ТIекхочийла долу линкаш

Путинна гIортор йина Германерчу бизнесхоша


Германи -- Deutsche Post-ан штаб-хIусам, Бонн, Дечк25, 2012.

Германи -- Deutsche Post-ан штаб-хIусам, Бонн, Дечк25, 2012.

Германерчу цхьа могIа яккхийчу концернийн куьйгалхоша Украинин, Оьрсийчоьнан девнехь Путин Владимиран агIо лаьцна.

Эзарнаш немцойн совдегарш а, фирманаш а Оьрсийчоьнах йоьзна хилар тидаме эцча, тамашийна доцийла кхета, кху деношкахь немцойн масех яккхийчу концерний куьйгалхоша Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш критике яр.

ХIунда аьлча, политикан а, адамийн бакъоний а хьал цу пачхьалкхехь мухха а делахь а, Оьрсийчохь кху тIаьхьарчу ткъех шарахь кIорга орамаш а хецна, цу махкахь сайоккхуш болчу совдегаршна бен а дац. Мелхо а, гIолехь хила а там бу. ХIунда аьлча, цхьана кицанахь аьлла ма-хиллара, даьржинчу хичохь чIара дикох а лацало.

Оццу принципца лелаш хетало хIинца Украинин цхьана декъана гаррехь аннекси а йина, цигахь харц-бакъ шайн ницкъ а, шайн Iедал а дIа а хIоттийна, лелаш йолчу Оьрсийчоьнгахьа немцойн масех топ-менеджеро гIо даккхар.

Консервативан хьежамаш болчу меттигерачу die Welt газетана ша еллачу интервьюхь, масала, Deutsche Post концернан, цу пачхьалкхан йоллу пошта шен долахь хилла ца Iаш, иштта уггаре ондачех банкийн маша а карахь болчу, куьйгалхочуо Аппель Франка элира, Украинера хьал цу кепарчу девне далар цхьа а цецвоккхуш хIума дацара, аьлла.

ХIунда аьлча, цуо чIагIдарехь, кху тIахьарчу шина шарахь гуш дара, цу кепарчу къепе дацаре цигара хьал дала там буйла, ткъа цу хьоле генара бIаьрг бетташ Iаш хилла Малхбузе хьалхехь дуьйна йолаяла езаш хиллера, цигахь тIеIаткъам бан. Ткъа хIинца, хуьлуш дерг хилла даьллачул тIаьхьа, Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яр- иза хьекъале йоцу гIулч ю боху цуо.

Цуо бохург къобалдеш вара ишта Адидас фирман куьйгалхо волу Хагнер Херберт а. Малхбузено, хьалхехь дуьйна Путин Владимирца зIене а яьлла, цуьнца цхьаьна Украинера Iедал хийцарна тIехь болх бан безаш хиллера, элира цуо. Ша и къамел дечу хенахь Адидас фирман куьйгалхо вицвелла хиллачух тера ду, Украинера Iедал я Малхбузено а, я Путин Владимирса хийца йиш йоцийла а, хийцина доцийла а.

Мелхо а, беттанашкахь, шена тIе герзаш деттарх а, кхерамаш тийсарх а, дегIе ца лалон шело йолчу уггаре а луьрачу Iаьнан беттанашкахь Майданашкара чу а ца доьрзуш, шайн бкъаонашкахь къийсинчу Украинин халкъо хийцина дуйла. .

ThyssenKrupp концернан куьйгархочуо Хизингер Хенриха хIинца и Малхбузенан санкцеш бахьана долуш Оьрсичоьнна цхьа цхьана соне гIортийча санна хета, шена вас йича санна хета элира, санкций коьрта Iалашо цу Украинерчу хьолан куьгбехенарг боккъал а соне гIортор а, цуьнга шен леламийн тIаьхьалонаш Iовшийтар а доцуш санна.

Бакъду, ThyssenKrupp концернан куьйгалхоша цу кепара ойланаш йолуш хилар башха цеце а ца хетало, цу концернан бух-орамаш девзича. Хьалхарчу а, шозлагIчу дуьненан тIемашкахь герз дохкарца шен таро вовшахтоьхначу Крупп доьзалан фирмина тIехь кхоллаелла ю и концерн. Цул совнаха, шозлагIа дуьненан тIом болчу хенахь нацин Германин куьйгаллийца гергара уьйраш лелийна а, нацисташа лийца а лийцина, нуьцкъала мехаза белхаш бойтуш хилла мисканаш шайн фабрикехь бацийначех ю иза.

Цу доьзалан да, Крупп Альфред, шозлагIа дуьненан тIом дIабирзинчул тIаьхьа Нюрнбергерачу процессехь тIеман зуламхойн могIаршлахь шена тIехь кхелйинчарех цхьаъ ву. Шайна са хилчахьана, моралан а, адамаллин а кхетамаш башха цу концернан долахоша тидаме оьцуш ца хилар немцойн исбаьхьаллехь а, кинох а, литературехь а хийлаза дийцаре дина а ду.

Цундела а башха тамашийна ца хета, тахана цу концернах кхоллаеллачу ThyssenKrupp кампанин куьйгалхочуо Путинехьа гIо даккхар – са Оьрсийчоьнан президентана белшаш гIорттийначунна тешна а шорта хуьлуш хилар тидаме эцча.

Ала дашна, дукха хан йоцуш Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхета немцойн Сименс компанин куьйгалхо Кезер Джо а ваханера. Ша Оьрсийчурчу бизнесца тешамаллин юкъаметтигаш кхин дIа а лелон дагахь а ву, ехачу ханна цу пачхьалкхаца цхьаьнаболхбан дагахь а ву элира цуо.

Карладаккха догIу, Сименс компанино Оьрсийчохь лаккхарчу даржашкахь болчу хьукматхошна, шайна юккъехь министраллийн а, инарла прокуратурин а белхахой а болуш, миллионашкахь кхаьънаш делла хилар масех шо хьалха Германехь Iедалхошна гучудаьлла хилар. Вуно гIовгIанечу бехк-талламан процессехь, и бахьана долуш дIайолаелла хиллачу, масех Сименс компанин хьаькам набахте а хьажийра, иштта хийла да шен даржех а велира.

Карарчу хенахь Оьрсийчохь болх беш ю 6000 эзар сов немцойн жима а, йоккха а фирма, I20 эзар сов немцо ву цигахь болх беш. Цундела а кхеташ ду, Малхбузено юккъеяьхначу санкцеша шайн белхашна а, йокх-эцарна а тIеIаткъам барах кхоьручу немцойн совдегарша муьлхачу хьолехь а Путин Владимирехь гIо даккхар, иштта Оьрсийчоьнах вуно сане хьоста а дина вехачу немцойн цкъа мацах канцлер хиллачу Шредер Герхарда ма-даккхара.
XS
SM
MD
LG