ТIекхочийла долу линкаш

"Iожаллин эскадронаш" Киеван урамашкахь


Украина -- Киев, Чиллан-бутт 4, 2014

Украина -- Киев, Чиллан-бутт 4, 2014

Дукха хан йоцуш, лачкъа а вина, етташ хьизийна волчу Евромайданан жигархочо Булатов Дмитрийс чIагIдо, шена ницкъбинарш дика оьрсийн мотт буьйцу нах бара бохуш. Зуламхоша лерг а даьккхина, маIарш йохуш хьийзийна волу Булатов карарчу хенахь Литвахь дарба деш ву. Цунна хетарехь, цунна ницкъбина нах Украинехь талораш дечу «Iажаллин эскадронашна» юкъара бу.

Булатов Дмитрий лачкъийнера баханчу беттан 22-чу дийнахь. Иза дIавигинчу наха, масийтта дийнахь ницкъ а бина, охьатеснера иза Вишенки олучу Киевана гена йоцуш йолчу эвлан йистехь.

Амма цу деношкахь Булатовна цкъа а ца гира ша лачкъийначу нехан яххаш. Делахь а цунна хезара уьш. Ткъа Дечкен-беттан 31-чу дийнахь Киевехь Булатов Дмитрийс дийцира и нах оьрсийн акцент йолуш бара аьлла.

Цу гIуллакхо къаргйира Украинехь дуьхьалонан акцешкахь дакъалоцучу нехан хилла шеко. Царна хьалха а моьттура Янукович Викторан Iедал лардеш низамаца йоцу оьрсийн тобанаш ю аьлла.

Демонстанташа чIагIдарех, царна гина «Беркут» тобанерчу милцоша оьрсийн соьмаш украини гривна олучу ахчанах хуьйцуш а , царна хезна цара цIена оьрсийн мотт буьйцуш а.

Оппозицин лидерех цхьаъ волчу Яценюк Арсенийна хетарехь, Майданехь демонстранташна а, журналисташна а етташ а, уьш лечкъош а, наггахь бойуш а ерш «Iожаллин эскадронаш» ю.

Амма Оьрсийчура журналистана, кхерамазаллин хаттаршкахула волчу экспертана Солдатов Андрейна хетарехь, хIинца а хьалхе ду и зуламаш дарна Оьрсийчоь бехке ю бохуш чIагIдан.

Салдатов Андрей: «Оьрсийн акцент а йолуш къамел деш болчу нехан го инзаре боккха хила мега. Царна юкъахь хила мега Оьрсийчура а, Беларусера а, Украинера а бахархой. Со кхета уьш саготта хиларх.

Со кхета дуккха а хенахь кхерам хиларх, цхьа дакъош, я цхьацца Оьрсийчура нах Украине баьхкина хила мега аьлла. Амма, суна хетарехь, цкъачунна дукъа къезиг тоьшаллаш ду цунах лаьцна цхьаъ билггала дийца".

Амма Оьрсийчоь Украинерчу хьолана юкъагIерташ яц бохучух теша хала хуьлуш ду, керла тоьшаллаш гучудуьйлуш а долуш.

Дукха хан йоцуш Оьрсийчоьнан ГIезалойчура шина журналисто дIахьедар дира цIена оьрсийн мотт буьйцучу наха баханчу беттан 31-чу дийнахь йиттира шайна аьлла. Цу наха Киеверчу петар чура араваьккхина номерш йоцучу Iаьржачу машенахь дIавигина хилла ши журналист.

Цу кеппара дIа а бигина йиттина оппозицин жиграхошна Луценко Игорна а, Вербицкий Юрийна а.

Цхьаболчу тергамхошна хетарехь, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн тобанаш маьрша лелаш ю Украинехь. Iедалша леррина ледара йитина Украини кхерамазаллан сервис, къаьсттина контрталламан сервис аьлла, хета меттигерчу журналистана Райхел Юрийна. Кхечу пачхьалкхаийн талламан сервисашна Укрианехь ялсамане ю бохуш чIагIдо цо, шен материалашкахь.

Березовец Тарас Украинера политикан технолог ву. Стохка Лахьан-бутт чекхболуш Евромайдан олу дуьхьалонан акцеш юьйлаелча Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша шайн агенташ хьовсийра Украине бохуш, дуьйцу цо.

Березовец Тарас: «Киевехь вуно дукха Оьрсийчоьнан талламан сервисийн белхахой бу тIеман министраллан коьртачу талламан урхаллан эпсарш а, Федералан кхерамазаллин сервисан эпсарш а.

Уьш коьртачу декъана уьйраш латторан декхарш кхочуш деш бу, шайна юкъахь Украинин ницкъаллин структураш а йолуш. Цара хьехамаш беш хила мега, дуьхьалонан акцешца къийсам латтор хьокъехь, Оьрсийчохь иза хIинцале а дина ма хиллара».

Цхьаболчара чIагIдарехь, «Iожаллин эскадронаш» тера ю Нохчийчохь тIемаш доьлхуш «террорахой», ткъа иштта бакъонашларъярхой а, журналисташ а байа ФСБ-но кхоьллинчу тобанех.

Амма массо а бац и тобанаш оьрсех лаьтташ ю аьлла хеташ. Березовеца дийцарехь, Украинин ницкъаллин структураш пайда оьцуш хила а мега Оьрсийчоьнехь безам ца хиларх, шаьш оьрсий ду моттуьйтуш. Ткъа цунах теша кийча бу Евромайданехь дуьхьалонан акцеш дIахьош берш.

Березовец Тарас: «Баккъалла а хила мегаш дерг ду и нах лечкъийнарш цхьа а оьрсий а боцуш, украинахой хилла хилар. И деш берш Украинера ницкъаллин структурийн белхахой хила мега, оццу Беркутера дакъоша, масала. Уьш леррина нах шайн лорах баха гIерташ хила мега".

Амма цуьнга хаьжна доцуш, нагахь тIелетарш ца совцахь дукхах болчу украинахоша цунна бехке йийра ю Оьрсийчоь. Кху кIиранах Сочи Олимпиаде баха новкъа бовлуш бу Украинин спортхой.

Царна хьажийначу постер тIехь аьлла ду: «Шу доьлхуш ду Украинера машаран дуьхаьлонан акцийн декъашхой байар тIедуьллуш а, уьш байарна мах луш а йолчу пачхьалкхе».
XS
SM
MD
LG