ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппон бахархошна бархI сахьт делла Оьрсийчоьно


Шема- Алеппо, ГIад.17, 2016
Шема- Алеппо, ГIад.17, 2016

БархI сохьтехь, бомбанаш а ца етташ, собардар хьокъехь йолу Оьрсийчоьнан план дика хир яра, амма иза дукха къезиг хIума а ду, дукха тIаьхьа дина а ду, аьлла дIахьедар дина Iамеркин Пачхьалкхан департаментан векло Тонер Марка.

Оьрсийчоьнан а, Шеман а тIеман векалша хьалхо дIахьедар динера, Алеппо-гIалана тIе бомбанаш а ца етташ, гуманитаран сацар до шаьш, маьрша бахархой цигара арабовлийта аьлла.

Иза дан дагахь бу уьш кху беттан 20-чу дийнахь Iуьйринна 8 сахьт даьлча делакълтIаьхьа 4 сахьт даллалц. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн штабан векло инарло Рудской Сергейс, хаам бо ББС-но.

Оцу хена чохь оьрсаша шаьш бомбанаш еттар яц боху Алеппо, ткъа маьрша бахархойн аьтто хир бу ьоху цара Идлиб йолчу агIор арабовла.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло дIахьедар дина, муьлхха а бомбанаш еттар сацор дикачу агIор тIеоьцу шаьш аьлла. Амма цу организацин официалан векло Дюжарик Стефана дийцарехь, Алеппо гуманитаран гIо кхачо герзаш деттар сацаде лаххара 48 сохьтана аьлла дехар дина хилла цара Оьрсийчоьне.

Дюжарика билгалдаккхарехь, цкъачунна царна ца го цхьана а кепара Оьрсийчоь а, Шеман Iедал а гуманитаран гIо дIакхачийта тIом сацо дагахь хилар.

Оьрсийн инарло Рудскойс дийцарехь, маьрша бахархойн аьтто хир бу Алеппора арабовла 6 коридрехула. Цо чIагIдарехь, и нах дIатарбийр бу Iедалша билгалъяхначу меттигашкахь. Кхача а, дарба лело молханаш а лур ду шаьш, бохуш чIагIдо Оьрсийчоьнан инарло.

Оьрсийчоьнан тIеман куьйгалхой дагахь бу маьрша нахана Алеппора арабовла некъ гойтуш цу гIалахь лерина кехаташ даржо.

Оршот дийнахь Европан кхеташоно леррина дIахьедар дина Алеппохь хуьлург бахьана долуш. Цо емал йина Оьрсийчоь цу гIала бомбанаш еттарна. Европан кхеташонан дIахьедарна тIехь аьлла ду Оьрсийчоьно а, Асадан ницкъаша а лелориг бахьана долуш бала хьоьгуш бу эзарнаш Алеппон бахархой аьлла.

Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрша бехке йина Оьрсийчоь а, Асадана Iедал а кассетан а, шелиган а бомбанаш а еттарна а, дIаьвшен герзаш лелорна а. Цул сов, министрша дIахьедар дина, Оьрсийчоьно бомбанаш етта леррина школашна а, кхин йолчу гIалин инфраструктурин гIишлоншна а аьлла.

Оьрсийчоьно а, Шеман Iедало а лелош долчо бойуш бу маьрша бахархой, коьртачу декъана зударий а, бераш а, ткъа иза тIеман зулам лоруш ду, аьлла ду министрша динчу дIахьедарна тIехь. Цара кхайкхам бина Алеппохь тIом бар сацаде аьлла.

Цул хьалха, цу тайппа дIахьедар дира Iамеркин Пачхьалкхан секретаро Керри Джона.

​Маршо Радион аналисто, историко Вачагаев Майрбека дуьйцу, хIинца Оьрсийчоьно Шемарчу бахархошна шайн бомбанашна кIелхьарбовла луш йолу хенаш нохчашца цара шина тIамехь лелийнарг ду бохуш.

Вачагаев: "Муьлхха а армино ша хьалха лелийначух пайда оьцуш Iедал ду, нагахь цо цу армин шен Iалашоне кхача аьтто бина хиллехь. Оьрсийн армино тахана Нохчийчохь шина тIамехь лелийнарг ду, кхин хийца а ца хуьйцуш, Шемахь лелош дерг. Тахана оьрсаша бомбанаш етта иштта а йохийначу Алеппо, цигахь дисина адам арадаккхархьамма. Соьлж-ГIалахь цара лелийнарг ду иза.

Оьрсийчоьнан бюйранчаша шаьш 8 сахьт ло боху Алеппора бахархошна арабовла. Амма Нохчийчохь цара иштта бакъо а елла гIалара дIабаха гIертачу нахана т1е бомбанаш йиттира. Цул сов, гIалара арабовлу нах церан кара боьлхуш бу. Церан карахь ду цу нахах тIемало верг а, воцург а къастор. Цундела, дукха нах хир бац, цхьа царах Iехабелларш боцурш, цу гIалара арабовла лууш. Мухха а делахь а, цара луш долу сахьташ цара шайн лаамехь лелош хуьлу".

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG