ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

TIемаш долу Iамеркан ракета Tomahawk


Iамерко массо а тIаьхаьрчу хенахь хиллачу тIеман конфликташкахь пайда эцна Томагавках.

Tomahawk (томагавк) олу ракета гIовгIанан чехкаллал а лахара чехкалла йолу ракета ю. Цуьнан геналла ю 2500 километр гергга. Иза хеца аьтто бу хIордан кеман а, хи бухула лелачу хIордан кеман а тIера. Цуьнан Iалашонаш хила мега лаьттахь а, хIорда чохь а.

Томагавкана тIебилла аьтто бу зарратан бомбан тIеман корта. Цуьнан йоьзалла ю 200 кила. Зарратан метта буьллучу могIарерчу коьртан йозалла ю 450 кила.

Томагавк ракетан йозалла ю 1315 кила. Цунна тIехь лаьтташ ю турбодизелан мотор.

Цхьана Томагавкан мах бу 607 000 доллар тIера 1 миллион 400 эзар шергга доллар (2009 шо).

2000 сов Томагавк тоьхна Цхьаьнатоьхначу Штататийн тIеман ницкъаша цхьацца тIеман конфликташкахь.

ТIаьххьара 59 Томагавк хийцира Iамеркан хIордан шина кемано Шеман президентан Асад Башаран тIеман ницкъийн кеманийн база хIаллакйеш.

Томагавкан шуьралла ю (тIемаш а цхьаьна) 2 метр 67 сантиметр. Иза еха ю 5 метр 55 сантиметр.

Чехкайоккхучу системица цхьаьна иза ю 6 метр 25 сантиметр еха. (хьажа сурте)

Томагавк тIемаяьлла йоьду вуно лахахула, рельефан сурт тидаме а оьцуш.

XS
SM
MD
LG