ТIекхочийла долу линкаш

Кема леррина дохийна пилото


Германи -- Любиц Андреас марафонехь дакъалоцуш ву, Гезг13, 2009

Германи -- Любиц Андреас марафонехь дакъалоцуш ву, Гезг13, 2009

Альпашкахь чудоьжна долу немцойн некъахой лелон кема цуьнан пилотех цхьаммо лерина бердех тоьхна аьлла хеташ ю Францера прокуратура.

Шинари дийнахь Францерчу Алпашкахь чудоьжна долчу немцойн Airbus A320 кеман чохь 150 стаг кхелхина. ХIинца керла гучудевллачу хааршца, кема дуьгуш хиллачу пилотех цхьаммо лерина бердех тоьхначух тера иза. Азимова Сийлахас дуьйцу, авиабохамах а, цуьнан бахьанех а лаьцна.

Дагахь а доцучу агIор доьрзуш лаьтта Францерчу Алпашкахь Барселонера Дюссельдорфе даха новкъа даьлла хилла долу немцойн Airbus A320 кема чудожаран хьокъехь шина пачхьалкхан, Германин, Францин, Iедалхоша дIахьош болу талламаш. Марсел гIалин прокуратурин векалша чIагIдарехь, схьагучу суьртаца, кема дуьгуш хиллачу шина пилотах цхьаммо, Любиц Андреас, иза леринчу Iалашонца лаьмнашкахь лах а дина, бердех тоьхна.

Марселерчу аэропортехь ша еллачу пресс-конференцехь цу гIалин прокурора Робен Бриса дIахьедар дира, цу 27 шо долчу кемадигархочуо тIаьхьарчу иттех минотехь яьхна йолу гIулчаш кема доьхначул тIаьхьа карийначу шайх „Iаьржа гIуткхаш“ олучу, кабинашна чохь хуьлуш дерг дIаяздеш болчу гIирсанна дера йозанаш дешаро гойтуш ду, аьлла. Цуо дийцарехь, шен накъост, хьалхара пилот, кабини чуьра цхьана гIулкхана йоцачу ханна араволушехь, Любиц Андреас оцу сохьта кабинин неIарш дIачIагIйинера, ткъа цул тIаьхьа кема лахдаран механизм хьала а латийнера.

2-3 минот яьлча юха шен меттиг схьалаца дагахь кабини чу кхача гIоьртинчу кеман экипажан капитанна неI дIачIагIйина карийнера, ткъа цул тIаьхьа Iаьржачу гIуткхаша динчу аудио-йозанашкахь хезаш ду, цуо неI етташ а, шозлагIчу пилоте иза кхойкхуш а, цуьнга неI схьаелларе цуо дехарш деш а.

Эххар а, схьахетарехь, кема лахлуш дуйла а, цхьа бохам хила герга буйла а кхеттачул тIаьхьа экипажан капитан неIарх мийра бетташ а, шен дегIан йозаллийца и неI гуранашна чуьра схьаэккхийта гIерташ а хезаш ду, Марселан прокуроро дийцарехь. Амма Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь 200I-чу шеран гезгмашин баттахь кеманашца теракташ йинчул тIаьхьа вуно чIагIйина йолу пилотийн кабинин неIарш цу кепара схьаеллаялар аьттехь а далур долуш хIума дац.

Цуьнца цхьаьна оццу мIаьргонашкахь кабини чохь волчу шозлагIчу пилотан чехкдаьлла садеIар а, иза мелла а меттах хьуьйш хилар а хезаш ду аудиойозанашна тIехь, прокурора Робена чIагIдарехь, ткъа иза и пилот цу хенахь дийна хилла хиларна а, иза сакхетамчохь а, ша деш дерг хIун ду хууш хиларна а тоьшалла лору цуо.

Иза дерриге а ларамаза хилла а, ткъа пилот сакхетамчохь хиллехь а, амма цхьана цадевзачу бахьанашца меттах ца валалуш, я дог лаздаьлла, я цхьа кхин цуьнан ницкъ боьхкуш долу цамгар кхетта цу кабинин закъалт хилла аьлла хета мегар дара, Iедалхоша чIагIдарехь, нагахь санна вайн заманахьлерчу кеманийн пилотийн кабина дIакъовларан система вуно чолхе а, чоьхьа Iачу пилото ша жигар ца яьккхича, цу неIаршна блокада хила йиш ца хилар а хууш ца хилча.

Малхбузерчу авиакампанийн кхерамазаллин аналисташна тIе а тевжаш, Марселан прокуроро Робена билгалдаьккхира, и неI дIачIагIйаран система пилото, синкхетам чохь а волуш, куьйгаца шиъ нуьцкъала гIулч яккхар тIедожош ю – цкъа хьалха пилотийн кабинин неI блок тIе хIоттош болу гIирс пIелгашца хьала таIон безаш бу, цул тIаьхьа гIеххьачул куьйгана ницкъа а хуьлуш, иза охьатаIон беза. Цу кепара, ларамаза, ца хууш, и блок ша дIахIоьттина бохург бакъхила йиш яц, Iедалхочуо чIагIдарехь.

Ткъа хIун бахьанаш хила йиш ю сакхетамчохь волчу стеган, ша велла а ца Iаш, кхин а I49 стаг сел къизачу кепара вен лаам кхоллабалийта? Цхьаццаболчу аналисташна бахьана Любиц Андреас депресси олу синан цамгар ловш хиларехь го. Иштта тергамхоша билгалдоккху, дуьненан авиацин исторехь цу кепара пилото кема, цхьа а гуш бахьанаш а доцуш, цIеххьана лах а дой, чудожор массийтаза а хилла ду, авиакампанеша цу хьокхехь ца евлла бен ца дийцахь. Иштта Британерчу БиБиСи агенталло яьккхинчу цхьана филмехь дуьйцу цу кепара пилотийн бехкаца хиллачу авиабохамех лаьцна.

Венерчу Малхбалерчу Европера талламийн интститутан белхахочуо Чапханов Руслана а дуьйцу, пилото, цхьа а бахьана доцуш, цIеххьана кхетамчуьра а волий, я цхьаццаболчара вуьшта ма-аллара, жинний дола а воьдий, кема чудожош меттигаш хиларх лаьцна.

Чапханов Руслан: „Iедалхоша и бохам цхьана пилото шен лаамца кхоьллина бу бохург дуьхьара хьахийча суна 25 шо хьалха Сингапурерчу кеманца хилларг дагатессира. Цигахь хIетахь цхьа а гуш бахьана а доцуш, кема хIурда чу доьжнера.

Iедалхоша талламаш бинчул тIаьхьа дIакхайкхира, цу кеман пилото, шена тIехь вуно дукха декхарш хиларна, ша а леш, шеца болу некъахой а бойъуш, иштта кема чудожон сацам бина хилла, аьлла. Амма хIетахь Iилманчаша а, цу стеган гергарчу наха а и финансийн бахьана цуо и бохам кхолларехь хилла бохург дацаре дира.

Iилманчаша хIетахь а дийцира, шайн белхан тIеIаткъамечу, халчу хьелаша кхоллахь а, я муьлхачу а кхечу ца девзачу бахьанашца кхоллалахь а, пилоташна наг-нагахь и цхьа цIеххьанлера синан цамгар кхетачух тера ду, цаьрга и тайпа сацамаш бойтуш долу, бохуш. Дера Iедалхоша шайн талламаш бийр бу. Бан а беза. Амма и хIума а-цу къайленечу цамгарца долу- тидаме лаца деза аьлла хета суна“.

Тамашийна хир дара хIинцалерниг санна боккха бохам хиллачул тIаьхьа къайлахчу бартийн теорех тешачу наха цу кататастрофех а, шайна хет-хеттарг дуьйцуш, цхьа питана дан ца гIоьртинехь. Иштта, хIинцале а интернет машанахь даьржина, Любиц Андреас ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанан агент хилла, цу тобин омрица дина ду цуо и зулам, бохург. „Любиц Андреас Исламан пачхьалкхан турпалхо ву“ - бохуш йолу агIонаш гучуюьйлу тайп-тайпанчу социалан машанахь а, и бохам терроран акт ю бохург нехан кхетамехь чIагIдан гIерташ.

Амма цхьа а кепара тоьшаллаш дац, Airbus A320 кема чудожар террорхошца зIе йолуш хилла бохунна, аьлла кхин цкъа а дIахьедар дина Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министр волчу Де Мезьер Томаса.

Цу юкъана кеманна чохь хиллачу некъахошна шаьшца хуьлуш дерг уггаре а тIаьхьарчу мIаьргонашкахь бен кхетта дац, бохуш дийцира Марселан прокурора Робена. Iаьржачу гIутакхо динчу аудио-йозанашкахь кема бердах кхета масех мIаьрго йисича бен хезан дац кеманчуьрчу некъахоша маьхьарш хьокхуш.

XS
SM
MD
LG