ТIекхочийла долу линкаш

2012-чу шеран коррупцин да хаьржина Алиев Ильхам


Азербайджан -- Азербайджанан президент Алиев Ильхам, 23Дечк, 2012.

Азербайджан -- Азербайджанан президент Алиев Ильхам, 23Дечк, 2012.

Transparency International олучу коррупцина дуьхьал йолчу дуьненаюкъарчу вовшахтохаралло хаам бина 2012-чу шарахь ерриг а кху дуьнентIера пачхьалкхаш къаа декъе екъча, ши дакъа коррупцин лаккхара тIегIантIехь йолу пачхьалкхаш яра аьлла.

Цу хьолехь, коррупци лелийна коьрта стаг ву аьлла цхьа стаг билгалваккха хала ду аьлла хетало. Амма иза дина Iедалшца йоьзна йоцучу «Organized Crime and Corruption Reporting Project» олучу вовшахтохаралло.

Сараевохь а, Бухарестехь а туп тоьхна йолчу цу организацино «2012-чу шеран коррупцин да» хаьржина Алиев Ильхам.

Цо кечдинчу рапорта тIехь билгалваьккхина хьахош ву Косовора наркобарон лоруш волу Кельменды Насер а, Черногорин премьер-министр Джуканович Мило а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Сербера бизнесхо а, политик а Мискович Мирослав а, Узбекистанан президент Каримов Ислам а, Iедалша лоьхуш волу Сербера наркобарон Сарич Дарко а.

2012 шеран коррупционерийн цIейоза хIоттийна, Малхбалерчу Европера а, Юккъкерчу Азера а пачхьалкхаш тидаме а эцна. Иза хIоттош дакъалоцуш хилла 15 дуьненаюкъара зорбанан гIирс.

Да воккхаве вийра воцу лидеран лавран кочар делла Азербайджанан президентана. Цуьнан бахьана ду дуккха а шерашкахь АлиевгIеран доьзал дола деш хилар уггара алсам пайда бохьучу бизнесан дакъошна. Цу юкъахь хьахийна ю банкаш а, гIишлошъяран а, телекоммуникацин а, дашо даккхаран а кампаниш а.

«Organized Crime and Corruption Reporting Project» олучу вовшахтохараллан куьйгалхочо Раду Пола дийцарехь, и рейтинг хIоттош дакъалоцуш яра Маршо Радио а.

Раду Пол: "Президент Алиев а, цуьнан доьзал а, цунна уллера нах а юкъаозийна бу дуккха а къайлах йолчу кампанишна. Уьш кху шара тхуна карийна Маршо Радиоца цхьаьна. Тхуна карийна Алиев Ильхаман хIусамненан масала Панамехь йолу кампанеш, я Чехийн Республикехь йолу кампанеш. Тхуна билгалъевлла цу кампанешкахула цуьнан Азербайджанехь долахь йолу активаш".

Раду Пола дийцарехь, коррупцин дайн рейтинг хIоттош гIо дина Шотландерчу хIакеро О’Хиггин Дэна (Oh-HEE-gin). Иза тIекхаьчнера Алиев Ильхаман хIусамненан а, цуьнан йоьIарийн а долахь йолчу Панамерчу кампанийн реестрна.

Раду Пола дийцарехь, цу цIейозанан дукхах болу турпалхой шеконе уьйраш йолуш бу шайн махкал арахьа болчу нахаца. Цундела цу цIейозан Iалашо ю яьржаш йолчу коррупцина а, криминалана а дуьхьало яр.

Раду Пол: "Масала, Садич Дарко наркотиаш лелон барон ву. Балканашкал арахьа цунах лаьцна баш хууш хIума дац. Амма и тайпа нах декъашхой бу масийтта континентехула баьржинчу машанан. Ишттаниг нисделача, и стаг наркотикаш юхкуш хуьлу Аргентинера Балканашка кхаччалц йолчу территори тIехь».

Organized Crime and Corruption Reporting Project» олучу вовшахтохаран куьйгалхочо Раду Пола дийцарехь, Балканашкара а, Советан Союзана юкъахь хиллачу пачхьалкхашкара а зуламхой уьйраш йолуш бу Мексикехь доьлхуш долчу наротикашца доьзначу тIемашца а, Африкерчу пачхьалкхийн ресурсашна талораш дарца а. Цу гIуллакхо кхин а мехала бо шайн болх аьлла, хета коррупцин дайн цIейоза хIоттийначу нахана.
XS
SM
MD
LG