаг лацале британхойн девзаш долчу Daily Telegraph газетин белхахоша журналистийн таллам дIабаьхьнера, дуьненаюкъарчу футболан тотализаторех ловзучу синдикатан декъашхоша лелочу талорех лаьцна.

Журналисташна гучудаларехь, цу синдикатан векал лерина Манчестере веана хиллера, меттигерачу футболахловзархошца рогIерачу пачхьалкхан чемпионатехь шаьшна оьшучу кепара голаш еттаран я ца етташ сацаран гIуллакх дийцаре дан. Шаьш бохучу агIор ловзарна манипуляци йинчу футболхочунна цуо 80 эзар доллар ахча луш хиллера.

Иштта кху деношкахь Австрехь а яьржаш ю футболан ловзаршна гуонахь низамца доцу бозбуанчалаш лелорца йоьзна йолу гIовгIа. Ши кIира хьалха гIарделира, Австрин къоман футболан тобанна юккъехь ловзуш волчу Табога Доминикера шантажца а, кхерамаш тийсарца а футболан мафи ахчанаш даха гIиртина хиллийла.

Цуо и гIуллакх полице дIадийцинера. Оцу сохьта лецира Iедалхоша цул тIаьхьа масех стаг, шайна юккъехь вевзаш волу Австрера футболхо, иштта Австрин къоман футболан тобанна юккъехь ловзуш хилла волу Кулжич Санел а волуш. Полицино гур хIоттийна хиллера цунна, Табогас цунна шегара мафино доьхуш долу ахча дIалучуха цуьнца цхьанакхетар а дина, и ахча дIакховдочу хенахь лаца а лаьцна.

ТIаьхьуо бинчу талламашкахь гучуделира, цу зуламхойн тобанна юккъехь хиларна шеконаца лийцинчу цхьа могIа футболхошний, тотализаторх ловзучийн могIаршлахь цхьа нохчо а хилла хилар. Полицино зорбане баьхначу смс-хаамашкахь гуш ду, Сулим цIе йолчу цу жимчу стага футболхочуьнга яздеш долу кхерамш тийсаран йозанаш. Иштта ша футболхо Табога а тIекхайкхира цу хIинца набахтехь волчу нохчочунна, иза цкъа мацах шеца къоман футболхойн тобанехь ловзуш хилла волчу шен коллега Куличца цхьаьна шегара 87 эзар евро даккха гIерташ вара, аьлла.

Бакъду, кху деношкахь полицерачу хьостанашна тIе а тевжаш, меттигерачу журналисташа бинчу талламаша гойту, ша полицига арз дина волу футболхо Табога а башха бехк боцу Iахар ца хиллийла. Цуо дакъалаьцначу ловзаршна терго ян буьйлабеллачу Iедалхошна гучудаьлла, мел кIезга масех ловзарехь иза вуно шеконе лелла хилар а, тIаьхьарчу сезонехь ша дакъа лаьцначу I4 ловзарехь цуо цхьаъ бен гол тоьхна ца хилар а.
XS
SM
MD
LG