ТIекхочийла долу линкаш

ХIора шарахь арайолучу 'Amnesty International-ан' рапорто Оьрсийчуьрчу регионех билгалйоккху Къилбаседа Кавказ. Оьрсийчоьнан чуйогIу и карзахе регион кху шарахь, хIора шарахь санна, билгалъяьлла адамийн бакъонаш талхорна тIехь хьалханча санна.

Пачхьалкхашa муха ларйо адамийн бакъонаш – и хаттар тергонехь латтош ю дуьненаюкъара вовшахкхетаралла Amnesty International. Пачхьалкхаша адамийн бакъонаш мел ларйо я талхайо бохучух хIора шарахь арахоьцу цо рапорт. Иштачарах ю цара селхана арахецна рапорт а. Кху шарахь Оьрсийчуьра хьал даханчу шарахь хиллачу хьолал телхина ду, бохуш билгалдоккху цу мехаллачу документо. 8 Оьрсийчуьрчу федаралан округах цу репорто Къилбаседа Кавказах бен ца йинера къаьстана рапорт, ткъа Къилбаседа Кавказахь Нохчийчуьра хьал уггар чолхе ду, аьлла билгал а доккху цу рапортехь.

Даханчу шарахь Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхочу хиламех дагалоцу цу рапортехь Зазадоккхучу-баттахь 9-чу дийнахь Къилбаседа ХIирийчуьра Нохчийчу воьдучу шина бакъонашларъярхочунна а, 6 журналистана а тIелатар а дина, царна еттар. Ала догIу, журналисташна юкъахь бара Норвегера а, Швецера а журналисташ.

Рапортехь хьахадо возушвоцу журналистана Гериев Жалаудина Нохчийчуьрчу кхело цуьнан Iуналлехь марихуана карийна аьлла Гезгамашан-беттан 5-чу дийнахь кхо шо хан тохар а. Жалаудис шен артиклашкахь кест-кеста Iедалах критикца яздора бохуш а билгалдоккху цу тIехь. Кхелехь журналисто дIахьедира муьлш бу ца хуу наха ша лачкъа а вина, хьунах а вигна, цигахь бехк тIелаца бохуш ницкъ бина хилар. Цул тIехь бен ца велла иза низамхошка дIа, бохуш яздина рапортехь.

Даханчу шеран зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-ГIала веанчу Каляпин Игорна динчу тIелатар а юккъедахана цу рапортана. Цаьрца цхьаьна, кхин а масех Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхийна хилла хилам дагалоцу цу рапорто.

Москох а ду Amnesty International-ан дакъ. Цигахь болхбечара кху беттан 22-чу дийнахь презентаци йира 2016-чу шарах араеллачу рапортана. Тхо зIене девлира Денис цIе йолчу цигарчу белхахочуьнца. Цо тхоьца рапортах а, балхахь т1еIитталучу халонех а дина къамел шун тидаме дуьлу оха.

Къилбаседа Кавказехь долчу хьолах, воккха ца веш, дийцира Дениса.

Халахетахь а, Къилбаседа Кавказера хьал телхина. Даханчу шерашкахь хилла проблемаш кху шарахь а дIаевлаза яра. Царах ю спецоперацешкахь нах байар а, дешан маршо йохор а. Цундела оха хьалха йийцина проблемаш карлаяха еза тхан. Иштачу хьоло дог дохадо. Царах уггар халахетарг ду Нохчийчохь тIемалойн я тIемалой бу аьлла хетачу гергарнаш махках бахар. Иштаниг дойтийла дац. Цул сов ца теллира бакъонашларъярхошна дина тIелатарш а. Iедалшна лиънехь, мобилан групперчу белхахошна а, кхечу махкара журналисташна а динчу тIелатаршна а духе кхиа йиш яра. И тIелатар ца таллар журналистийн а, бакъонашларъярхойн а болхбарна новкъарлонаш яр ду.

Аша муха латтадо цигара хьала тергонехь?

Оха тайп-тайпа хьасташ хьесапе оьцу, тхайн коллегашкара а кхочу тхуна цхьадерг. Информаци дукха ю, ткъа тхуна цу регионера негатеви хIуманех информаци гулъяр а, и дIасаяржор а хала ду.

Оьрсийчуьрчу регионех Къилбаседа Кавказ хIунда йоккху аш билгал?

Дика хаттар ду. Ткъа иза ламастийн хилам хилла дIахIоьттина хIинца. Иза доьзна ду дуьххьрадIа Оьрсийчохь йолу проблемаш Къилбаседа Кавказехь кIоргах а, ирах а хиларца. Цул сов, цигахь шатайпа бакхонашталхор а ду: цигахь дIахьош спеоперацеш ю, цу операцешкахь адамийн бакъонаш талхайо, царах тхоьга гуттар хаамбо; нах доьза бойу, низамехь доцу герзах пайдаэцар а, нахана ницкъ бар а, шеконехь лорушберш къиза хьийзор а ду цигахь даьржина. И тайпа зуламаш хIора шарахь карладовлу, цундела оха дIахьедарш дан деза цу хьокъехь цигара хьал кхечу Оьрсийчоьнан регионашкахьчул чолхе хиларна.

Ткъа Къилбаседа Кавказера Iедалша накъосталла дой шуна цигахь хьал тергонехь латто?

Иза республикех а, церан Iедалех доьзна ду. Нохчийчоьнан куьйгалла чIогIа луьра ю тхоьца. Цара тхуна туьйсу кхерамашна оха тхуна де тIелатарийн санна мах хадабо. Кхечу республикашкахь ницкъбарна, кхерамаш тийсарна а тхо тIе ца Iиттало. Цхьайолчу меттигашкахь Iедалашца цхьаьнаболхбар аттах ду, ша аьлча, тхан ГIалгIайчохь хиллачу зеделларгах аьлча, цигарчу Iедалша тхан цхьадолчу хаттаршна жоп ло, Нохчийчохь ца ло.

Иштта бара Amnesty International белхахочуьнца динчу къамелан чулацам. Хиллачу къамелан жамI деш, дагадаьхкира Ичкерин дуьххьара президент хиллачу Дудаев Джовхарс аьлла дешнаш: Нохчийчуьрчу тIамо хIаллакйийр ю Оьрсийчуьра демократи. Цу юкъараллин рапорт а ю иза бакъдирзина хиларна кхин цхьа тоьшалла.

XS
SM
MD
LG