ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина кийча ю Малайзин кеманах хилларг дуьнене таллийта


Украино дIахьедина, шен лаьтта тIе Малайзин кема дожар таллар ша дуьненаюкъарчу экпертийн кара а ло, и болх Голланди коьртехь а йолуш дIабахьа а богIу, аьлла. Премьер-министра Яценюк Арсенийн бохура, Киево массо а агIор накъосталла дийр ду эксперташна кема хьенан герзо чудожийна толлуш.

Беллачех йисина межеш зен Голланде дIакхачо а кийча ду шаьш, элира Яценюка, веллачу 298 стагах оцу махкара ши бIе гергга хиларна. Цо дийцарехь, ткъе 26 дакъа бен ца дисина хьенан ду ца къасталуш. Украинерчу Торез гIалина гергахь дIагулдина декъий талла бахана Голландера говзанчаш оршотдийнахь.

Беллачийн ларш карор а, уьш цIахь дIабохкар а ю шен Iалашо, аьлла Голландин премьер-министра Рютте Марка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG