ТIекхочийла долу линкаш

Шема тIаме баха хьаьгнарш


Нохчийчоь -- Шемахь машар боьхуш а, цигарчу конфликтехь нохчаша дакъалацарна а дуьхьал митинг, Соьлж-ГIала, 20Манг2013.

Нохчийчоь -- Шемахь машар боьхуш а, цигарчу конфликтехь нохчаша дакъалацарна а дуьхьал митинг, Соьлж-ГIала, 20Манг2013.

Ткъех шо ду Нохчийчохь пхийттара ваьлла кIант кхиинчу нанна сингаттам дагчуьра дIа ца болу. Иза Iедалхоша я эскархоша харцонца хьовзорна кхоьруш, я лаьцна, дIавигара кхоьруш, дIавигинчуьра тIепаза варна кхоьруш, я Iедалхойн а, эскархойн а харцонаш ла а ца лайна, и кIант ша тIемалойх дIакхетта, хьаннашца я лаьмнашца дIавахар кхоьруш кхиош ду нохчийн наноша шайн божабераш.

Изза сингаттам хIинца Европехь бехачу вайнехан наношка а кхаьчна. Церан а деза, шаьш сел хала тIамех бовдийна, хийрачу махка схьабахкийна, когаира хIиттийна болу шайн кIентий тIамо хIаллакбарх кхера. ХIан-хIа, Нохчийчуьра тIом бац уьш кхоьруш берг, цунах-м хала а, атта шайн бераш кIелхьара девлла лорура цара. Генарчу Шемехь болу тIом бу.

ХьастагIа Венехь масех нохчийн зуда вовшахкхеттачехь коьрта дийцарш Шемах лаьцна, цигарчу тIамех шаьш кхерарх лаьцна дара церан. ХIора а кIант кхиинчу Европерчу нохчийн ненан сингаттам хилла дIахIоьттина иза - шен доьзалхо къайлаха Шеме гIовттамхойн могIаршлахь гIазот даккха вахарх кхера езар.

Царех цхьаммо, елха а йоьлхуш, дуьйцура, ша масех кIира хьалха цхьана Iуьйрана шен кIентан ишколе хьош болу тIоьрмиг чохь гича, ткъа иза ша воцуш карийча, кхераелла дIасаидарх лаьцна.

Нагахь санна иза ишколе вахнехь, тIоьрмиг муха ца баьхьна цуо, там бара иза Шема вахана хилла, аьлла ойла хьаьдира шен коьрте бохуш дуьйцура цуо. ТIаккха йоллу чоь тIекIел тессира ша бохура, цуо шеца хIун яьхьна теша, тIеюхург хIун схьаэцна теша, ахча даьхьний теша, документаш мичахь ду теша, бохуш.

Эххар а ишколе телефон тоьхча, иза цигахь вуйла хиина, сапаргIат даьллера цуьнан. Цу дийнахь дуьйна шен кIентан паспорт шегахь лачкъийна лелош ду ша бохура дела денна аьлча санна Шеме Европера нохчийн кегирхой оьху боху костанаш хаза Iемина йолчу зудчуо.

Иза цхьаъ хилла ца Iа цу кепарчу гIайгIано лаьцнарг. Уьш дуккха а бу Европа мел ю. Ткъа и бераш цига ца эхийта, уьш шаьш цига кхойкхучу нехан тIеIаткъамо лаццане а ца лацийта, нохчийн диаспорашкахь беш болх бац, я и болх дIабахьа хьалха вала хIуттуш цхьа да а вац. Нохчийчохь дуьйна схьа къам динна тIехь декъадалар, - „нийса“, „цIена“ бусулбанаш шаьш лоручанний, „джIахIилаш“ я „бакъдолу дин ца девзаш я ца дезаш“ цара лоручарний къам декъадалар цу хIуман бахьанех цхьаъ.

Кхин цхьа бахьана а ду. Бусулба умматан бевзаш болчу баккхийчу Iелимаша даханчу шеран аьхка Мисарахь вовшахкхеттачехь сацам бинера, Шемахь дерг гIазот ду, дуьненчохь миччахь а бехачу бусулбанашна тIехь декхар ду шайн ницкъ кхочучу кепара цу гIазотехь дакъалаца, аьлла.

ХIетахь дуьйна гуттар а коьртамукъа бевлла нохчийн кегирхошна юккъехь Шема гIазоте бахар даржош а, царна и хIума марздеш а болу нах. Ткъа юккъера нохчийн къам, хIинца а тIамах дирзина доцу, хIунда хила дезаш ду цу гIазотан хьалхарчу могIаршлахь боху хаттар луш цхьа а вац.

Дац и хаттар Европехь уггаре а йоккха нохчийн диаспора йолчу, гергарчу хьесапехь шовзткъа эзар нохчо волчу Австрехь а декаш. Венехь вехачу Ибрагимов Виситас, меттигерачу баккхийчеран чкъуран векал волчу, дийцарехь, дуккхаъ нах, иза ша санна, вайнехан кегийрхой Шема тIаме эхарна реза бацахь а, амма динна тIехь нах бекъабалар бахьана долуш цу хиламна богIуш ма-хиллара мах хадо ца хIутту цхьа а.

Ибрагимов Висита: „Масала, ас вайна оьшуш хIума дац боху иза. ХIунда аьлча, вай дуккхаъ шамаш а хилла, дуккха а кегий а, баккхий а нах, вайн къоман доккха дакъа шина тIамехь дIа а даьлла, арадевлла лелаш ма ду вай. Вайн къомана пайдехьа хIума дац иза. Вовшашкхеттачехь ас даима а олуш ду иза: Шемахь вайн хьашт долуш хIуммаъ дац.

Вай цига даха оьшуш дац. Нохчийн къоман цхьа а интерес яц цигахь. Ас къобал деш дац иза. Иштта хеташ дуккхаъ нах бу. Делахь а цхьаццаболчара стеган нигате хьаьжжина, цуьнан гIазот къобал хир ду олу. Суна иза ца хаа. Со Iелим стаг вац. Амма вайна цига дахар пайденна доцийла-м хаа суна“.

Ткъа мила ву те нохчийн кегирхошна юккъехь и Шемахь тIеман джихIад дар марздеш верг? Хьан ира-кара хIиттабо и кхиазхой? Цу хаттарна а дац Ибрагимов Виситина хууш билгала жоп, цхьанна а иза ма ца хаара, ша къайлахчу сервисашна ца хаахь.

Ибрагимов Висита: „Цхьа билгал нах ма баций уьш кечбеш берш. Тайп-тайпана идеологеш ю кхузахь лелаш. Иза а Далла дика хуур ду. Дукхахболчара, бусулба дин ду бохуш, шайн-шайн кхетам болчу агIор и дин дIасхьаийзош, нахана юккъехь барт бохийна. Цхьацца тобанашкахь и белхаш беш нах хуьлу.

Ткъа кегийнарш и бусулба дин ду бохуш, лела. Царех теша а теший, иштта цига дIабоьлху-кх и кегий нах. Амма билгал „ХIара ву“, „Важа ву“ аьлла билгал ала а йиш яц“.

Меттигерачу официала хьостанаша чIагIдеш ма-хиллара, хIинцале а иттех Австрера нохчийн жимстаг кхелхина Шемахь. Ткъа цига ваха кечбелла я сатуьйсуш берш мел бу цхьанна а ца хаьа. Австрехь а, йоллучу Европехь а бехачу нохчийн цхьа юкъара хьукмат яц, я цхьа а Кхеташо а яц, я ур-аттала цхьажимма а гуьнахь йолу цхьа а юкъараллийн цхьанакхетаралла а яц, нах дагабовла я шайн сингаттам эцна тIебаха йиш йолуш. Яц кегийнарш а, баккхийнарш а вовшашкхета, цара вовшашка ладугIу, цара вовшаша де аьлларг до меттиг.

Ткъа цу юкъана хIинц-хIинца хьалакхиинчу нохчийн кIентийн наной шайн берийн паспорташ лечкъош, цара бокх-боккху ког тергонехь латто гIерташ беха, уьш цу генарчу, шаьш ца кхетачу, шайна хийрачу тIаме бахар кхоьруш.
XS
SM
MD
LG