ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненчохь бехачу нахах ах а бац шаьш бехачу пачхьалкхашкахь шаьш ирсе хеташ


Оьрсийчоь -- Махках бовла долу бахьанаш (Gallup)

Оьрсийчоь -- Махках бовла долу бахьанаш (Gallup)

ХIун оьшу нахана шаьш бехачу мехкашкахь ирсе хила? Цу хаттарна жоп лоьхучу дуьненаюкъарчу Gallup цIе йолчу талламийн агенталло хеттамаш дIабаьхьира 65 пачхьалкхехь, 70 эзар стаго дакъалоцу талламехь. Гучудаьлларг – итт а стагах виъ бен вац ша вехачу махкахь шен Iер-дахарна реза.

Уггаре а дуьненан бахархошна Iер-вахарна аьхна хир яра-кх аьлла хеташ йолу пачхьалкхе Цхьанатоьхна Штаташ ю. Цигахь шаьш ирсе хир дара аьлла хета хеттамашкахь дакъалоцуш хиллачу адамийн 9 процентана. Цул тIаьхьа йогIуш ю Канадий, Австралий. Европа а яц кхин тIаьхьаюьссуш – Швейцарий, Германий, Франций, Британий, Италий а лору дуккхаъчу наха шайна ирс карон йиш йолу гIайренаш.

Хеттамашкахь дакъалаьцначу Оьрсийчоьнан бахархоша шаьшна баха луучу пачхьалкхашна юккъехь хьалхарчу меттехь Цхьанатоьхна Штаташ хьахайора. Политикан куьйгалло а, меттигерачу официала идеологин векалша а мел къахьегарх, Къилбасела Iамерка оьрсашна гам ян гIерташ а, мостагIчун вастехь гайта гIерташ а, амма могIарерачу Оьрсийчоьнан бахархойн сатийсам хилла лаьтташ ю пачхьалкхе.

Эзарнаш нохчаша шайн керла даймохк хаьржина йолу, ткъа кхин а эзарнаша цига кхача сатуьйсу Германи а ю дуьненан бахархошна уггаре а аьхна хир яра-кх аьлла хетачу меттигашна юккъехь. Хеттамашкахь дакъалаьцначарна шаьш цигахь ирсе хир бара аьлла хета.

Тамашийнарг ду, Германин шен бахархой-м кхин башха шайга кхаьчнарг Делан дика ду аьлла хеташ ца хилар. Немцойн дуккхаъчу дикчу амалшна юккъехь цхьаъ, шеко а йоцуш, вуон амал ю – даима а охьакедаш хилар, мел пайда боцуш хеталучу хIуманна тIехула а латкъамаш бар, дуьне цхьа тамашийначу таьIначу басаршкахь гар.

Нагахь санна немцойн коьртачу шахьарахь Берлинехь и догцадагIар, я даима а охьакедаш хилар хенан хIоттамашца мелла а бакъбан а, даима а аьлча санна мокхачу стигалца а, оьхучу зарзийца а кхетабан гIорта йиш елахь, ца кхеташ дуьссу, цу махкахь уггаре а маьлхе а, гIолехьа хенан хIоттам хуьлуш а, цул совнаха уггаре а тароне а гIаланаш ларалуш йолчу МайнтIерачу Франкфуртехь а, Дармштадтехь а, Мюнхенехь а адамаш иштта леткъаме а, дог ца догIуш а хилар.

Маршо радион корреспонденто цу гIаланашкахь еххачу хенахь бинчу тергамашца, меттигерачу бахархойн коьртачех амал, малх кхеттехь а, алапа лакхадаькхнехь а, бIаьсте яьллехь а, массо а хIума, гарехь, дика делахь а – даима а цхьа, мел пайдабоцу хилла а, вуон хIума карор, цунна тIаккха латкъамаш бар яра. Вевзаш волчу немцойн шайн поэта аьлла долу дешнаш : „Халонаш ца гинарг хуьлу уггаре а дукхахвоьлхург“ бохуш долу дага а доуьйтуш.

Кхин хьал ду цу махкахь баха хевшинчу вайнахехь. Цкъа а шайн дахарехь Iедалера кхерамий, харцой, гIелой бен, кхин дика ган ца Iеминчу царна мел кIеззиг а хIума тоьу, ирсе хила а, шайгарчу хьолана реза хила а. Ур-аттала цу махкахь баха бакъо хIинца а схьаелла а йоцуш, мухIажарийн лагершкахь а, юкъараIойлашкахь а бехачу нохчашна а хета шаьш ирсе- Iедалхой шайн тIе ца чехарна, мин-минотехь паспорт схьагайта бохуш полисхой ца хиларна, болх бан аьтто боцушехь, Iедало гIо дарна я дIадала ахча доццушехь шаьшна чохь Iе петарш яларна.

Берлинерачу цхьана мухIажарийн кхерчахь ехаш йолчу Залинас, масала, иштта дийцира Маршо радионе шен хиллачу а, карарчу а дахарах лаьцна.

Залина: „Со кхуза схьаена бутт бу. ХIуммаъ дохко а ца яьлла со схьаярна. Мелхуо а, суо хьалхехь кхуза схаьеъна ца хиларна дохкояьлла ю со. ЦIахь болх бац, ваха-ван маршо яц. Со университетехь доьшуш йолчу хенахь сан ненан суна даима а сагатдан дезара, йоьдуш-йогIуш цхьаъ коча ма вагIахьара бохуш. Цул тIаьхьа балха яха гIертачу хенахь а иштта сагатдан дезара...“


Шен кадаьллачу мIаьргонехь Европе схьаян сатессина Iаш ю Соьлжа-гIалин яхархо Сатабаева Марет. Лоьрийн болх беш йолчу цунна шена бIаьргашца гина, Европе ша яхана йолуш, цигахь лоьрийн дахар а, белхан хьелаш а, алапаш а муха ду а. Соьлжа-гIалахь ша оьцучу алапийца дусту цуо и хьал тIаккха.

Сатабаева Марет: „ Кхузахь цхьаьна лоьрийн цIийнахь 5000 сом ду сан алапа, ткъа сан 5 бер ду. Цу ахчанах соьга и бераш ца кхабало. Цигахь Европехь болх беш болу нохчийн лоьраш бевза суна, хаза дика алапа а долуш, Iаш бу уьш, суна баттахь оццул бен ахча ца ло аьлча, цец а буьйлуш“.

Цхьаццаболчу хаамашца, дийнахь, мел кIезга а, 50-60 стаг яра волу Нохчийчуьра, Европерачу пачхьалкхашка боьдуш болу некъ юьхьар а лоций. Шен цIе яккха ца лиъначу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь миграцийн урхаллин белхахочуо Маршо радиога дийцарехь, карарчу хенахь 60 эзар сов стаго чуделла лаьтташ ду дозанал арахь лелош долу паспорташ кечдан кехаташ.

Цу нехан доккхох долу дакъа а, шайн ка ма даьллехь, махкара бовда кечлуш ду. Бакъду, цу уьдучийн терахь данне лахдала ца тикча, меттигерчу Iедало дозанал арахь лелош долу паспорташ даларан некъаш мелла а чолхе даьхна, бохуш дийцира цу хьостано. Амма ДегIастанара дIаоьхурш и бахьана долуш лахбелла бац, цара луларчу ГIалгIайчохь, ГIебарта-Балкарехь а цхьана ханна регистраци а йой, цигахь доху шайна оьшуш долу кехаташ.

Дуьненаюкъарчу талламийн Gallup агенталло дIабаьхьанчу хеттамаша гайтира, шайн махкахь шайн дахар ирс доцуш хетачийн уггаре а лакхара терахь ОвхIанехь гучудаьлла хилар. Нохчийчохь цара и шайн таллам бина хиллехь, и жамI кхечу агIор нисдала а сахьт дацара церан.
XS
SM
MD
LG