ТIекхочийла долу линкаш

МухIажарийн могIаршлахь алсамбовлуш бу ДAIИШ-ан агIончаш


Македони - МухIажираш бу Македонехь Грецица долчу дозанехь. Лахьан-бутт, 25, 2015

Македони - МухIажираш бу Македонехь Грецица долчу дозанехь. Лахьан-бутт, 25, 2015

Масех кIира хьалха Брюссехь дIаяхьанчу Евробертан, Туркойчоьнан саммитехь тIеэцнера цу шина агIонна шинна а вуно санехь лара мегар долу барт.

Цу бартаца Туркойн махкахула Егейн хIорд а, Дуьненаюкъара хIорд а хадош, Европе схьаоьхуш болу Иракъерий, Шемарий, кхечу цу луларчу мехкашкарий мухIажарш туркойн Iедалша шайн махкахь совцон безаш бара, цигахь бIеннаш эзарнаш нахана лерина тIамах бевддачийн лагерш а йохкуш. Иштта а ши миллион герга мухIажар тIе а эцна, уьш шен чотах лелош йолу туркойн урхалла цу хIуманна резахилийтархьама Евроберто гергарчу хенахь Туркойчоьнна 3 миллиард ахчанца гIодийр ду аьллера.

Ткъа цул совнаха, туркошна Шенген зонерчу пачхьалкхашкахула дIаселалар аттачу доккхур долуш ду, иштта масех шо хьалха уггаре а хьалха Германин канцлер Меркел Ангела дуьхьал ялар бахьана долуш сацийна хилла Туркойчоь Евроберта юккъеярах долу дагадовларш а юха карладохур долуш ду. Цу кепара Шемарчу а, кхечу махкашкарчу мухIажарийн бала Туркойчоьнна а, Евробертана пайдехьа долчу агIор дерзор яра бертан коьрта Iалашо.

ТIаьхьарчу деношкахь хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, Туркойн урхалле мухIажарш шаьш долчехь сацорах лучу ша-башхачу ясакхан кепарчу 3 миллиард еврох хьалхара транш дIакхачийна хила там бу. ХIунда аьлча, Анкарас шена мухIажарийн хьокъехь тIелаьцна долу декхарш кхочушдан долийна.

Иштта, масала, цIеххьана гаррехь лахделла цу махкахула Европе схьаоьхучу мигрантийн терахь. Нагахь санна гезгамашин а, гIадужу а беттанашкахь Туркойчуьра Греце юкъарчу хьесапехь хIора дийнахь 7000 эзар герга стаг кхочуш хиллехь, карарчу гIура баттахь и терахь шозза лахделла, 3 эзар ах эзаре кхаччалца, бохуш хаам бо Еврокомиссино шен официала сайта тIехь.

Еврокомиссино зорбане даьхначу терахьашца, кху беттан хьалхарчу шина кIиранахь туркойн Iедалхоша сацийна Европе дехьавала гIертачуьра 4632 стаг. Уьш сацор Брюсселерчу хьукматхоша вуно боккха кхиам санна лору, Туркойчоьнан, Евробертан барт бахьана долуш баьккхина болу.

Амма нагахь санна, Туркойчоьнна миллиардашкахь ахчанца гIо а, кхин долу диканаш а дарца а, ткъа иштта Iа тIедар бахьана долуш а Европе схьаоьхучу мухIажарийн терахь мелла а лахделлехь а, меллаша бен ца довлахь, амма хIетте а йоккхачу IалагIожца лакхадуьйлуш лаьтта керла тIебаьхкинчу мигрантийн могIаршлахь гучубуьйлучу ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобан агIончаш а, церан къайлаха айкханчаш а. Иштта хетало, мел кIезга а, хаамийн гIирсаша а, Iедалхоша а бечу хаамашка ладоьгIча.

Иштта, масала, Австрерчу Зальцбург гIаларчу мигрантийн лагерехь лерина операци дIаяхьира меттигера полисхоша. Цара лоьхурш бара Парижехь террорхойн тIелатаршкахь декъахиллачарна гIо дина а, террорхошца зIенехь хилла а болу нах. Цу операцин жамIица ши мухIажар лаьцна, харцахьчу шемахойн паспорташца мухIажарийн могIаршца ие а ийна, Австре кхаьчна волу. И шиъ муьлхачу къомах ву цкъачунна гIардоккхуш дац Iедало, амма Гергарчу Малхбалера ву аьлла хаам бина.

Австрерчу ОРФ телеканале меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало дийцарехь, и ши стаг аьхка Грецехула шех Балканашкахула некъ олучу марштрутаца кхаьчна цу махка, новкъахь шемахойн харц паспорташ а эцна. Полицига кхаьчначу хаамаца, и шиъ Парижехь тIелатаршкахь декъахиллачу террорхошца зIенехь хилла, там бу и шиъ Австрехь талорш дан кечвина хила а, цкъачунна цу хаамашна дахко тоъалла тоьшаллаш дацахь а.

МухIажаршна юккъехь террорхой хила там бу бохуш долу хабарш мигрантийн тулгIе Европе чухьада йолаелча дуьйна схьа лелаш дара юкъараллехь а, амма кхин а алсамох социалан машанашкахь а. ХIинца, полисхоша шаьш цу агIор мел еш йолу лерина операци а, шайга цу хьокъехь мел кхочуш долу коста а оцу сохьта журналисташца доькъуш хиларна хIетте а кхерам лакхаболуш бу европахошлахь, бIеннаш эзарнаш кху тIаьхьарчу беттанашкахь сехьабевллачу мигранташна юккъехь боккъал а бу-те кхайлаха террорхой бохуш.

Венерчу университетехь дIаяьхьанчу радикализацех дуьйцучу конференцехь Европехь уггаре а вевзачех террорах эсперт волчу, Лондонерчу университетан профессоро Нойманн Петера цу хьокъехь элира, и кхерамаш цкъачунна бух боцуш бу аьлла. Нагахь санна Европехь терорхойн тIелатарш а, эккхийтарш а хилахь, уьш мухIажарийн могIаршкарчу наха дийр дац, Европехь бехачу ДаIишан агIончаша дийр ду аьлла хеташ ву Нойманн.

Нойманн Петер: „Европе вай долчу схьабаьхкинчу бIеннаш эзарнаш мухIажаршна юккъехь хIинцалца схьа пхиъ шеконе стаг карийна, кхин ца карийна. Ткъа хазахеташ дерг ду цу хьокъехь и пхиъа стаг а шаьш, мухIажарша, полисхошка дIабовзийтина хилар, уьш шеконе хета шайна аьлла. Иза бохург ду, мухIажарш шаьш а кхеташ бу, шайн могIаршлахь террорхой хилар шайна санехь доцийла, иза дика а ду иштта.

Ткъа суна хетарехь, нагахь санна Европехь террорхойн тIелатарш а, талорш а хуьлуш хилахь, - ткъа уьш хирг хиларх сан шеко яц, уьш хьалха а хилла ма-хиллара, - тIаккха уьш мухIажарийн могIаршкарчу наха дийр дац, меттигерчу, Европерчу, энтузиасталллечу ДаIишан агIончаша я Шемахь тIамехь а хилла юхабирзинчара дийр ду“.

Европехь бина а, кхиина а, я тIаьхьарчу шерашкахь бехаш а болу ДаIишан агIончаш шортта болчух тера ду. Къаьстина тIаьхьарчу шина шарчохь Германехь а, Австрехь ДаIишан агIончашна а, Шема баха новкъабийлинчарна а, я уьш Шема а, Иракъе а джихаде бахийта царна пропаганда еш хиллачарна а тIехь дIахьочу кхелан процессийн терго йича тешна а.

Кху деношкахь Венерчу кхелехь дIайолийна шех Абу Тайма аьлла цIе а тиллина, меттигерчу маьждигехь имамалла лелош хиллачу Мирсад цIе йолчу цхьан боснихочунна тIехь кхел. Шо хьалха лаьцна волу иза бехке веш ву ткъех жимстаг я кхиазхо шен маьждигехь Шема ваха кечварна а, уьш цига тIаме хьежорна а.

Iедалхоша чIагIдарехь, цуо шен даIваташца Iехийна, Шема хьажийначех масех стаг вийна, царна юккъехь ву, мел кIезга а, кхоъ нохчо. Цул совнаха, цуо тIаме хьовсийначара Шемахь а Иракъехь ДаIишан могIаршлахь къиза талорш лелийна, лелош а ду бохуш чIагIдо Венерчу Iедалхоша.

Ала дашна, кхелехь Абу Тайма шех олучу Мирсадна тIекхойкхучех цхьаъ нохчо ву, ша а Шема тIамехь а хилла юхавирзина волу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG