ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алфа Центавра талла космосан кема хьажо дагахь ву Iилманча ХIокинг а, хьолада Милнер а


Iамерка -- Ша кечйина "Breakthrough Starshot" проект йозуьйтуш ву Нью-Йоркехь Iилманча ХIокинг, Охан. 12, 2016
Iамерка -- Ша кечйина "Breakthrough Starshot" проект йозуьйтуш ву Нью-Йоркехь Iилманча ХIокинг, Охан. 12, 2016

Оьрсийчура бизнесхо Милнер Юрий а, говаьлла Британера Iилманча ХIокинг Стивен а дагахь ву "Breakthrough Starshot" цIе йолу проект кхочуш ян. Цуьнан Iалашо ю 20 шарахь Алфа-Центавра олучу седарчийн системе жима роботаш яхийта. Цу проектан мах бу 100 миллион доллар.

ЦIинцолган наноспутникаш 20 шо далале Алфа Центаврана тIе а кхаьчна, цигара хьал дуьйцуш сигнал Латта тIе хьажо церан чехкалла хир ю 160 миллион километар цхьана сохьтехь. Седарчашна юкъахула дIасалелалур дацар те адамаш бохург дукхачу нехан сатийсам бу. Амма цу тайпа некъ бан техникаца йоьзна проблемаш вуно хала ю.

Делахь а профессоро ХIокинга ББС-на еллачу интервьюхь элира адамийн и сатийсам мелла а сиха кхочуш бан аьтто хила мега, вайна моьттучулла а аьлла. «Нагахь адам кхин дIа а даха лууш далахь, вай кхечу седарчашна тIекхача деза» аьлла хета цунна.

"Астрономаш чIагIдарехь, Алфа Центавра седарчийн кочарна юкъахь болчу цхьана малхана гонаха хьийзаш Латтанах тера планета хила мегаш ю", - боху ХIокинга.

Шинарийн дийнахь ша Оьрсийчура бизнесхочо 100 миллион доллар а делла кечйина проект Нью-Йоркехь йовзуьйтуш ХIокинга элира адамана даха аьхна йолчу планетах лаьцна мелла а алсам хуур ду вайна кхин 20 шо даьлча, Льатта тIехь а, космосехь а дIанисйинчу телескопашца аьлла.

Таханлера а, хир йолу а техникан прогресс тидаме эцча, тIедогIучу чIоре далур долуш хIума ду иза бохуш вара Iилманча.

ХIокинг: "Серлоно тIех дай гата дIатоттур ду, ткъа цкъа а хилла доцу дай космосан кеманца вайн мисси дIахьажор ю Алфа Центаврана тIе цхьа чIор хийцадалале. Тахана тIех мехала йолчу цу Iалашонна тIекхача космосе кхоссалур ду вай, вай адамаш долун дела, вай тIемадевлла дIасацадахча цадолун дела».

Вайна уггаре а уллехь долу седарчийн кочар ду 40 триллион километр генахь. Таханлерчу технологех пайда а эцча, цунна тIекхача вайна дезар дара 30 эзар шо. Амма цу тIехь ойла еш болчу экспертийн тоба тешна ю, нагахь цу Iалашоне кхача таллам бан рицкъ хьажийча, космосан кема дан аьтто хир бу и некъ 30 шарахь бийр болу бохучух.

Iилманчаша юьхьарлаьцначу концепцица а догIуш, космосан кема электронан чип санна жима дан деза. Цу тайпа кеманаш Латтана гонах йолчу космосе дохур ду. Церах хIоранан а шен малхан гата хир ду. Иза мох лоцу гата долчу хина кеманах тера хир ду.

Амма мохан метта кеман гата дIатоттург хир ю малхан серло. Латта тIерачу инзаре доккхачу лазеро чехкадоккхур ду уьш, эххаре а цу жимачу кеманин чехкалла серлонан чехкаллан 20 процентана тIе а кхачош.

Наноаппаратан хир ю камераш а, фотонан мотор а, ток лон система а, зIен а, навигаци а йолу вуно жима робот а, масийтта бIаь атом бен шуьйра доцу, масех грамм йозалла йолу серлонан гата а.

XS
SM
MD
LG