ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абхазехь а, Къилба ХIирийчохь Оьрсийчоьно лелош дерг харц хета Расмуссенна


Абхази а, Къилба ХIирийчоь а Гуьржийчоьнах йозуш йоцу пачхьалкхаш хилар къобул дар юхаэца аьлла кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка НАТО-н инарлин секретаро Фог Расмуссен Андерса. Кххаринг дийнахь динчу шен дIахьедарехь Рассмуссен ша саготта хилар хаийтина Оьрсийчоьнан дозанхой, Гуьжийчоьнна а, цу шина республикана а юкъахь, кIохцалгийн серий а туьйсуш, дуьхьалонаш еш хиларна.

НАТО-н куьйгалхочо билгалдаьккхина цу гIуллакхо «баха новкъарло еш хилар» дозанна дехьа-сехьа бисинчу Гуьржийчоьнан бахархошна. Рассмуссена дийцарехь, Оьрсийчоьно лелош дерг догIуш дац цо шена дуьненаюкъараллана хьалха тIелаьцначуьнца. Цо новкъарло йо цу регионера хьал машарца дIадерзорна.

Оьрсийчоьно Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцу пачхьалкхаш хилар къобулдина 2008-чу шарахь Марсхьокху бутт болалуш Гуьржийчоьнца тIеман конфликт хиллачул тIаьхьа. Цу шина а республикехь дIатардина ду Оьрсийчоьнан эскарш. Абхази а, Къилба Хiирийчоь а Оьрсийчоьно дIалаьцна шен территори лора Тбилисино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG