ТIекхочийла долу линкаш

ГIо хуьлий шуна Нохчийчура лоьрашкара? Теший шу цара хьоьхучу дарбанех?


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, Беран могашалле хьожуш бу лоьраш, 28ГIад2013

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, Беран могашалле хьожуш бу лоьраш, 28ГIад2013

Нохчийчохь лоьрийн колледжехь харц сертификаташ луш хилла лоьрийн говзалла йоцучу нахана. Говзалла йоцучу лоьраша нехан могашалла галъяккхина меттигаш а ю республикехь.

Цу хьокъехь ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. ХIун гIо хуьлу шуна могаш доцуш хилча лоьрашкара. Шу теший цара хьоьхучу дарбанех?
Иштта хир ду кху кIиран хаттар. Шайна хетарг олуш, тхоьца зIене довла Прагерчу телефонехула: +420 7 24 02 98 32.
СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 92 62 36 04 65.
Хаттаран хьокъехь яздан, комменташ йита а йиш ю тхан сайта тIехь.
Хаттарна делла жоьпаш девзар ду шуна еарин дийнахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG