ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман зуламхойн доьхна доттагIалла


ХIолланди -- Младич Ратко, ХIаага, 28Деч2014

ХIолланди -- Младич Ратко, ХIаага, 28Деч2014

ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу трибуналехь шаьшшиъ лаьцначул тIаьхьа дуьххьара вовшашкхийтира бусулбанаш байъарна бехкевеш волу ши тIеман зуламхо – Младич Раткой, Караджич Радований.

Иштта хуьлутIеман зуламхой шайн тIера доккхачу къамелийн дашо кIур дIабайбеллча. Шайн омранаш кхочушдан кийча болу эзарнаш салтий- хьадалчаш кхин кIезий санна шайна бIаьрхьоьжуш ца хилча. Герзаной, карахь ницкъ хиларой, корт бахочу маларша совйаьккхинчу майралло къизаллин барамаш хьоьшуьйтуш долу Iедал карара дIа даьллча.

ХIинца ХIаагерачу тIеман трибунала хьалха вовшашна тIекхойкхуш, вовший кхин вовза ца лууш, бехк вовшашна тIе тоьттуш, шай-шай кIелхьаравала гIерташ лаьттина хилла цкъа мацахлера сербхойн кура ши инарла Младич Раткой, Карадич Радований санна.

Шаьшшиъ лаьцначул тIаьхьа дуьххьара шинарий дийнахь кхелан кхерчахь вовшашна гуш вара и мацахлера гергара ши доттагI. Амма хазахетар я ваккхийвер данне а дацара цаьрца. Мацахлерачу сонтачу инарлашна, Боснера бусулбанаш байъарехь масала доцу къизалла гайтина хилла волчу, метта – къанвелла, багахь кхема ца хилча, вист а ца хилалуш волу, могуш вац аьлла а кIелхьаравалалур вацара бе бохучу сатийсамца хене вуьйлуш волу ши миска.

Младич Ратко вара кхеле теш санна кхайкхинарг, цуьнан тIеман накъост а, доттагIа а хилла волчу Караджичан белшаш гIортош вистхила. Амма белшаш гIорторна метта кхеравеллачу инарлас ша вистхир вац элира.

Вист-м иза цкъа хьалха шена лиъча а хила а ца лора - Младичан кхема набахтичохь бицбелла бисина хиллера. Ткъа лерина полисхой а бахийтина, и цуьнан кхема схьабеъначул тIаьхьа а башха гIо ца хилира Караджичан шен тIеман накъостах.

Цкъа хьалха-м, кхел дIайолалучу мIаьргонашкахь, сербхойн уггаре а къизачу куьйгалхойх цхьаъ хиллачу Караджична моьттура, шена Младича дечу тоьшаллех гIо- накъосталла хир ду. „Де дика дойла хьан, инарла!“ бохучу сонтачу дешнашца вистхтилира иза цуьнга, кхелехь гулбеллачарна хIуьттарена санна.

Амма важа, инарла аьлча, тишвелла къано вара, 71 шо долу, инсулт бахьана долуш мелла а коьртана галваьлла а волуш, хьахийна ма-хиллара, кхема ца хилча, вист а ца хилалуш. Цуо ша хIуммаъ дуьйцур дац элира, цхьа а тоьшалла а дийр дац, аьлла. „Ас ца до тоьшаллаш, сайн могашалла ледар хиларна а, иштта сайн бакъонашна цу тоьшаллех зе даларх суо кхоьру дена а“, - элира цуо.

Карладаккха догIу, хIинца ХIаагерачу кхелехь сел дакъазваьлла лаьтташ волу и ши стаг ткъех шо хьалха, 1995-чу шарахь Боснерчу Сребреница-гIалахь 8 эзар бусулба боьрша стагий, божабераший дайъа аьлла омра делла шиъ ву.

Караджич Радован и хIума дагадеанарг ларалуш ву, ткъа Младич, хIетахь кхема а, герз а, куьйга кIелахь шортта эскархой а болуш хилла волу, шен къизалла бахьана долуш шех „хаспашдархо“ аьлла цIе йоккхуш хилла волу, и нах бойъуш куьйгалла деш хилларг ву.

Цул совнаха и ший а бехкевеш ву Боснин коьртачу шахьаран Сараевон гуо а бина, шина шарахь цу гIалин тIе герзаш детташ, цигахь I0 эзар сов стаг верна а.
Хьалха Югослави хиллачу пачхьалкхан лаьттанашна тIехь тIом дIабаьллачул тIаьхьа и шиъ ший а ведда, дуккхаъ шерашкахь лурвоьлла лийлира. Караджич 2008-чу шарахь лецира, ткъа Младич 2011-чохь.

Цундела вовшашха къастийна, бен-бен толлуш ду ХIаагерачу тIеман трибунало цу шиннан гIуллакхаш. Цундела вара Младич шинарий дийнахь Караджича шена белшаш гIортон, шен агIор теш санна кхеле кхайкхина.

Амма цунах гIуллакх ца хилира. Младич цу хенахь эскаран баьчча хилла хиларна, аналисташа дийцарехь, цуо дина долу тоьшаллаш боккъал а кхело цунна шена дуьхьал даха там бара. Ткъа и санна долу доьналла, - доттагIа а, тIеман накъост а бахьана долуш бехк шена тIеэцар, – иза маьршачу, мискачу нехан цIий Iенорна тIехь инарлаш а, харцтурпалхой а хиллачеран амалшкахь ца хуьлу.

Тахана хи буха доьдучу хIурда кеманна тIера довда гIерта мукадехкий санна, ша-шай кIелхьаравала гIерташ волчу цу шина зуламхочуо кхин цкъа а гойту, адамаллин исторехь хийлаза хилларг, схьахетарехь кхин а хийлаза хиндерг: тIеман зуламхой шаьш лелийначух бевр бац, хьалха я тIаьхьа.

ТIеман зуламхой цкъа а ца хуьлу турпалхой. Исторехь неIалтаца яха юьссу церан цIераш, ткъа церан заманахь уьш тергалбечара кхардамца а, дастамаллийца а бийцаре бо уьш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG