ТIекхочийла долу линкаш

Ялташ – хьийкъина, хенан хΙоттам -эшна


Нохчийчоь -- Ялта чудерзош ду ярташкахь, Теркйист, 07Тов2012

Нохчийчоь -- Ялта чудерзош ду ярташкахь, Теркйист, 07Тов2012

Ши кIира сов хан яьлла Нохчийчохь, цхьана хан бен маьлхан бIаьрг гучу ца болуш, йочане денош лаьтта. Цу хиламо йиш йохийна юьртабахамийн хьаькамийн а, дуьйш-дерзочу латтанех, ялташ кхиорах, болх-некъ бина лелачу долахойн а. Мехкан юьртабахамийн урхалло Iорабаьккхинчу хаамца, хаддаза доьлхучу догIанаша хаъал эшам бан болийна чудерзочу ялташна.


Уьш хьакха долийча цхьана гектар тIера 20 центнер сов ялта долура, ткъа хIинца и гайтам 19 –не а ца кхочу, боху официалан хьостано. Юьртабахамашца боьзна болчу говзанчаша а, аренашкарче белхалоша а мукIарло до, маьлхан денош а даьхкина, Iовдаелла меттиг хилахь, дараш ца хилийта уггаре хьалха оьшуш ерш комбайнаш ю, бохуш.

Уьш ца тоаро лакхабаккха тарлуш ду хиндолчу зенийн барам. Ткъа уьш тоъане а тоьаш хилар бIаьстенан юьххьехь дуьйна дийцаре деш ду массо а тIегIанахь, хийцаделла хIума а доцуш.

Юьртабахамийн урхаллехь а билгалдоккхуш ма-хиллара, Нохчийчохь пайдаэца мегаш ерг 300 комбайн бен яц, уьш а яаелла, тишьелла, шаьш кхочуче дIакхевчча ю. Ткъа дараш кIезиг долуш ялташ чудерзо оьшуш кхин оццул а сов ю – 400 комбайн.

Нохчийчохь ялта кхьу меттигаш ю аренца, Теркана шина а агIор Iохку Невран а, Шелковсковскан а,Теркйистан а кIошташ. Цигахь яккхий меттигаш дIалоцу кIенан а,мекхан а, Iаьржа кIенан а кхаша. Даьржина ду цу агIор даьхнийлелор а. Хаддаза догIанаш эхаро а, лерина техника цатоаро а шайна бан тарлучу эшамах дуьйцуш ву Новр-кIоштарчу цхьана бахаман агроном Ширван. Цу хьокъехь тхойшиннан иштта къамел нисделира.

Ширван: «Эзар гектар кIа а ду чудерзо дезаш, 80 гектар мукх а бу, иштта Iаьржа кIа а, хIуш а».

Маршо радио : ХIара догIанаш бахьанехь мел эшам хила тарло шуна?

Ширван: «Зенаш чIогIа хуьлу. Селхана, стомара, жимма кор даьлла, комбайн юкъаяьккхина оха. Ялташ тIуьна долуш, 30-40 % схьа ца эцалуш дуьсуш ду-кх. Техника а ца тоьана, тIех дакъалахь, охьаоьгур ду буьртигаш. Сийналла а чIогIа хьалататтаелла догIанаш бахьнехь. Даккхалуш дерг дерриге а схьадоккхуш ду. Комбайн кхоъ бен ян а яц, хьакха йисинарг эзар гектар а сов ю. Кхин а хьелахь, нийсса ах а схьаэцалур дац».

Маршо Радио: Шайн йолуш йолчу техникаца ларалур дуй шу?

Ширван: «Ларалур дац. Кхечанхьара ялийна а, комбайнаш а ялийна,Iовда ма-делли катоьхна дIа ца даккхахь, ялташ довр ду. Цу кхаа комбайне хьежахь, цхьана-шина батте дIагIур ду ялташ чудерзор».

Ширвана дийцарехь, итт шаре а яьлла, тишьелла техника, коьртах а яьккхина, массо а гулам-кхеташонехь ялхош йолу цхьа-ши шо хилла ца Iа. Амма, боху цо, Iедалдайша, цунна доцург, дIахьежийна, хIумма а кIезга а ца хьежош, даккхий ахчанаш. Цо чIагIдарца, техника цатоаро, кхушара дуьххьала а доцуш, хаза нехан санна зенаш хуьлуьйту юьртабахамашна. Цунна хетарехь, шо даьлча, ши шо даьлча и гIуллакх аттачу дер ду ала дегайовхо цкъачунна кIезиг ю.
XS
SM
MD
LG