ТIекхочийла долу линкаш

Къона турпалхо лоьхуш бу орцанхой Къоьзан-Iома чохь


Къоьзан-Iам, 2012.

Къоьзан-Iам, 2012.

Къоьзан-Iам чу а вахана, жима стаг Гулаев ЖовхIар велла Нохчийчохь. И бохам хилла делкъхенахь. Цигахь нах луьйчуш хьоьжуш тергамхой хиллехьара и бохам ца хила а мегара аьлла, дагахь баллам бисина и сурт гинчу нахана.

ЧIебарлойн кIоштахь, Къоьзан-Iам тахана уггаре а гIараяьлла меттиг ю. Гергарчу хенахь кхечу пачхьалкхашкара а, Оьрсийчуьра а туристаш тIеэца кечйеш а ю меттиг. Иза маца хир ду хууш дац. Амма республикан массо а маьIIера ала мегар долуш нах оьху цига садаIа. Ткъа хи чохь луьйчуш болчу цу нехан кхерамазалла ларйеш яц.

Иза гойту Гулаев ЖовхIаран кхолламо.

XS
SM
MD
LG