ТIекхочийла долу линкаш

КΙиранан хиламийн тидарш Карлсон Элизабетица цхьаьна


Карта - Къилбаседа Кавказ

Карта - Къилбаседа Кавказ

РогΙера ГΙебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а амир вийна. Дагестанехь гΙаттамхошца латтабе къийсам жигара баккха керла эскарш хьовсийна. Инарла прокуроран гΙовса Сидорук Ивана бахарехь, эскарша Къилбаседа Кавказехь стохка 1500-за къоладина, ахчанехь аьлча 18 миллиард соьмана.


КΙиранан хиламашлахь, дукха хьолахь хуьлуш ма-хиллара, баларш-бисарш довлу хьалха. Ιедалан лаккхара толам а, Кавказерчу гΙаттамхойн боккха эшам а лору Оьрсийчуьрчу а, дозанал арахьарчу тергамхоша кху кΙиранах ГΙебарта-Балкхаройчоьнан, Кхарачойчоьнан а тΙемалойх долчунна Кавказан имаратна хьалха жоп луш а, ша тΙемаш беш а схьавоΙу Занкишиев Ιелим, амир ΙубайдуллахΙ,вер. Шаьш Нальчик-шахьарахь дΙаяьхьначу операцехь иза вийна хилар дΙакхайкхийра Ιедалша шинарий сарахь.

Къилбаседа Кавказехь тΙаьххьарчу муьрехь кхелхинчу амирех дуьххьара вац Занкишиев Ιелим. И хиламаш дагабохкуьйту вайна комментатора Карлсон Элизабетас

Карлсон: «ТΙаххьарчу шина шера чохь ГΙебарта-Балкхаройчохь байъинчу амирех кхоалгΙаниг ву Занкишиев. ГΙалгΙайчоьнан амир Адам вийра ши бутт хьалха. Цул тΙахьа ши кΙира даьлча вийра Дагестанера амир Салихь – Даудов ИбрахΙимхалил.

Занкишиев ша-шеггара кхоллаеллачу Умаров Доккин Кавказ Имарато дарже хΙоттийра дахначу шеран Гезгамашин баттахь, цул хьалха вийначу амиран ΙабдуллахΙан-Джаппуев Аскеран меттана. Джаппуев шен исс бΙаьхочуьнца цхьаьна Старопол-махкан дозанерчу цхьана юьртарчу хΙусамехь вийра. Оцу тобанна ницкъаллин дакъошка айкхъялларг яра кхелхинчех цхьаьннан, Закариян, цΙийннана».

Джаппуевл хьалха амир лаьттира ГΙебарта-Балкхаройчохь СейфуллахΙ-Астемиров Анзор. Иза шарахь гергга Ιийра оцу меттехь, ткъа вийра лурчаха полисхоша Нальчикехь, ларамза цунна тΙе шаьш Ιиттаделча.

ТΙаьххьарчу заман битам бу амираш а, джамаΙаташкара могΙара тΙемалой а болу меттигаш Ιедало Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а айкханчийн гΙоьнца Ιорайохуш хилар. И хΙума мелла а кΙезиг даьржина ду Нохчийчохь, аьлла хета комментаторна Карлсон Элизабетина. И тΙечΙагΙдеш масал даладо цо, ерриг а Оьрсийчоьно боккха кхаъ а кхайкхийна, лохуш волу Умаров Доккин Нохчийчохь ша Ιалашван аьтто болуш хилар.

Иштта пайда оьцу Ιедалан ницкъаша, боху комментатора, тΙемалойн карахь, цара лелаеш мобилан телефонаш хиларх а. Ткъа нохчо Умаров Докка оцу тΙехь а ву ларлуш, цо ца оьцу телефонах пайда, чΙагΙдо Карлсон Элизабетас.

Стенна ду оццул дукха дараш ГΙебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а амирашлахь, хеттаре юьйлу Ингалсара журналист, Кавказ таллархо. Нохчаша санна, кхарачоша я гΙебартоша ца кхоьллина шайна базанийн маша, тоьланаш. Ши шо хьалха гурахь, Тырнауз-гΙалина уллера молибден доккхуш йисина хьехаш Ιедало тидаме эцчхьана, тоъал къайлене меттигаш а йоцуш бисина уьш, боху Карлсона. Делахь а оцу хьоло яй ца йо кхарачойн а, балкхаройн а амирашкара юьйлу ледарло – цхьа а Ιалашо чΙагΙъеш дина хΙума а доцуш, цара ярташкахь буьйсанаш йохуш хилар.

Карлсон Элизабетас билгалдоккхуш ма-хиллара, Умаров Доккина тΙехь ду хΙинца маьΙ-маьΙнерчу кхаа мехкашна тΙе шен цΙарх керла эмираш бахкар. И болх дΙахьош кестта шура гулъян там бу Умаров Доккас.

Нохчийчуьра, Ханкалара, деношкахь Дагестанан агΙор дΙаяхна тΙеман ницкъийн ковра ю Карлсон Элибетин тидамехь рогΙехь. Массех километр деха танканийн, гΙагΙадиллинчу машенийн, артиллерин кочар, цхьаццаболчу хаамашца, 25 эзар эскархочух лаьтташ дара. И эскарш Дагестанан къилбе а кхаьчна, Буйнакскана, Карабудахкентна гонаха охьахевшина, цигарчу меттигерчу хьостанаша чΙагΙдарехь.

Ткъа тамаше дара юьхьанца Оьрсийчоьнан тΙеман министралло а, Дагестанерчу Ιедалдайша а и хΙума дехха дацаре дар. Амма уьш цигахь хилар а, цара гΙаттамхошца тΙемаш бийр буйла а гойту хΙинца ша мехкан куьйгалхочо Магомедов Мохьмадсалама а. Эскарш чудахкар къобал а деш, шен махкарчу бухарчу ницкъашна довдира цо деношкахь хиллачу кхеташонехь.

Карлсон: «Карабудахкентера а, Буйнакскера а террорна дуьхьал лаьттачу дакъойн хьаькамаш кΙоршаме емалбира Магомедовс, цаьргахь гΙаттамхошна духьал латта тоаъл гΙора дацарна, цигахь дахначу кΙиранах коьрта маьждиган имам вийча».

Ша меттигерчу полицин дика а вон агΙонаш юьйцуш, ца хьахийра Магомедовс, цуьнан могΙаршкахь, шайн накъостий а бухкуш, гΙаттамхошца зΙенехь хиларца Ιорабуьйлу полисхой. Ца хьахийра, полицина цхьаьнхьа, цхьана стага шена "вахΙабхо" гира аьлла мотт барцана, цо гина бохучу пекъарна тΙехь Ιедалан ницкъаша эрадоккхуш хилар а. Амма таханлера полицин хьаькам, оцу кепашна тΙе а тевжаш, болх беш ву, боху комментатора Карлсон Элизабетас.

Цо дикачу массаллица дагалоьцу хьалхо чоьхьарчу гΙуллакхийн министр Ιийна Магомедов Ιабдулрешед. Оцу инарло, бехк-гунахь а доцуш, тоъал бина таллам а боцуш, стаг бехкеван дихкинера Дагестанехь. Ткъа хΙинца леларш кхин гΙиллакхаш ду.

Дагестане даьхкинчу эскарех дерг аьлча, цара кестта гойтур долчух тера ду керла терахьаш – байъинчийн, доьза байначийн. Бакъду, еарий дийнахь шен кхайкхам баржийна махкахула Дагестана муфтис Абдулаев Ахьмад –Хьажас аьйкх буьйлучарна лерина. Муьлххачу а кепехь мотт тохар ШарΙо доьхкуш сакхт ду, стаг "вахIабхо" ву бохуш, бохама кΙел, Ιедалан оьгΙазлонна кΙелвигар а, къехьа ду боху муфтис шен кхайкхамехь.

Тидаме эца богΙу, Карлсон Элизабетина хетарехь, кхин цхьа хилам а – БуьрийтΙехь кху кΙиранах Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран гΙовса Сыдорук Ивана дина дΙахьедарш. Цо дийцарехь, 1500-за къоладина стохка Къилбаседа Кавказехь дΙатардинчу эскарша. Иштта дΙа кхин а, цхьа инзаре ду, Ιедалан кисина кхевдинчу эпсарийн, инарлийн, дерриг а эскарийн а амалш йовзуьйтуш, Сыдорука дийцинарг.

Карлсон: «Стохка Лахьан-баттахь федералан хьесапдаран палатано бинчу талламо гайтира Къилбаседа Кавказехь эскархоша 18 миллиард сом лачкъийна а, аьхаза дайъина а хилар. Сыдорука бахарехь, Къилбаседа Кавказна федералан бюджетера стохка делларг дара 270 миллиард сом. Ткъа оцу ахчанах лачкъийна дакъа хуьлу лаххара а 6 процент. Оццул хилла Ιа ала а дац».

Сидорук Ивана тоьшалла до, 361 эскархо-къолахо жоьпе озийна, бохуш. Амма цо латкъам бира, кхелаша оцу нахана тΙех кΙеда таΙзарш къастийна дан, аьлла. Амма иза ерриг а Оьрсийчоьнан хатΙ довзуьйтуш хΙума дуйла-м ца хаийтира инарла прокуроран гΙовса Сидорук Ивана.

Вайна дагадогΙу хьалхо федералан гонан куьйгалхочо Хлопонин Александра меттигашкара хьакамех, цара гΙаттамхошна къайллаха закт луш хиларх лаьцна, дийцинарг. Ткъа Сидорука ца даьккхира Хлопонинан и къамел цхьалха, ца хазийра масса процент оцу ахчанах тΙемалойн каракхочу. Оцу тΙехь, деккъа дΙа бахар бен, бух болуш дийца хΙума доцчух тера ду Ιедалхойн.

Иштта яра кΙиран хиламаш туьдуш Кавказ евзачу тергамхочо , журналиста Карлсон Элизабетас Маршо Радиона йина комменташ.
XS
SM
MD
LG