ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коммуналан декхарш схьадохуш Iаткъам бан болийна Нохчийчохь


Нохчийчоь - Iедалша газах а, тоьках а ахча схьадоьхуш кехаташ хьовсийна бахархошка, Соьлж-ГIала, 2013
Нохчийчоь - Iедалша газах а, тоьках а ахча схьадоьхуш кехаташ хьовсийна бахархошка, Соьлж-ГIала, 2013

Нохчийчохь цхьана эшшара чIагIам бинчу ражехь дIахьош бу Iедалша шайна цхьацца коммуналан хьаштех пайда эцна аьлла декхар болчу нахаца къийсам. Соьлж-ГIалин мэрино, масала, шен белхахой арабаьхна, коммуналан декхар долчу наха суьдашка ийзоран кхерамаш тийсийта.

Экономикехь Iаламат кхиамаш баьхначу Нохчийчохь забарш йоьйтуш яц бахархошка, Iедалшна ахчан декхарш церан далахь. Оьрсийчохь массанхьачулла, лакхара ду Нохчийчохь ял яккхар а, коммуналан ахчанаш гулдар а.

Коммуналан ахча дIаделла аьлла кехатан тоьшалла дацахь Iедалан белхахошна алап а ца ло, ян цхьана тайпа справкаш а ца язйо. Гарехь, Нохчийчоьнан бюджетан доккхах долу дакъа ду нахера гулдечу оцу ахчанех.

Къаьстина жигара болх беш бу, бахархошкара ахчанаш схьадахар тIехь Соьлжа-гIалин мэрин белхахой. ТIаьххьара цигахь бинчу сацамца, пхи эзар соьмал сов даьлла долу декхар, схьадоьхуш шай белхахойн тобанаш араяхна. ГIаларчу петаршкахула а, долахь долчу цIеношкахула а лелаш бу уьш хIинца, мэрина дала дезаш долу ахча дагдоуьйтуш.

Гарехь, цхьана баттахь а, ахчанна хьем бича могуьйтура долуш дац. Кхелехула къастор ду бохуш кхерамаш туьйсу, массу а хIумнах кхера Iаьмчу нахана. Падам цIе йолу зуда Соьлжа-гIалахь ехаш ю, ша цхьана петар чохь. Ша хIора баттахь цара хIоттина долу ахча дIалуш долушшехь, шен неIаьрга а баьхкира мэрийн белхахой элира цо.

Падам: «Сийсара баьхкинера уьш тхо долчу. Нехаш дIа а кхоьссина, чуйогIучу суна гира уьш. Суна тIехь декхар дацара, цхьа дика. Со тIейирзира царна, ворхI баттахь йовхо латтош ю аьлла ахчанаш хIунда доху аша аьлла. Хьал дика доцучарна тIеяздо шаьш и ахча, элира цо. Царах ахча дала нехан хIун гIуллакх ду, Iедалийн иза шоррта хилча? Цхьана а меттехь ма дац, ворхI баттахь йовхо луш ю бохург».

Тахана хьоьгахь ахча хилча а, иза дIадала а боккха бала бу. Тоьках цхьанахь дала деза, газах кхечанхьа дала деза, ткъа, коммунала бохучуьнах, цу юккъе догIу, нехаш дIаяхьар а, арахь нуй хаькхар а, петарш чохь йолу гIишло цIена латтор а, дIадала воно хала ду, нах дукха болуш. ДIалучу ахчанна барамехь дац, Iедалша латтош долу коммунала и хьелаш, аьлла кхин дIа а дуьйцу Падам цIе йолчу Соьлжа-гIаларчу яхархочо.

Падам: «ЦIенна ТО яр олуш долу цхьа хIума ду цигахь цара шаьш деш ду бохуш. Цхьанн\а а тайпа хьовсуш бац уьш цIеношка, амма оьцуш ахча ду. Пхеа шарахь басар хьокху, амма иза шолгIачу дийнахь гучудолу шен кхачамбацаршцаний цхьана. Нехан а таронаш яц, белхаш ца хилча».

Ахча дIадала аьтто боцучарна, Iедалша бина цхьа аьтто бу. Цо ша дIало иза. Амма и кехаташ кечдинчарна а даийтина кехаташ декхар ду хьуна тIехь аьлла, бохуш дуьйцу Падам цIе йолчу зудчо.

Падам: «Хьаьнга луьйш бара ца хаа суна, хьалхарчу гIат тIехь ехачу зудчо бохур ша субсиди оьцуш ю. Иза иштта йоллушехь, цунна тIе яздина дуккха а ахча ду. Субсиди оьцуш ши шо доллушехь, тарифашца ма доггIу ахчанаш тIеяздина цунна. ХIинца кхелашкахула лелаш ю иза».

Тахана мэрийн белхахой коммуналан ахчанаш схьагулдеш берш, шайла тIехбевлча доккха са доккху бахархоша. Ткъа уьш неIарга хIотта безаш болу цхьаберш кхоьру царах, шаьш кхера Iаьмма а, Iамийна а болун дела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG