ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь Оьрсийчоьне Украинера тIом сацабайта гIерташ ю кхиина демократи йолу,нийсо лела пачхьалкхаш. Ма-даррра аьлча, цара дехарш деш верг, санкцешца Iаткъам бан гIертош верг цхьа стаг ву – Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

Iамеркин президент Обама Барак а, Германин канцлер Меркел Ангела а, Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид а, кхин болу а малхбузера лидерш дика кхеташ бу цу стага цхьа дош аьлча Украинера тIом дIабоьрзур хиларх.

Иза тамашийна Iедалан кеп ю. Цунна тIаьхьакхиа гIерташ бу малхбузера политикаш а, Iедалехь болу нах а.

Муха нисделла иза, ша демократин, вуьшта аьлча халкъан Iедал долу пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийна йолчу Оьрсийчохь дерриг а Iедал а, муьлхха а сацам цхьана стагах бозуш хилар.

Цу гIуллакхан дукха къоргера орамаш ду аьлла хета Оьрсийчура историкана, профессорна, Оьрсийчоьнан Iилманан академин декъашхочунна Пивоваров Юрийна. Цо дийцарехь, Оьрсийчоь монголийн а, гIезалойн а Дашо Ордан тIаьхье ю.

Цунах лаьцна Пивоваров Юрис дIахьедар дира Москох пачхьалкхан университетан студенташна хьалха вистхуьлуш.

Цу историкан лекци гайтира Оьрсийчоьнан «Культура» телеканало. Пивоваровн къамелан боцца чулацам шен Facebook-чу агIонна тIехь зорбане яьккхина журналисто Пасховер Александра.

ЛадугIур вай историке Пивоваров Юрийга.

Пивоваров Юрий: «Масала, таханлерчу Украинера историкаша шу, москалеш, Киевера Русь олучу пачхьалкхан тIаьхьенех дац, шаьш ду, ткъа шу Дашо Ордан тIаьхьанех ду аьлча, ас олу, дика ду. Тхо Дашо Ордан тIаьхье ю.

Бакъду, дуккха а хIуманашца таханлера Русь - Москох, тIаккха Петарбухера а, Советийн а, таханлера а ю Дашон Ордан тIаьхье, Киеван Русь олучу пачхьалкхан тIаьхье иза, шеко а йоцуш, ялахь а.

Ши бIаь ах бIаь шарахь монголашна къеллахь болуш, оьрсйин эланашна Дашо Ордан коьртачу гIала Сарай баьхкича гуш хилла царна цхьанха а, Европехь а, я шайн цIахь-Оьрсийн махкахь а гина йоцу Iедалан кеп. Иза хилла цхьана стагехь инзаре доккха Iедал хилар. Монголийн Iедалан кепаца цхьа стаг верриг а ву, вуьйсуш хIумма а йоцу хIуманаш ю.

Монголийн Iедало аьттехьа а тIе ца дуьту муьлхха а барт бар, муьлхха а конвенци, муьлхха а цхьаьнакъехьегар а, барт хилар шина агIонна юкъахь. Монголийн Iедал иза цIена ницкъ баран Iедал ду.

ТIаккха и кеп тIеоьцу оьрсаша. Оьрсийн лекхара эланаша а, оьрсийн паччахьаша а тIеоьцу цу тайпачу Iедалан кепан куьлтура, цу тайпа Iелдалан кеп, цу тайпа политикан юкъаметтигаш.

Иза чIагIлуш схьадогIу цул тIаьхьа еанчу хенашкахь а. Павел Хьалхара цIе йолу император хилла Оьрсийчохь. Екатеринин кIант хилла иза. Цхьана дийнахь французийн векалца къамел деш цо аьлла "Оьрсийчохь жимма а стаг ву ала мегар дерг ву ас къамел деш верг, иза а ас къамел дечу хенахь бен вац цу тайпа".

Иза оьрсийн Iедалан вуно нийса чулацам бийцар ду. Федотов Гергий бохуш философ хилла Оьрсийчохь. Революци хиллачул тIаьхьа махках ваьлла вехаш хилла иза. Цигахь валар а нисделла цуьнан. Цо комментари йина монголийн а, гIезалойн а Иго йохарна. ХIун хилла 1480 чу шарахь, вай школашкахь Iамийна ма-хиллара, цу шарахь Иго йоьхна бохуш?

Ма-дарра аьлча, иза кхин дIа а хилла. Иза дац коьртаниг. Муьлхачу фразица жамI дина цо? Ханан четар дIахIоттина Кремлехь. Вуьшта аьлча, хан Кремлехь ваха хиина. Москохах гIезалой хилла, монголаш хилла, ткъа оьрсийн паччахьах, оьрсийн лаккхарчу эланах хан хилла".

Академико Пивоваровс дуьйцучух кхета дукха гена кхийда ца оьшу. Тахана вайна гуш долу сурт догIуш ду цо дуьйцучуьнца аьлла хеташ ву историк Вачагаев Майрбек.

Цул сов. 1859-чу шарахь Нохчийчоь схьаяьккхина шаьш аьлла Оьрсийчоьнан императоро дIахьедар дича, вайнахана гинарг Iедалан керла кеп яра. Цул хьалха имам Шемил волчу заманахь а цхьаьна нохчашна юкъахь лелаш ерг ша-тайпа Iедалан кеп хилла бохуш дьуйцу цо.

Вачагаев Майрбек:

1991-чу шарахь Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначул тIаьхьа республикехь бухе эцна йолу Iедалан кеп а яра изза Оьрсийчохь лелаш ерг. Цу кепо болх ца бора нохчашна юкъахь.

Цундела тIейогIучу заманахь, нагахь хьал цу тIе далахь, нохчийн шайн пачхьалкх кхолла аьтто балахь Iедалан кеп а хила еза вайнехан менталитете хьаьжжина аьлла хета историкана Абумуслимов Сайд-Хьасанна.

Абумуслимов Сайд-Хьасан:

Амма тахана Оьрсийчура кхин долу къаьмнаш санна цуьнан низамашца, оьрсийн Iедалан амалшца бехаш бу нохчий а. Оьрсийчохь а бу Дашо Ордан амал йолу Iедалан кеп хийца еза аьлла хетарш. Цунах цакхетахь хIумма а нислур дац Оьрсийчохь аьлла тешна ву историк Пивоваров Юрий.

Пивоваров Юрий: «Суна хетарехь, кхузаманхьлерчу Оьрсийчоьно иза кхетадаллалц, цкъа дуьххьара цуьнан культуран декъо а, тIаккха Iедалехь йолчу элиташа иза кхета цадахь, цхьа а хIума нислур дац вайн".

XS
SM
MD
LG