ТIекхочийла долу линкаш

ГIура Дадин метта - пурстоп


Нохчийчоь -- ГIура Дадин духар доьхна стаг ву Соьлж-ГIалахь туьранийн цIерпош тIехь бераш хоьхкуш. (2010)

Нохчийчоь -- ГIура Дадин духар доьхна стаг ву Соьлж-ГIалахь туьранийн цIерпош тIехь бераш хоьхкуш. (2010)

Керла шарца доьхзначу мукъачу деношкахь садаIа йиш хира йолчух тера дац Нохчийчурчу кхелийн пурстоьпийн. Декхарш а, гIуданаш а схьагулдан арабевлла уьш кху деношкахь.

Кхелан пурстопийн урхаллера болчу хаамашца, хIара шо чекхдалале, берашна совгIаташ дан вогIучу ГIура дадийн меттан богIура бу, гIуда дIадеха Iедалхой. Дисинчу хIокху иттехь дийнахь, цара чIагIбина и болх. Шортта, декхар тIехьарчийна берш а, гIуданаш хьерчийнарш а бу Нохчийчохь.

Цаьрца дийна шарахь латтийна болу къийсам, гарехь, жамIаш дахьаш ца баьлла дIа. ХIинца, кхин гIоле хIума ца карийна, ша, керлачу шеран йоххьехь, нахана во кхаъ бахьаш неIарга хIиттар бен. Башхалла а яц, хьан гIуда бIе туьма далахь а, я 100 туьма далахь а.

Маршо Радион корреспонденте а, низамехь ма хуьллу лелачуьнна, Iуьйран цIа телефон а тоьхна, хаам бира, долчу гIуданах а, иза дIадала дезаш хиларх а. Дийцарехь, низамашкахь, хийцамаш а хилчух тера ду. 10 туьма декхар долу стаг, Оьрсийчоьнан дозаналла хьов, ша вехачу мехкан дозаналла а аравала йиша хира яц, бохуш, кхерамаш тийсира кхелан пурстопан урхаллехь.

Кхелан пурстоп: «Рейдаш-м яц еш, амма, гIуданаш дол-долчухулла уьш схьагулдеш лелаш-м бу. И рейдаш ца йича йиша юй церан? Кхузарчу тхан базехь хьо валахь, хьуна дозаналла араволу паспорт а лура дац хьуна. Кхузара справка ма езий хьуна. Нальчике воьдуш хилча а бала хуьлу хьуна, тхан базехь валахь».

Корреспондент: «Ас итт туьма гIуда дIацаделча, Оьрсийоьнан дозаналла ара а волуьйтура вац со?».

Кхелан пурстоп: «Тхан базехь хьо валахь, хьуна таможнехь талламаш бийра бу. Хьуна тамаш хетахь, гIой хьажахь тIаккха. Хьо чекхавалийта а мега. Хьанна хаа? Атта дац, кхуза схьа а веан, дIадала дезаш дерг дIа а делла, справка а яьккхина дIавахча? Юхаберзийна нах а бу шортта. Паспорташ ца луш а бу. Юхберзийна а бу. Юх ца берзабайта, 5 эзар гIуда дIатекхнарш а бу".

Кхелан пурстопаллехь а, ша дерг дац башха дика. ХIокху шарахь, аьхка, талламаш бича, къаьстина, некъа низамаш дохийначу машенашлелархошна тоьхна долу 12 эзар гIуда дайнийла. Иза, кIезга ахча дац. 10 туьма гIуда, атта тухуш а дац, керлачу низамашца.

Новкъахь лаьттачу автоинспекторо, дехар дича, план кхочуш ян езаш вара со, хьайн цхьа 10 туьма гIуда яздайтахь аьлча, наггахь воцу шофер бен доьхьала ца волу. Ткъа, 12 эзар гIуданаш долу и кхелан кехаташ, даккхийчу ахчанех хIоьттина ду.

Нахера ахча а, гIуданаш а, схьаоьцучу балха вахар, дукха дика баьлла аьтто лоруш бу Нохчийчохь. Шо хьалха, газах ахчанаш схьаийдеш болу контролераш гучбоьвлера, хьарамлонаш лелийна. Шайга схьаделла долу ахча, 5-6 бIе туьманаш, шай кисанашка дахийтинера массийта стага.

Уьш телехьожийлашкахь гайта а гойтуш, емал бира, Iедалан агIор таIзарш а дира. Ткъа, стохка, РКЦ олучу, нахера коммунала хьаштех ахча схьаоьцучу хьукмато, и ахча масла, «Нурэнерго» олучу урхалле дIа ца кхачийнера.

Масала, талламан гIуллакхехь дуьйцуш ду иштта: «Къасто аьтто ца баьллачу, муьлуш бу ца хиинчу наха, банкан счет тIера, 300 миллион сом, кхечу мете дехьдаьхна». Гарехь, куьйга бехке берш гучу а ца бевлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG