ТIекхочийла долу линкаш

Олимпан цIаро иракарахIиттийнарш


Оьрсийчоь -- Кремлна уллехула дIахьош Грецехь латийна Олимпан цIе дIаяйра, иза цIетухургаца латош ву хIара стаг, Москох ГIад 6, 2013

Оьрсийчоь -- Кремлна уллехула дIахьош Грецехь латийна Олимпан цIе дIаяйра, иза цIетухургаца латош ву хIара стаг, Москох ГIад 6, 2013

Олимпан цIе дIаяхьа кечлуш ю Нохчийчоь. Ши кIира сов бен ца дисина иза республике кхача. ХIинцале а цигахь ша дерг кийча ду иза тIеэца а, йозаллин барамехь иза дIаяхьа а.

Олимпан цIе, Нохчийчохь дIаяхьа кечам бан болийна дикка хан ю. Леррина цу гIуллакхана кхоьллина ю Iедалан комисси, шайна юкъахь мехка хьалхара куьйгалхой а болуш. ХIокху беттан 28 дийнахь, Соьлжа-ГIаларчу аэропорте схьа ма кхаьчнехь цигара дуьйна болор бу оцу цIаро шен некъ Нохчийчухула.

Билгала маршрут муха хир ю ца хаа, амма, цуьнан йохалла 34 чакхарма хир ю боху комиссин декхашхоша. Ткъа, йогуш йолу цIе дIахьош хир ву 170 стаг. Царна юкъахь дукхахберш гIарабевлла спортхой-чемпионаш а, Iедалхой а, наггахь могIарера бахархой а хир бу. ХIора декъашхочо 200 метар дIахьур ю цIе. И ша мел йолу процесс йоллу эфирехь гойтур ю.

Цу тIехь, къахьоьгур ду 140 журналиста. Царах а коьрта а, гIонна а тобанаш кхоьллина меттигерачу хаамийн а, зорбанан а министраллехь. Адамаш кIезиг хилла аьлла, юьхьIаьржа хIуттур яц Нохчийчоь, тидам бо комиссехь. Оцу даздарехь дакъалоцур ду мел лаххара а 70 эзар стага. Уьш, гарехь, Iедалан белхахой хир бу. Даимна ала мегар долуш, уьш хуьлу муьлхачу дахдаршка а, белхашка а дIагулбийраш.

Олимпан цIе дIахьочу хенахь, иза болчу хаамашца, дуьозза сацор ю. ХIора социйлехь оцу даздаран тайпан-тайпана самукъадаккхаран агIонаш гойтур ю артисташа а, кхоллараллийн тобанаша а. Цхьана хенахь вевзаш паргIатчу кепара латархо хиллачу Бадалов Руслане хаьттира аса, цуо муха мах хадабо, тIедогIучу оцу спортан даздаран аьлла. Иштта дара жоп.

Бадалов Руслан: «Вай Нохчийчохь болчу спортсменашца а, церан тренерашца дуьйстича а , цхьанна ца луш а, и цIе вайна яла йиша йолуш яра. БIеннаш, цIераш яха йиша а йолуш спортхой бу вай гIарабоьвла. И бакъо вай йолуш яра. Олимпийн ловзарш, деза хIума ду, иза, спортхойн а, могIарерачу бахархойн тIегIан тIе диллича а».

ТIебогIучу баттахь Сочи-гIалахь дIахьон долчу Олимпан ловзарийн цIе дIаяхьаран эстафета, цкъа а ца хиллачу агIор еха хира ю. 65 эзар чакхарма некъ бийра бу, оцу цIаро. Чекхайоккхур ю 128 гIалахула, Оьрсийчоьнан мел йолчу 83 субъектехула. Ала догIу, и цIе дIахьочу хIора стаган цIарах йина ю 14 эзар факел. Уьш шайна йита а бакъо хир ю церан.
XS
SM
MD
LG