ТIекхочийла долу линкаш

Германин аьтто бац тIех сов мухIажираш тIеэца


Германи -- Оьрсийчура махIажираш бу Eisenhuettenstadt гIалахь, Марс17, 2013

Германи -- Оьрсийчура махIажираш бу Eisenhuettenstadt гIалахь, Марс17, 2013

МухIажаршна немцойн урхалло деш долу зенаш царех тIаьхьалонца болучу пайданал алсамох ду аьлла хета Германерчу тергамхошна.

Германин Iедалша мухIажаршна еш йолу харжаш езох ю я шерашца цу мухIажарех немцойн пачхьалкхана хуьлуш болу пайда мехалох бу – цу кепара дискуссеш ю Европехь уггаре а таронечех а, нуьцкъалчех а пачхьалкхехь карарчу хенахь дIайоьлхуш. Лахьан бутт бовш немцойн Бертельсманан цIарахчу фондо зорбане даьхнера шаьш бинчу талламийн жамIаш. Цу талламаша гайтарехь, 20I2-чу шарахь Германехь бехачу мигранташа 22 миллиард еврона са йинера цу пачхьалкхана.

Хаамийн гIирсашкахь а, юкъараллехь вуно IалагIож яьккхинчу цу талламийн жамIаш хIинца дацаре дина цхьана кхечу немцойн талламийн институто. Ifo цIе йолчу немцойн экономикан талламийн институтан куьйгалхочуо Зинн Ханс-Вернера немцойн тIеIаткъамечу Frankfurter Allgemeine Zeitung газетехь ша язйинчу артиклехь чIагIдо, хIора а мухIажарх Германин урхаллийна цхьаьна шарчохь хуьлуш долу зе I800 евро ду, пайда-м тешна а ца хуьлура царах аьлла.

Зинн Ханс-Вернера дийцарехь, мел мухIажарш тIаьхьалонца болх бахь а, Iедална пайда бахьахь а, царна пособешца а, петаршца уьш Iалашбарца а Iедало еш йолу харж дуккхаъ алсамох ю. Цундела иммиграцех долу немцойн низамаш кхин дIа а чIагIдан деза бохучийн аьзнашна тIетевжина аналист. Цунна хетарехь, тIейогIучу хенахь политикан я гуманитаран тховкIело хьан-хьанна а ца луш, Iедало тидаме эца деза, масала, тховкIело йоьхучийн шераш а, церан белхан говзаллаш а, могашалла а, царна мотт хаар а, ур-аталла церан бахамийн таронаш а. Бакъду, хаттар кхоллало, вевзаш волчу экономисто Зинн Ханс-Вернера дагардина долу и дерриге а хьелаш шеца долш волу стаг мухIажар а ваьлла, Германе стенна вогIуш вара, и тайпа хьелаш долчуьнан, мухIажаралла ца лайча а, кху лаьттахь муьлхачу а пачхьалкхе а вахана, цигахь болх а карийна, маьрша ваха йиш хирг хилча, аьлла.

Ала догIу, Европерчу пачхьалкхашна мухIажарех хуьлуш болу пайда а, царех долу зе а шаьшна мухIажаршна юккъехь шуьйра яьржина тема хилар. Хийла хеза цхьаццаболчу вайнехан мухIажарша олуш, кхара-м кхин вайн дукхадезаший, вайна сагатдеший тIеоьцуш цара вай, Евроберто хIора тIеэцначу мухьажарх шортта ахча душена чу йогIучу пачхьалкхашна луш, вайна тIехь, мелхо а, шайна сайоккхуш бара хIорш-м, олий.

Ткъа бакъдерг даима санна цхьанхьа юккъехь ду. Къайле яц, Европе уьдуш болу дуккхаъ мухIажарш политикан репрессех я тIеман баланех бевдда хилар. Иштта бу карарчу хенахь Шемара а, Иракъера а, Нохчийчуьра а, Украинера а, цхьа могIа кхечу меттигашкара а богIуш берш. Амма иштта кхета хала дац, Европехь тховкIело лоьхучарна юккъехь дуккхаъ нах болхбацарх а, къеллах а, деша а, кхиа а таронаш шайн Даймахкахь ца хиларх а уьдуш буйла. Доцца аьлча, гIолехьчу дахаре сатессина цара Малхбузхе боьжу некъ юхьаралаьцнийла. Царна цунах билла бехк а бац.

ХIетте а, шайн бакъонийн а, я декхарийн а кIоргенаш дукхахболчу Европе баха новкха бевллачу вайнаха ца евза. Цундела духхьара шайн кхача кадаьллачу Евробертан пачхьалкха - Полше - боьлху уьш, цигара дIа Германе а, Франце а, иштта кхин дIа некъ бийр бу, олий. Амма и кхин дIа некъ, мел гена барх а, хьовзий юха а Полше схьавалош хуьлу, Дублин-2 цIе йолу сацам бахьана долуш. Цу сацамца ша дуьххьара ког левзинчу Евробертан махкахь саца декхарийлахь ву муьлха а мухIажар. Иштта Полше а еана, цигара къайлаха Германе дехьаяьллачех ю Садаева Мадина цIе йолу нохчийн мухIажар а. ХIинций-хIинций цига юха хьажорах кхоьруш Iаш ю иза. Бакъду, цкъачунна Германехь шена карийначу хьелашна вуно реза ю.

Садаева Мадина: „Тхо схьадахкочу хенахь дуьххьара Полше дахкийнера. Амма цигахь я болх бан меттиг а бацара, я лортIехь юург а яцара, я лоьршана тIе ваха йиш а яцара. Цигара кхуза схьадахкийра тхо тIаккха. ХIинца кхузахь тхайн гIуллакх теллина Iедалхой бевлча, тхаьш юхьахьовсор кхоьршу Iаш ду тхо. И Дублин-2 бохуш олу низам ду-кх кхуза схьабогIучарна массарна а бале долуш дерг“.

Адамаллин агIонаш а, къинхетам а ца бийцича а, Женеверчу адамийн бакъонийн конвенцица а ву хIора стаг шена ваха меттиг маьрша лаха бакъо йолуш.

И бакъо карарчу хенахь хIора а цхьа-цхьаццачу Европерчу пачхьалкхено башха лоруш яцахь а, хIетте а, дукхахболчу Евроберта юккъебогIучу мехкашкахь мухIажарш тIеэцар а, церан хьашташка хьажар а лакхарчу тIегIанна тIехь ду.

Германехь, масала. Цигахь уггаре а хьалха тховкIело йоьхуш Iедална тIевахнарг мухIажарийн лагере хьажаво. Цу лагерехь цунна, доьзалца велахь, шена чоь а, ша велахь кхечу мухIажаршца юкъахь меттиг а ло. Цу мIаьргонехь дуьйна Iедалан чотах веха иза. Цуьнан хьашташна Iалашбо лагеран куьйгалло гочдархой. Уггаре а хьалхарчех гIулч хуьлу – могшаллин хьал къастор лагерерчу лоьраца. Цхьа а цамгар юйла я сагатдеш хIума дуйла, я лоьрийн гIо оьший, кхин дIа болу кIоргерох болу медикийн талламаш хьашт буйла къастош. ТIаьхьарчу хенахь къаьстина Нохчийчуьрчу мухIажаршна юкъехь туберкулез олу пехийн цамгар алсам карадо лоьаршна. И цамгар дег оцу сохьта мухIажарийн лагерера дIакъевлинчу туберкулезной лоьрийн цIийна вуьгу, карантин а еш.

Нагахь санна мухIажар цхьанхьа дехьа-сехьа хьукматашка ваха везаш велахь, цунна гIалин транспортана билеташ ло. Юург-молург а Iедалан чотах хуьлу, цхьаццайолчу меттигашкахь ур-аталла шарахь шозза тIеюха хIума эца ахча я талонаш а ло. Берашна гIудалкх я памперсаш, мотт-гIайба, цомгуш велахь молхнаш – иза дерриге а Iедалан чотах ду. Ур-аталла ишколе доьдучу берана тIоьрмиг а, кхин болу оьшу сал-пал эцар а шайна тIелоцу тайп-тайпанчу хьукматаша. Иштта хенаца шена петар лаха бакъо ло мухIажарна, „доьзалхойн терахье хьаьжжина плюс цхьа чоь“ бохучу принципаца йоккха хила йиш ю иза. Масала, кхаа стагах латташ доьзал белахь 4 чоь йолу петар харжа бакъо ю цуьнан шена.

Цундела тамашийна а дац, къона къанваллалца аьрха къахьегарх Соьлжа-гIалахь баннаш санна кегийчу шайх „хрущевкаш“ олуш йолчу петарех уггаре а жимнарг эца а аьтто ца болуш баьхна болу вайнах Европе гIертарх. Я билла бехк а бац царна. ХIора а аьлча санна нохчо тIеман ачуно вагийна а, цу тIамо цкъа хила ца Iаш, массийтаза шен боллучу бахамех иза ваьккхина а хилча хIетте а.

XS
SM
MD
LG