ТIекхочийла долу линкаш

 Алименташ цаяларна хан тоьхна Нохчийчура вахархочунна


Нохчийчура лаккхара суд.

Нохчийчура лаккхара суд.

Нохчаша даиман а деза лаьрра ду берийн дуьне а, доьзалийн паргIато а. Хууш дара де йоккхур йолу цIе бераша дIахьура хилар. Иштта, берийн гIалат а, дена-нанна бехке дуьллу юкъараллехь уьш кхоччуш кхетош-кхиийна дац олий.

Кху деношкахь 45 шо долу меттигера вахархочунна шен йоIанна алименташ цало аьлла, 8 баттахь белхаш дар тIедожийна кхело. Иштта шен хир долчу алапах 10 процент цуьнан хьашташна хьажо деза цо.

Нийсо дика хIума ю, амма эвхьазло, къаьстина доьзалехь а, нохчаша цкъа а лелийна хIума дац. Цундела, и хаам шайна хезча, дукха нах цецбовлий, тидам бо, хьалхалерачу нохчийн, хIинцалерачеран а амалш йоккха башхалла йолуш ю аьлла. Оцу хийцамех а, хиламех а, иштта эллира Соьлж-ГIалара яхархочо Эдилсултанова Мархас.

Эдилсултанова: «хIинца оцу берашна алименташ а язйо. Эвхьазло а йолу. Алименташ ца делча стаг чувуллу. Иштта эвхьаз доккхучулла шай шен берашка хаьжча гIоле дацара цунна? ГIиллакхехь м аду иза. Иштта хила дезаш а ма ду».

Къаьстинчу доьзалшна юккъахь эвхьазло, цхьа агIо кхеле а луш эвхьазло йолар, ша а массийта берийн нана йолчу Эдилсултанова Мархина хетарехь бахьан ду- зуда ялор-яхийтар аттачу даьлла хилар. Гонахь болчара а, кIезга къаьхьоьгу доьзал ца къастийта, аьлла кхин дIа а дийцира оцу зудчо.

Эдилсултанова: «ХIинца зуда атта яла а йо, дIа а йохуьйту. Ненаца бера кхиъча гIоле ду. Иза ийманехь а, гIиллакхехь а, могаша а кхуьу. Нанас бера дIадигина хилча, и нана кхаба ехаш хилла-кх дехоша. Цара доккха баркалла олуш а хилла цунна. ХIинца чам боцуш даьлла хIара гIуллакх».

Дена тIахь ду, шен бера нанас лелош далахь а, цунна Iуналла дан а, хьашташ кхочуш дан а, аьлла хета Грозный кIоштера вахархочунна Сангариев Адаман. Иза юха а тIаккха а ддоьзна ду, стагах шех. Цхьаболчарна атта хета и жоьпалла шайна тIе ца лаьцча, аьлла дийцира цо.

Сангариев: «Вайн ворхIе де заманара дуьйна схьа догIуш ду, бера дехоша лело деза. Ткъа, эвхьазло а йолуш, алименташна зудчо кхеле валар-гуттара эхь долуш хIума ду. Тхан юьртахь а ду масал. 18 шо ду зудчо шен кIант кхузахь лелош волу. Дехойн бала а ца хилла. Да а, дехой а хьовса беза-кх шайн стаг муьлхачу хьолехь ву. Иза нахах доьзна ду. Оьздачу наха цу тIе ца долуьйту».

Ненахоша кхиош лелочу беран тIехь дехоша Iуналла дан дезаш хиларна, шен кIоргера бахьанаш ду. Цуьнах даиманна дуьйцу дешшначу а, вуьшта дахарехь зеделлачу наха. Доккха хилча оцу беро мел дина долу дика а, во а, доьрзу дехошка. Ур-аттала царна иза дуй хаар бен кхин гина дацахь а.

И хIума тергоне ца оьцу, я уьш мухха а лелча бен ца хеташ а нах дукха бу. И санна болчара Iунал ца до шайн берашна. Оьрсийчоьнан низамашца жоьпалла ма даций, цхьана стаго хIума дича, кхечарна. Цундела, схьагарехь, и низамаш товш хила а мега цхьаболчу божаршна, шайна кхело, алименташ ца елла аьлла хан тоьхначарна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG