ТIекхочийла долу линкаш

"СПИД-м ца лаьцна ахь, Ваши?"


Дуьнено имуннодефицитан синдромна духьало яр даржош тIеэцна симбол

Дуьнено имуннодефицитан синдромна духьало яр даржош тIеэцна симбол

Статисташа а, лоьраша а официалехь бахарехь, Нохчийчохь 1500 гергга стаг ву, шайлахь ах эзар зуда а, 100 гергга бер а долуш, дарба доцу, Оьрсийчохь СПИД олу эвхьазаллин цамгар, имуннодефицитан синдром лаьцна, тахана-кхана бохучу лечу хьоле кхаьчна. Ткъа и терахьаш а, нохчийн амал евзачо кхетадо, махкахь нахала девлларш бен хуьлийла доцийла а, и боьха ун шеца дерг тап-аьлла дΙа, валлалц, дерг хьул а дина, вехар вуйла а. Цундела ду нохчийн молланаша а, уьш тΙетевжачу хьаькамаша а, йоΙ-кΙант, доьзал кхолла вовшахкхеташ, лоьрашкара шайца и цамгар яцаран тоьшалла даккха кху муьрехь декхаре дар. Амма хуьлу вайн, даима а санна, тΙех чΙиркъе хьевзича довлу беламе хΙуманаш а.


Нохчийчохь цхьабосса туьдуш хIума дац, Iедалан цхьа ницкъаллин структура йолуш санна, муфтиято вайнехан дахарехь дIалоцу меттиг а, цо гойту жигаралла а.

Бахархойн иманан тIегIа лакхадоккхуш, уьш массо ялсамане кхачо санна, хаддаза хьехамаш беш, дIахьош болу кхетош-кхиоран болх боцуш, динан урхалло шен тидамехь латтайо нохчашлахь бехке лоруш йолу дуккха а агIонаш: дахаран кеп-чулацам а, юкъараллин раж-низам а муха хила догIу бохучун биста кхаччалц.

Цуьнан белхахоша маларш ду-дац хьоьжуш туьканашкахь зераш до, Iорабоху харц безамах марзо оьцурш, зина деш берш а. Доцца аьлча, муфтиятан карахь юкъараллина тIеIаткъам бан таро луш, цо пайдаоьцуш йолу зеразакънаш кIезиг яц.

И мел нийса я бIоста нисло вайнехан гIиллакх-Iадаташца а, Оьрсийчоьнан низамашца а бохург чот-хьесапе оьцуш дац. Цу декъера ларало, хетарехь, дахар цхьаьнадузуш болучеран кхолламаш молланех бозар а. Вуьшта аьлча, лоьрашкара лазарца бац аьлла тоьшалла ца хилча, уьш вовшийн кхачош, мах цабар.

Цкъацкъа и гIуллакх Нохчийчохь беламе доьрзуш меттигаш а йогIу. Цунна масалш кIезиг дац. Кху деношкахь цхьана кIоштахь дезткъара ваьллачу шайн дена, цунна эвхьаза а, шайна синтеме а хир ду, аьлла, кIенташа зуда ялийна.

Бусалбан дино ма хьоьхху, царна мах байта боьлча, молла дуьхьала ваьлла, лоьрашкара "испаравка" боху кехат ца хилча, шен бакъо яц, аьлла. «Ой, хIорш хIу доло хан йолуш нах а бацара, я Соьлж-ГIала а бахна, лоьраш тIехула лела хан йолуш а бацара, баьхча а гIуллакх ца хилла.

«Оццул Iовдала а, эхье а хеташ хIума доллушехь, со-сайх эхь а хеташ, и кехат даккха дийзи –кх сан, дIа а, схьа а ши бIе чакхарма сов некъ а тоьхна, боху, зуда ялийначу воккхачу стеган кIанта. Iар-дахар а, болх-некъ а Оьрсийчохь нисдина, цхьана ханна цIа веъначу цунна къаьсттина тамаше, акха хеталучу хIуманех цхьаъ ду цу кепара бахархошна билламаш хIиттор.

Кху чохь бехаш болчу нохчаша а дац иза, кIедо аьлча, цхьабосса кхетош. Зударийн ида ца байта бина чIагIамаш-м вон а бацара, боху могIарерчу наха, амма тIех дерг тIех ду. Новр кIоштара Желил ву дуьйцуш.

Желил: «Кхузахь юкъадаьккхина ду справкаш яхар. Цхьана агIор дика а ду иза, зударий цаидорна. Дукха меттигаш яра мехкарий ида а беш, хIаллакбина. Бакъдерг дийцича, нах ца кхеташ хIуманаш а ду. Тхан юьртарчу цхьана воккхачу стагана зуда ялийна, цуьнан Iуналла дайта. Ткъа моллас цунна а тIедожийна-кх лоьрех чекхвалар. И Стенна леладо? Шен доцчу денца гIала а вахана лелла иза. Ас сайга хаьттича, баккхийчаьрца и леладойтур дацара. Паспорт дIа ма деллехь, яла езара и санначарна я мах а бина вита везара, цунах татин гота а ца еш».

ХIусамнана дIакхелхина висинчунна хала ду юххехь эвхьаза стаг ца хилча. Къанвеллачунна кIентан, несан-м муххале а, буйна вахана, шех куьйгаш деттийта ца лаьа. Иштачунна зуда цуьнан хьашт-дезарш листийта, терго яйта ялош ма ю. И стенна ца кхетадо цу молланаша, бохуш, хеттаре буьйлу могIарера бахархой. Цара лелориг лартIа доцуш, Iовдал хIума хетачех ву оццу Новр-кIоштара вахархо Межед а.

Межед: «Хьажахь, доьзал болон воллуш ву и воккха стаг? Ой, хьажал хьо, цхьаммо «гIовх» аьлла, тIаккха хIорш и «гIовх» бохуш лелаш бу. Цхьа а кхетам бац-кх церан. Болийна доьзал могуш хилийта долийна ду иза долош, ткъа хIорш доьзал дебо бохкуш бу?»

Лакхахь къамел динарш санна, муфтиятан жигаралла шеконца тIеоьцурш, цуьнан белхахой шайн гIуллакх доцче дукха гIерта аьлла хетарш махкахь кIезиг бац.

Ала догIу, Нохчийчохь къам кхетош-кхиош, иза нийсачу новкъа доккхуш еккъа цхьа муфтият хилла ца Iаш, кхин а цхьацца урхаллаш, департаменташ, Iедална муьтIахь болам-цхьаьнакхетарш а хилар.

Царех ю Пачхьалкхан цIийнехь, бусалбан динца а, юкъараллица а зIе латтон кхоьллина, Тевсиев Бай-Iела коьртехь волу департамент а. ТIаьххьара дIасабаржийначу хаамца, цо шен урхаллин мехалчех мехала декхар лору кегийрхошлахь кхетош-кхиоран болх марсабаккхар а, низамхошлахь синмехаллаш дебор а, томка а, маларш а духкуш болчу йохк-эцархойн иман лакхадаккхар а, и кх. дIа а.

Къоман бала кхочурш, цуьнан кханенах дог лозурш Нохчийчохь кIезиг бац. Ткъа уьш оццу къомо муха тIеоьцу, мел маьIне а, хьогаме а бу цунна динан дайша беш болу тIеIаткъам бохург ша лаьтташ, кхин, шайх дозуш доцу хаттар хетачух тера ду хIайт-аьлла хьийзачарна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG