ТIекхочийла долу линкаш

Инарла ХIайтен: Iамеркан дуьхьало ян аьтто бац Оьрсийчоьнан тIемаш долчу ракетана


Iамеркан тIеман стратегин буьйранчаллан куьйгалхо инарла ХIайтен Джон.

ХIайтенна хетарехь, юккъера а, уллера а геналла йолчу ракетех лаьцна барт бохийна Оьрсийчоьно.

Iамеркан тIеман стратегин буьйранчаллан куьйгалхочо инарло ХIайтен Джона дIахьедар дина, Москохца къамел дан деза ницкъана дуьхьал шаьш ницкъ боккхур буйла а хоуьйтуш, хаам бо «Iамеркан аз» зорбанан гIирсо.

Инарло ХIайтена дицарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ гIорасиз ю Оьрсийчоьнан тIемаш долчу ракетех ларъяла. И ракеташ дукха хан йоцуш дIахIиттийна оьрсаша тIеман ха дайта. Конгрессана хьалха вистхуьлуш, ХIайтена элира Оьрсийчоьнан ракетех ларъяла аьттонаш бац Iамеран аьлла.

Инарлана хетарехь, Оьрсийчоьнан ракетийн системо кхерамехь латтадо Европан доккхах долу дакъа, ткъа Цхьаьнатоьхначу Штатийн ницкъ бац шен Европера бертахой цу кхерамах ларбан.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIемаш долу ракеташ дIахIиттийна кху шеран Чиллан-баттахь. Iамерканна хетарехь, и гIулч а яьккхина, Москохо бохийна герзашна тIехь терго ярх лаьцна барт.

Iамеркан официалан векалша ца дуьйцу оьрсаша дIахIиттийначу ракетийн аьттонаш муха бу, амма, эксперташна хетарехь, цу ракеташна тIе дукха атта тIебахкалур бу тIеман зарратан кортош.

New York Times яздарехь, Оьрсийчоьнан тIемаш долу ракета дIахIоттийна Волгоградан кIоштахь а, кхин а цхьана регионехь а.

Цу гIуллакхо «сингаттам кхуллу», ткъа Iамерка тIаьхьакхиа езаш ю хIоьттинчу хьолехь ша хIун дан деза бохучунна, аьлла ХIайтена.

Инарло дийцарехь, Оьрсийчоьнца къамел дан деза Iамерко ша ницкъана дуьхьал ницкъ боккхур буйла а гойтуш. Шен позицеш чIагIъян тIеман ницкъашна модернизаци ян еза Iамерко аьлла а хета цунна.

«Лаьттахь дIахIоттийна йолу тIемаш долу цхьа ракета кхераме яц Iамеркана а, цуьнан бертахошна а», - элира ХIайтена Сенатан комитетана хьалха вистхуьлуш.

Делахь а, цу тайпа цхьа ракета дIахIотторо гойтуш ду, тIейогIучу хенахь кхераме хир йолу структура кхолла йолийна хилар, - элира инарло, яздо «Iамеркан аз» зорбанан гIирсо.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG