ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Окуева Амина: Кхел дIаяхьале хьалха Адам вуьйр ву Оьрсийчохь


Украина - Окуева (Осмаева) Амина зорбан-конференцехь, Одесса, 17Мар2012
Украина - Окуева (Осмаева) Амина зорбан-конференцехь, Одесса, 17Мар2012

Окуева Амина: Цхьа бакъонашларъярхо вуй - Кочетов Валерий Иванович, цо хьехар динера гIовгIа ян еза, аьлла. ГIовгIа ца яхь, кхел-хIума йоцуш, тIепаза войур ву цара Адам, элира.
Баркалла цунна, чIогIа тIетаьIIина болх беш ву иза.

Муса Таипов вуй, машаллахI, чIогIа дика дIахьедар кечдинера цо. Дела реза хила цунна.

Фейсбукехь агIо йиллина оха - "Осмаев Адам кIелхьарваккха" аьлла цIе а йолуш. Дукха нах бу цигахь (гIортор еш). Билггал нохчий бу, бакъонашларъярхой бу, Европера диаспора ю тхуна гIо дан гIерташ.

Маршо радио: Цкъа дуьххьара 5 шо хьалха лаьцнера иза (Адам) Кадыровна (Рамзанна) тIелатар дан гIертарна бехке а вина. ХIетахь бехк бац аьлла, дIахийцира...

Окуева Амина: ... хIаъ, хIинца юха а изза дан гIерташ бу цунна. Цуьнан да вуй, Осмаев Асланбек, Нохчийчохь гIуллакхехь стаг ма варий. "ЧеченНефтепродукт" организацин гIантда вара иза. Цуьнгара и бизнес дIаяккха гIерташ, Кадыровс дина иза, аьлла дара. Цул тIаьхьа дуьйна хьийзош ду-кх тхо, со а, Адам а. Ахча ша дерриг дIадаьккхина тхоьгара. ХIинца ахча диса а ца дисина. Дакъаза даьхна. Дакъаза даьхначул тIаьхьа, хьийзош ду.

Маршо радио: Путин вен гIерташ вара ша аьлла, и (зулам) тIелаьцна цо. Цул сов, Умаров Доккас оцу кепара Iалашо хIоттийнера шена хьалха, аьллера цо. Ша иза дина ца хилча, иза тIелцара хIун бахьана дара?

Окуева Амина: (Адам) ДIалаьцначу хьалхарчу деношкахь ФСБен талламхо веана кхуза (Украине). Цунна ницкъ бина, кхерамаш тийсина... Цуьнан (Адаман) да а ма лаьцнера дIа. Иза дог лозуш ву, цкъа инфаркт хилла ву иза. "Шуьшиъ хIинца Оьрсийчу дIавуьгур ву, цигахь шуьшиъ хьийзор ву. Дена ницкъ бийр бу" баьхна.

Цул тIаьхьа, Пьянзин вуй, Илья, Адама накъост - Далла дика хуур ду - суна хетарехь, леррина тешнабехкана тIеваийтина, питанча ву иза. ХIунда аьлча, дIа ма лаьццина и верси йийцина цо. Дарбан цIийнахь хилла иза, цигахь ницкъ ца бо. Харжамаш хилале кхуза ваийтина тешнабехке питанча вара иза. Массарна а кхузахь ишта хета иза. Адам дIлаьцчи, цуьнга (Пьянзина) аьлларг тIечIагIде аьлла. Ца дахь, 24 сохьтехь хьан да а, хьо а Оьрсийчоь дIавуьгур ву. Нагахь, ахьа иза тIечIагIдахь, кхузахь (украинехь вуьтур ву), экстрадици йийр яц, аьлла дош делла цунна. Пуьташ боьттина-кх... Лазар ца доуьйту маха туху аьлла, морфий тоьхна цунна. Коьртах пластикан тIоьрмиг боьллина, йиттина. Цундела иза (тIелаьцна) куьг таIийнера цо.

Маршо радио:
Одессера прокуратурин зорбан-секретаро дIахьедар дира цхьа ши де хьалха, цхьана баттахь Адам дIаалур ву, аьлла. Цул тIаьхьа, кхин а сиха лур ву, элира. Нагахь дIалахь, хIун дан дагахь ду шу?

Окуева Амина: Нагахь санна дIалахь, бохий ахьа?

Маршо радио: ХIаъ, Украино иза дIалахь, хIун дийр ду аша?

Окуева Амина: Ца хаьа суна... варианташ яц тхан.
Ткъа хIинца тхан планаш муха ю - Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхеле латкъам кечбеш ду тхо. Украинин президенто а экстрадици къобал ца ярна догйовхо йолуш Iаш ду тхо. Амма уггар хьалха, Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхеле документаш кечдеш ду.

Нагахь санна иза Оьрсийчоьне дIалахь, 99% иза дийна дIакхочур вац. ХIунда аьлча, цаьргахьа дац иза. Тоьшаллийн бух бац цу гIуллакхан. Шаьш кхоьллина гIуллакх ду. Украинера, оьсрийн а Iедалшкахьа дац кхел хилийтар.

Официала кепара цхьа а уьйр яц тхан Адамца. Хьенан низамашкахула иза чекхвоккхуш ву а ца хаьа цхьаннена а. Цунна тIекхача цхьа а бакъонехь болу некъ бац тхан. Адвокат цунна тIевуьтуш вац. Апелляцин кхеле адвокат ца витина, я ша Адам ца валийна. Суьдхой а, прокурор бен, кхин цхьа а вацара цигахь.

ХIинца суна (хIун дан деза) ца хаьа. Цхьа политикан тхов-кIело йоьхур ю аса. Кхузара Iедалша а суна кхерамаш туьйсу - со Iад ца Iахь, хьерабевлла нах латточу хIусамна чуюллур ю, я суна дуьхьала бехк-такхаман гIуллакх долор ду, бохуш. Ишта аьлла-кх соьга. "Ахьа гIовгIа яхь, Iад ца Iахь" (и хир ду, аьлла). Къайлаха дан гIерташ бара уьш иза (экстрадици). Ткъа хIинца, иза гIарадаьккхинчул тIаьхьа, церан ша йолу планаш йоьхна.
XS
SM
MD
LG