ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жим-жима меттайогIуш ю лелхийтарш лайна Бостон


Iамерка -- Бостон, Boylston Street - урам, марафонехь лелхийтарш дина 8 де даьллачул тIаьхьа, 23Охан2013
Iамерка -- Бостон, Boylston Street - урам, марафонехь лелхийтарш дина 8 де даьллачул тIаьхьа, 23Охан2013

Лелхийтарш дина 8 де даьллачул тIаьхьа шен хьалха хиллачу дахаре юхайоьрзуш ю Бостон. Урамаш дIадаьстина, амма хIинца а эчиган керт а йина лаьтташ ю бохам хилла меттиг.

Кхо стаг а вуьш, 280 сов стаганна чевнаш а еш терроран тIелатар динчул тIаьхьа метта йогIуш ю Бостон. Цу хиламо инзаре яьккхина ю гIала. Маршо Радион корреспондент тIехь волчу таксина урхалла дечу стагана моттара терроризман тIелатарш массанхьа а дина.

Шинарийн дийнахь машенаш лелайолаелла Boylston Street олучу урамехула. Амма уллехь лелхийтарш хилла болу некъ хIинца а къевлина бу. Цигаш лелаш яц машенаш а, гIашлой а. Iуьйрана, йоьссина дохк а йолуш, гIалара урамаш къаьсттина даьсса хета.

Ресторанаша а, кхин йолчу а кхачанан хIусамаша арахь стоьлаш хIиттийна, амма царна гонах хоьвшина нах бац, ткъа вилспеташ, меттах а яхаза, догIанаш а тоьхна, лаьтташ ю.

Бостонна тамашийна сурт ду хIара бохуш, дуьйцу цу гIаларчу яхархочо Маккарти Эллена. Iуьйранна лелхийтарш динчу метте а яхана еана ю иза.

Маккарти Эллен: «Цхьа тамашийна сингаттаме ду кхузахь волавелла лела, хIунда аьлча кху урамехь даиман а дукха нах хилара, дийнахь дуккхазза а дIасалелара тхо кхузахь, тхаьш садоIучу хенахь а, вуьшта а.

Со John Hancock олучу финансийн компанехь болх беш ю. Иза марафонна гIо деш йолчарах уггаре а йоккха кампани яра. Дукха а нах бу тхуна юкъахь цу хиламо Iаткъам бина. Масийтта сан белхан накъост чевнаш йина ву. Тхо хIора денна догIу кхуза, и бохам дагабаийта а, беллачеран сий деш, уьш дагалаца а».

Маккартис бахарехь тIелатар динчул тIаьхьа къевлина долу урамаш дуьзна дара къайн хIуманаш йоьхначу, таллам беш хиллачу нахах. ХIинца дерриг а шен метта хIуттуш ду бохуш дуьйцу цо.

Маккарти Эллен: «Кхузахула машенахь чекхвала йиш яцара, кху урамехула машенахь дIасавахар дихкина дара селхана а, кху тIаьхьарчу масийтта дийнахь а. Амма хIумма а дац. ХIинца хIара некъ схьабиллина. ХIара меттиг къевлина яра, хIинца шен метта дIанислуш ду дерриг а. Амма дерриг а цхьа тамашийна хIума хетара хIара меттигаш юха а дIаястталц».

Джима дийцарехь иза цIахь вара лелхийтарш хуьлучу дийнахь. Цунна хезира уьш. Цкъа дуьххьара кирадIасалело машенан бак иккхина моьттуш вара ша бохуш вара Джим. Амма цунна аьттехьа а дагадеанера лелхийтар ъилла бохург.

Эллена санна, Джима а бах кху деношкахь ша мосуьйттоза вахана бохам хиллачу метте. ГIала метта йогIуш ю аьлла, хетий хьуна аьлла, шега хаттар дича Джима элира.

Джим: «Жима-тIама иза хуьлуш ду аьлла хета суна. Амма ала мегар ду, массо а цхьа хIума нийса доцуш санна хеташ ву аьлла. Хьан ойла кхечу хIуман тIе яхча, хьуна кхузехула богIуш гIашлой а, йохка-эцар дIадоьдуш а гича, хьуна хийцамаш хилла го. Ткъа, хаза хенахIоттам а хьоттина, Iалам деладелча кхин а алсам адамаш дахка мега кхуза».

ГIаларчу едалша хIинца а хаам ца бина лелхийтарш дина зона схьа маца йоьллур ю. Дерриг а дуьнентIехь санна кху гIалахь хаалуш ду бохам дукха хан йоццуш хилла хилар.

ГIаларчу автобусаш, даиман а луш йолчу маршрутан информацина тIетоьхна «Бостон доьналла долуш ю». Цу тайппа Бостон гIала а, цуьнан бахархой а хетош йозанаш ду керташна а, почтан яьшканашна а тIехь.

Цхьайолчу Бостонан кIошташкахь алсам полицин белхахой бу, мотораш болх беш а йолуш машенашкахь ладоьгIуш лаьтташ.

Оршот дийнахь тIелатар дина цхьа кIира даьлча тийналлин минот хилира ерриг а гIалахь. Туьканийн долахоша дехар дира нахе бист а ца хуьлуш совцахьра аьлла. Адамаш ара довлуш цхьана дIахIиттара цу минотехь белларш дагалоцуш. Маккартис иза чIогIа дог ойуш хIума дара бах.
XS
SM
MD
LG