ТIекхочийла долу линкаш

Iалауддин Арслан Ахьмад - Iаьрбийн турпал


Урдун - нохчийн инарла, 1985

Урдун - нохчийн инарла, 1985

Хьалха заманахь дIабаханчу нохчийн цхьацца кепара аьтто баьлла цу пачхьалкхехь шайн доьналла гайта. Цунна дуьхьала, иза къобалдеш, меттигерчу Iедалша а хам бо церан. Урдунан низамо ца магадо, майраллица къаставеллачу вахархочух шозза Къоман Турпал ван. Амма Iедалша нохчийн инарлах Iалауддин Арслан Ахьмадах шозза Турпал вира. Нохчо дика вевзаш ву Iаьрбийн махкашкахь. 1960-чу, 1973-чу а Малхбалерчу тIемашкахь дакъалоцуш цо гайтинчу хьуьнаран масалш хIинца а даладо Iаьрбаша.1979чу шарахь къаьсттина билгалвелира иза террорхоша кечдинчу зуламах Макка кIелхьарйоккхуш.


1901-чу шарахь Урдунан махка кхечира нохчийчуьра мухIажараш. Туркойн Iедал дIа а даьлла 1921-шарахь паччахь Абдалла хьалхарчо хIашимайт Урдунан пачхьалакха хIоьттича, иза новкъахь йолуш, хIашимайт тайпанан цIерах цхьа пачхьалакха хила ца лаьара цхьа болу Iаьрбийн куьйгалхошна. Цу тIе, Жуьгташа Палестина яьккхина Израил хIоттира.

Ишттачу чолхе хьелашкахь Урдунан махкан чIогIа эскар оьшур, иза дан чIогIа нах оьшур. Паччахь Абдалла хьалхарниг, Палестинхоша Къудсехь маьждиг чуьра араволуш герз тоьхна Вийча, цул тIаьхьа паччахь хIоттина Хьусен паччахьан ХIара мохк Жуьгтех а Палестинхойх Iалаш бан дийзира. Цу юккъахь Нохчийн чIогIа оьшур.
У
рдунан эскарехь инарла дарже кхаьчна, махкана а хIашимайташна бIаьрла доьналла гайтина чарех Аладдин Ахьмад ву. Аладдина Ахьмадан кIанто, Алаъа дуьйцу шайн дех лаьцна.

Алаъ: "Жима волуш дуьйна эскаре ваха лууш вара иза. 16 шо долуш эскаре язвала вахча неIарера чу ца витча, корера чу вахна язвеллера иза эскаре. 1958-чу шарахь лейтенант хилар и. Палестине дIахийцира сан да. Дуьххьаралера маса шо цигахь текхира цо.

Шайнна хаьара цуьнан спецназ гIуллакх бен шайна мегар доцийла. ТIаьхьа, боккха тIом иккхира Израилна а Iаьрбашна юкъахь 1967-чу шарахь. Цу тIамехь Iаьрбий эшча, керла программаш хIиттира цо Эскар чIагIдан. 1968-чу шарахь Урдунан а Израилана юкъахь юха тIом белира. Цигахь чIогIа тIом бира цо.

1973-чу шарахь, Хьусин паччахьо спецназ эскар хIоттадайтира цуьнга. Спецназ коьртехь 6 шарахь, уггар дукха Iийна баьчча ву иза. Цу хенахь дукха меттигашка хьежор сан да. 1975-чу шарахь Iуманан махкахь гIаттам хилира, Iуманан паччахь дIаваккха. Сан да, Хьусин паччахьо Iуманан паччахьан, Султан Къабосин пачхьалакха кIелхьара яккха вахийтира. И гIаттам дIасацийра.

Цул тIаьхьа, Урдунехь Iаш Палестинхой бара. Палестинан мохк Жуьгташкара юха баккха кечлуш. Иза муха юха баккха беза аьлча, Цкъа Урдунан мохк шайн кара а берзийна, Урдунера Израилна тIе лата план ера церан. Цу бахьнехь, Урдунан эскарна а Палетинхойн тIемалошна юкъахь тIом белира. Тхан дас чIогIа том беш, Палестинхой Урдунчуьра арабехира.. И тIом дIабирзинчул тIаьхьа, Палестинхошо чIир кхайкхира, тхан да вийначуьнан 5 миллион долар лур ду аьлла.

Урдунан а Палестинхойн тIом хилла 6 шо даьлча, церан терархойн Амман гIалахь уггар доккха хьешийн цIан, Интерконтинантал, чу лилхина, наха закъалт лаьцна, шайн Урдунехь набахтиш чохь болу тIемалой ара хеца бохуш Урдунан тIеIаткъам бан гIоьртира. Тхан дас а цуьнан спецназо гостиница чу а хаьхкина, терархой бойъуш, цхьа беш схьа лоцуш закъалтхой кIелхьара бехира.

Маршо радио: Цу хьешан цIа лилхина террорахойн коьрта Iалашо, Кханалерачу паччахьан, Абдалла ШолгIачуьнан Нана принцесса Мина ядо яра. ЧIогIа кхераме хьал хилла дела, паччахь Хьусин чIогIа реза хиллера Аладдин Ахьмадна, цуьнан доьналлина.

Урдун - инарла Аладдин Ахьмад кеманна тlера чукхоссавелла, 1975

Урдун - инарла Аладдин Ахьмад кеманна тlера чукхоссавелла, 1975

Алаъ: 1979-чу шарахь, ГIажарийчоь, СаIодера Макка яьккха гIерташ, Маккачу терархой бахийтинера, коьртехь МахIди ву бохуш. ХIинца волу СаIодин паччахь Абдалла, цу хенахь, шолгIа стаг вара СаIодехь. Цо Урдуна н паччахьера, Хьусенера гIо дийхира. Эскар ца дийхира цо, Урдунера цхьа стаг вийхира, иза тхан да вара. Тхан да цига вахна, и хьал дуьстина, план хIоьттина, СаIодин эскарега юха яккхийтира Макка ГIажарий карара.
Тхан да, Палестинхойн а Урдунна тIамехь шозза, шайн хенале, даржехь хьала ваьккхира. КхоалгIа хьала ваьккхира, гостиница терархойн кара юха яьккхича дара.

Маршо радио: Муьлхачу даржехь дIавелира Аладдин эскарера?

Алаъ: Ши седа инарла кхачча, Урдунан эскарехь шолгIа стаг вара и дIаволуш. Эскарера дIаваьлча 44 шо дара цуьнан. ХIинца 71 шо ду цуьнан. Жимма могуш воцуш, хала лелаш ву и.

МР: Алаъа дуьйцу, Маккахь хилла терристийн коьртехь Ал Iутайби ЖухIаймана вара. Иза 1979-чу шарахь ГIажарийн чохь гIаттам хилла, Хумайни хIоьттина дукха хан ялале хилла ду. Аладина, герз детташ Макка цIа юха яийта цуьнан бухахь долу татолаш чу лечкъина хилла террристашна чу хи хесна, Макка чуьра ара а идийтина бен герз ца леладайтира, бохуш дуьйцуш цу хенахь Аладдинан юхехь хиллачара.

Аладдин Ахьмад даима шайн нохчашна чохь са долуш ша яьккхина меттиг, шайн даржа нохчашна кхоийна вац. Iедалехь гIуллакх чекх долура Урдунера нохчийн Аладдин гергар ву аьлча. Массара Аладдин я деваша я ненан ваша ву олура.

Алаза ца долург, Аладдин санна Урдунан эскарехь нохчийн къонахой кхин хилла бу. Масала, Израилан пачхьалакха хIуттуш 1948-чу шарахь, Iаьрбийн эскарш эшна аьлла юха даьлча, къар ца волуш юха ваьлла реза воцург нохчо бачча вара. Спецназ эскарехь, Аладдинан гIоьнча нохчо вара, вуьшта кхин бу гоьбевлла хьаькамаш а баьччанаш. ХIете, Урдунан официал исторехь уьш дукха хьеха ца ву.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG