ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Эмомали" метта "Мирзо"?


Таджикистан -- Мехкан коммуналан сервсиан куьйгалхо ЗахIуров Биг а, Рахмон Эмомали а 17Охан2015
Таджикистан -- Мехкан коммуналан сервсиан куьйгалхо ЗахIуров Биг а, Рахмон Эмомали а 17Охан2015

ТIаьхьарчу хенахь Таджикистанан Iедалш шайн Iуналле эца гIерташ ду бахархоша берашна тохкуш йолу цIерш. Уьш дагахь ду шайна маьттаза а, там боцуш а, таджикийн културица йогIуш йоцу а хета цIераш тахкар дехка. Цунах лаьцна материал кечйина Маршо Радион корреспонденташа Фарангис Наджибуллос а, Холилзод Мирзонабис а.

Стаг дукха вахийта хIицца динчу берана маьттаза цIераш тахкаро шена тIе тидам бахийта таджикийн Iедалийн. Таджикистанехь дуккха а баккхийн нах бу тамашийна цIераш йолуш. Масала, «кхаллар», «жима тIулг», «виса веза», «нуц» цIераш йолуш. Цу тайпа цIераш тохкуш хилла таджикаш чамбоцуш цIе тиллича Дала иза шена дукхавеза аьлла дIавуьгар вац моьттуш.

Ткъа хIинца цу хьокъехь долчу низаманна тIехь хийцамаш бан дагахь бу Таджикистанан депутаташ. Уьш дехка дагахь бу бахархоша акхаройн а, сурсатийн а, садоцучу хIуманийн а, иштта дIа кхин а цIераш тахкар.

ТIаьхьарчу хенахь Таджикистанехь дитина советан заманахь санна фамилеш язъяр. ХIинца уьш язйо гIажаройн маттахь уьш йохуш лелан кеп тидаме а оьцуш. Цул сов таджикийн Iедал лууш ду цхьана кепе яло бусулбан а, кхечу мехкашкахь тохкуш йолу а цIерш.

ТIаьхьарчу хенахь таджикашна юкъхаь шуьйра даьржина дара берашна, «молла», «халиф», «амир», «суфи» боху дешнаш тIе а деташ, цIерш тахкар. И гIуллакх дехка деза аьлла хета тахана Iедалшна. Цара тидам тIебайхийтина хьалха цхьанна а хезна йоцу «Сумайа», «Iайшат», «Асет» цIераш таджикаш шайн берашна шуьйра тохкуш хиларна. И цIерш йехка мегаш ю Таджикистанехь, божа берашна тохку «Мухьаммад» а, «Юсуп» а, «Абубакар» а цIершца цхьаьна.

Iедалш дуьхьал ду цу цIершна Ислам даржар шорлуш ду бохуш. И бахьана долуш махкахь дихкина ду хиджабаш лелор а, мажош охьахецар а.

«Нагахь санна низамашна тIехь хийцамаш бан аьтто балахь, ЗАГС-ашна дихкина хир ду цу тайпа таджикийн Iедалшца йогIуш йоцу Iаьрбийн цIерш тIехь йолу бер даран тоьшаллаш дала» - бохуш чIагIдо Таджикистанан юстицин министраллан белхахочо Рахимов Джалолиддина.

Iаьрбийн цIераш тахка луучу дена-нанна харжа таджикийн цIераш кховдор ю загсашкахь боху цо.

1980 - гIачу шерашкахь шуьйра даьржина дара берашна бусулба цIераш тахкар. Цул хьалха таджикийн шира цIераш яра юкъаевлла. Амма дерриг а хийцаделира Таджикистанан президент Рахмон Эмомали хIоьттинчул тIаьхьа.

Рахмонов метта цо шена фамили ийцира Рахмон аьлла. Цунах масалла а эца буьйлабелира эзарнаш таджикаш шайн цIераш хийца. Цара а яцйора шайн фамилеш Рахмона санна, ткъа цхьаболчара шайн фамилин чакхе хийцара, таджикийн «зода» а, «зод» а, «и» а тIе а тухуш.

Берашна тохкучу цIерашна Iуналла дан гIоьртира Таджикистанан Iедалш 2011-чу шарахь. Амма цара кечдина низаман проект чекхцаелира. 2014-чу шарахь юха а гIоьртира уьш дай-наношка шайн берашна патриотийн цIераш тахкийта.

Ткъа хIинца кечйина проект хьалхатеттана парламенто. Амма цу хьокъехь а къуьйсуш бу бахархой. Цхьаболчара емал дира депутаташа юьхьарлаьцнарг, иза адамийн бакъонашна эшам беш ду аьлла. Иштта Таджикистанехь евзаш йолчу адвокатана Вахидова Файзиниссона хетарехь, масала, берана хIун цIе тилла еза бохуш хьехар церан дахарна юкъагIертар ду.

МогIаррчу бахархоша а хета юстицин министралло дуьйцург цхьа а бух боцуш ду аьлла.

Исламан диндай цкъачунна Iедалша юхьарлаьцнарг хьокъехь хIумма а цаолуш Iаш бу.

Хомуши Джололиддин Таджикистанан Iедалша накъосталла дечу Исламан центран белхахо ву. Цо дийцарехь, бусулба динехь магош ю хаза а, чулацам болу а цIерш тахка уьш Iаьрбийн маттахь елахь а, гIажаройн маттахь елахь а. Исламехь магош яц маьттаза а, вон чулацам болу а цIерш бохуш чIагIдо цо.

Цкъачунна билггала хууш дац парламенто и хаттар дийцаре дан маца долор ду. Амма цхьаболчу бахархоша дийцарехь, ЗАГС-хь хIинцале а кхочуш деш ду кечдеш долу низам.

Кху деношкахь, масала, шайн кIантана Акбар цIе а тиллина бер даран торьшалла схьаэца даханчу цхьана де-нене хицийтина и цIе. «Акбар» метта «Махьмуд» цIе язйинчул тIаьхьа а бен кехат цаделла царна ЗАГС-ехь.

XS
SM
MD
LG