ТIекхочийла долу линкаш

Iедалша хьийзош бу Сочера Олимпан ловзаршна бойкот яре кхайкхина адыгийн жигархой


Оьрсийчоь - Кавказхойн хелхаран тобан декъашхо, Сочи.

Оьрсийчоь - Кавказхойн хелхаран тобан декъашхо, Сочи.

Сочехь Олипан ловзарш тIекхачарца доьзна терроран кхерамаш тийсар хьокъехь чергазойн къоман вовшахтохараллин векалша дIахьедар дина, шаьш машаре дийцарш дIадахьарехьа ду Iедалшца аьлла.

Шаьш тIе ца дуьту боху цара муьлхха а криминалан чулацам болу къийсамаш, шайна юкъахь терроризм а йолуш. Цу наха цу тайпа дIахьедар дар ларамаза дац. Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн Iаткъам ловш бу уьш кху деношкахь, цара Сочера Олимпиадина бойкот яре кхайкхина хиларна.

Кхузаманахьлера Сочи-гIала лаьттачу меттехь хилла Саше олу чергазойн эвла. 1763-чу шарахь болабелла 1864-чу шарахь Кавказан тIом дIабирзича, адыгийн къаьмнаш гучур дIадала мега аьлла кхерам хIоьттича, махкахь белла и нах. ТIаьхьарчу хенахь шайгара схьабаьккхинчу махкахь Олимпиада ярна дуьхьал бевлла, цунна бойкотяре кхуьйкхуш бара цхьаболу чергазойн юкъараллан жигархой.

Даханчу шеран ГIуран-беттан 13-чу дийнахь Оьрсийчоьнан талламан комитетан белхахоша уьш лецна дIабигира Краснодаре. Экстремизмаца къийсам латтооран комитетан белхахоша талламаш бира церан хIусамашкахь. Уьш лацаран бахьана дара Чернышев цIе йолу тIемалошца уьйраш латтош волу стаг хила мега цара лечкъош лелош алар.

И бахьана долуш Леррина дIахьедар динера Human Rights Watch вовшахтохаралло. Цу тIехь аьлла дара иза дуьххьара дац Оьрсийчоьнан Iедалш, цхьа а бух а боцуш, Олимпиада хьокехь критика еш бист хиллачу нехан хIусамех хьежар аьлла.

Цул сов, Оьрсийчоьнан Iедалша сихха сацо деза Сочера Олимпиадан кечъяран процессан критика еш болчу чергазойн бакъонаш къуьйсучу нахана Iаткъам бар аьлла ду Human Rights Watch-чо динчу дIахьедарехь.

Чергазойн жигархошна сих-сиха бехке дуьллуш ду экстремисташ а, сепаратисташ а хилар. Иза билгалдоккху «Хасэ» олучу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан боламан куьйгалхочо Яганов ИбрехIима. ТIаьхьарчу хенахь шайна Iаткъам бар алсам даьлла бохуш, дийцира цо Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.

Яганов ИбрехIим: «ТIаьхьарчу хенахь чергазойн юкъараллан вовшахтохараллийн декъашхой вуно боккха Iаткъам лан буьйлабелла лерринчу сервисашкара. Иза доьзна ду лерринчу сервисашна тхо низамаш лардаран кепара даха лаарца. ТIаккха церан Iалашо ю тхо низам дохорна бехке дан.

Цул тIаьхьа цара тхоьца доьзна хаттар кхочуш дийра ду, шаьш иза исламан къайлах лелачу тIемалошца деш ма хиллара: инзаре къа а хьогуш, тхо хуьнха а лаьхкина, таккха турпалалла а гойтуш, герзаш детташ дайъар».

Ягановс дийцарехь, уьш юкъахьекхош бу экстремизмана. Цаьрга хеттарш до, уьш тIемалошца уьйраш йолуш болуш санна. Амма шаьш юьхьарлаьцнарг машаре некъ бу, шайна юкъахь берш дешна, кIоргга Iилма долу нах бу бохуш дуьйцу Яганов ИбрехIима.

Яганов ИбрехIим: «Юкъараллан вовшахтохараллийн жигархой вуно дика дешна нах бу. Ткъа дешна боцучу лерринчу сервисийн белхахошна хала ду цаьрца болх бан. Церан хаарш дац тхоьца лортIехь къамел дан.

Цаьрга тхуна бехке ца диллало цхьа а низам дохор. Цундела кху тIаьхьарчу хенахь, Олимпиада бахьана долуш, тхо Iаткъам ловш ду. Тхуна цара лелориг низамашца догIуш дац аьлла хета".

Эксперташна хетарехь, Сочера Олимпиада дIахьош кхерам бу экстремисташа терроран тIелетарш дарна. 2013-чу шеран Товбеца-баттахь «Кавказан Имаратан" куьйгалхочо Умаров Доккас кхайкхам бира шен агIончашка, Олимпиада юкъахяккхар Iалашонца шайга далуш дерг дан деза аьлла.

Сочи туьйлира 2014 шеран Олимпиада дIаяьхьа бакъо йоккхуш Дуьненаюкъарчу Олимпан комитетан Гватемалехь хиллачу къовсамехь 2007-чу шарахь Товбеца-баттахь. XXII Олимпан ловзарш схьадоьллуш Сочехь церемони хир ю тIебогIучу Чиллан-беттан 7-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG