ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIех хьал долчу 300 стеган хьал-бахам кхин а стамбелла


Дуьне -- Уггаре а кху дуьнентIехь хьал-бахам болу кхо стаг. Ортеге, Гейтс, Слим, 2013
Дуьне -- Уггаре а кху дуьнентIехь хьал-бахам болу кхо стаг. Ортеге, Гейтс, Слим, 2013

Кху дуьнентIехь вехачу 300 тIех хьолахочуьнан бахам стамбелла цхьаъ ах триллон долларна. Цуьнах лаьцна хаам бо Iамеркерчу Bloomberg-агенталло.

ТIех хьал долчу 300 стеган бахам кхин а стамбелла. 2013-чу шарахь цара шайн долчу ахчанна тIедаьккхинарг ду 524 миллиард доллар. Bloomberg-агенталло бинчу хаамца, даханчу шеран ГIура-беттан 31-чу дийнахь динчу жамIашца цу 300 хьолахочуьнан хилла 3 триллон 700 миллиард доллар.

Цу агенталлан говзанчаш дийцарехь, стохка уггаре а тIе са йолуш долу экономикан дакъош хилла лаккхарчу технологешца доьзнарш. Bloomberg-агенталло хIоттийначу рейтингаца кху дуьнентIехь уггаре а хьал долуш волчу 300 стагах 70-нна бен финансийн эшам ца хилла 2013-чу шарахь.

Уггаре а кху дуьнентIехь хаьл долу стаг хьалха санна висина Microsoft кхоьллина волу цу компанин директорийн кхеташонан гIантда Гейтс Билл. И уггаре а хьал долчу стеган цIе цо юхаерзийра шена стохка Стигалкъекъа-баттахь.

Цуьнан бахам стамбелла 15 миллиард 800 миллион долларна. ХIинца цуьнан ду 78 миллиард 500 миллион доллар. Гейтс хьал кхин а алсам даларан бахьана ду даханчу шарахь Microsoft-ан акцеш 30 сов процентана язйелла хилар. Цул сов, механа дазделла кхин долу а цуьнан мехала кехаташ.

Bloomberg-агенталлан рейтингехь шолагIчу меттехь ву Мексикера хьолада-магнат Слим Карлос. Цуьнан чоьташ тIехь ду 73 миллард доллар. Дахана шо дIоггара дика дацара цу стагана. Уггаре а хьал долу стаг волчура дIавелира Слим 2013-чу шарахь. Цул сов, цуьнан дайра цхьа миллиард 400 миллион доллар.

КхолагIчу меттехь ву уггаре а Испанехь хьал долу стаг, Inditex цIе йолу йохка-эцаран импери кхоьллина волу Ортеге Амансио. Цуьнан бахаман барам бу 66 миллиард 400 миллион доллар. Даханчу шарахь Ортеген аьтто белира 9 миллиард доллар даккха.

Оьрсийчура миллиардерех, Bloomberg-агенталлан эксперташа чIагIдарехь, стохка уггаре а кхиаме хилла «Магнит» цIе йолчу йохка-эцаран машан долахойх цхьаъ волу Галицкий Сергей. Цуьнан бахам стамбелла 5 миллиард 300 миллион долларна. ХIинца Галицкий бахам лоруш бу 13 миллиард 800 миллион доллар.

Ткъа уггаре а хьал долу Оьрсийчоьнан вахархо ву бизнесхо Усманов Алишер. Цо стохка даьккхина цхьа миллиард 300 миллион доллар. ХIинца цуьнан ду 20 миллиард гергга доллар ахча.
XS
SM
MD
LG