ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь алсамдаьлла хаалуш боцучу тIемалойн агIончаш лецар


Нохчийчоь-- Серноводск. Эккхийтар дина меттиг толлуш бу полицин белхахой а, талламхой а. Гезг.16, 2013

Нохчийчоь-- Серноводск. Эккхийтар дина меттиг толлуш бу полицин белхахой а, талламхой а. Гезг.16, 2013

ГIаттамхошна гIо дина нах лацар биста кхаччалц тIеман битамаш болу хиламаш тергалло тIаьхьарчу хенахь кест-кеста Нохчийчохь.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хьостано даре дарца, хIара тов бецан бутт карабеъчахьана тIемалойн агIончаш лецар марсадаьлла Нохчийчохь. Цхьаьнаметта ши вахархо лаьцна ТIехьа-Мартанан кIоштан Котар юьртара. 20 шо долуш цхьаIIий, 31 шо долуш шолгIанаггий.

Полисхоша цаьрга кховдийначу бехкаца цу шимма тIемалошкара 10 эзар сом ахча схьа а эцна, оттул дакъийна жижиг а тIехь, кхачанан сурсаташ дIакхачийна цара билгалйинчу метте. Зераш динчу талламхоша бахарехь цу кепара даа хIума цу шимма шозза эцца.

Мацах цкъа гIаттамхошна орцах яьлла лелла аьлла.кху деношкахь 53 шо долу зуда лаьцна кху деношкахь ШоьтIа кIоштан Нохч-Кхелан юьртара а. Полисхойн урхалло хааме даккхарца 2004-2008 –чуй шерашкахь герзаца дуьхьало ечеран юург-мерг а латтош аьтто бина зуда-ламанхочо. Iедалан хьостано гIардаккхарехь цо мукIарло дина шегара ишта ледарло яьлла аьлла. Шен хьокъехь беш болу талламийн цхьа цхьалхо яллалц цунна дихкина ду пурба доцуш махках яла.

Цу тIехь кхачалуш дац кху баттахь лецначийн терахь. Иттех де хьалха Соьлжа гIалахь 26 долу жима стаг лаьцнера Хьалха Мартанан кIоштера. Официалан дийцарехь, кху шеран, хIинцца чекхбевллачу стигал къекъачу а, мангалан а беттанашкахь юучуьнца, молчуьнца гIо дина а цо тIемалойн цхьана тобанна. Талламхоша хааме доккхуш дац, мича хьун-лаьмнашкахь хьульелла и хIун тоба хилла а, цуьнан баьчча мила хилла а. Низамхойн хьостано дуьйцург бух болуш делахь цо а къаро йина шегара цу кепара гIалат даларх.

Нохчийчохь лоьцуш берш боцуш, наг-наггахь лоций махка кхачабо дозанал арабевлларш а. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло шайн кхиам санна туьдуш хIума ду Интерпол олу дуьненан юкъарчу полисхойн урхаллин гIоьнца, ведда къайлаваьлла, Словаки пачхьалкхера Чентиев Анзор лаьцна схьавалавар.

Талламхоша цунна тIебиллинчу бехкаца, цо 13 шо хьалха, шен накъосташца цхьаьна, Соьлжа гIалахь Абухов а, Суворов а урамаш морзах довлучохь, кIелонгара герз а тоьхна, шиъ полисхо вийна. ХIетахь дуьйна а лехаме велла хилла Чентиев Анзор. Цхьаболчу адамийн бакъонашларьярхошна хетарехь Оьрсийчу схьа ца валавайта цо Евросуьде а, Словакин пачхьалкхан Iедале а дина арз –леткъамаш бух болуш ца лерина цигарчу кхелахоша а,Iедалдайша а.

Кху беттан шина кIиранчохь нисделла, хьахийна а, хьахонза а дисна лецарш доцуш, лело бакъо йоцу герз схьадаьккхина меттигаш а ю Нохчийчохь. Шелан кIоштан Мескер юрт юххехь цуьнан леларх, шекбевлла сацийначу вахархочуьнгахь, иччаорхочун винтовкина а, масачу тоьпана а мегаш патармаш гучудевлла полисхошна. Уьш стенна, мичара аьлла зераш ду цуьнан хьокъехь дIахьуш. Жимма хьалхо герзан къайленаш карийна а ду масалш.

Хууш ма-хиллара кху тIаьхьарчу хенахь вер-ваккхарш а нисделла махкахь масийтта. Байначу беттан 22-чу дийнахь, гуш бахьна а доцуш, тешнабехкаца полисхо Допаев Ахьмад вийначул тIаьхьа, ницкъаллин структураша дийна каравало а ца гIуртуш, герзаца дуьхьало йинера бохуш, кхоъ жима стаг вийна – шиъ Хьалха-Мартанан кIоштехь а, цхьаъ Соьлжа-гIалахь а.

XS
SM
MD
LG