ТIекхочийла долу линкаш

Андижон: хIун хиллера, хIунда хиллера


Узбекистан -- Андижон, Стиг. 13, 2005

Узбекистан -- Андижон, Стиг. 13, 2005

10 шо кхаьчна Узбекистанерчу Андижонехь, лаххара а 200 стаг а вуьш, къепедацарш хилла. Оццул къиза хилам хилла бацара Узбекистанехь иза йозуш йоцу пачхьалкх хилчхьана. Маршо Радион корреспонденто Паньер Брюса материал язйина 2005-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 13-чу дийнахь Андижонехь хиллачунна хьажийна.

Узбекистанехь цхьана а кепара хьахош дац 10 шо хьалха Андижонехь хилларг. Официалан версица Стигалкъекъа-беттан 13-чу дийнахь цу гIалахь дуьхьалонан акце арабевлла нах исламан гIаттам айа дагахь хиллера.

2004-чу шарахь Гезгмашин-баттахь 100 гергга зудчо духьалонан акци дIаяьхьира Андижонан коьртачу урамехь, меттигерчу базарахь шаьш мах бечу сурсатийн мехаш бахьана долуш. Ураме охьа а хевшина, цара цхьана сохьтана дIакъевлира машенаш лела некъ.

Оццу шарахь Лахьан-баттахь масийтта эзар стаг Андижонна 120 километр йолчу Коканд гIалахула маршаца чекхвелира, йохка-эцар лелош керла низам хIоттаде бохуш. Цу наха йиттира полисхошна, цара ягийра масийтта полисхойн машен.

2005-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь полицин белхахой тIелетира Ташкентехь дуьхьалонан акци дIахьочу юртбахамхошна. 20 сов стаг дIалецира полицино.

Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийнахь Андижонан урамашка аравелира 100 сов стаг, меттигера 23 бизнесхо дIалацар бахьана долуш. Бизнесхой бехкебинера Iедалша Акромия олу исламан тоба кхолларна. Церан куьйгалхо ву аьлла Iедалша бехке веш вара шаьш лаьцна волу бизнесхо Юлдашев Акрам.

Цхьаболчара чIагIдарехь, и тайпа исламан тоба йоцуш яра, Iедалшна шаьшна дагадеана дара иза ю алар. Ма-дарра дерг дара бизнез къовсар. Иза иштта хилар даре дира тIаьхьо президенто Каримов Ислама а.

Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь 2 эзар стаг араваьллера демонстраце. Цара низам лардора. Ураман цхьана агIор зударий бара гIанташ тIе хевшина, вукха агIор лаьтташ бара борша нах. Машенаш маьрша дIасалелаш яра урамехула. Шаьш лаьтта меггиг цIена лелайора цара.

Стигалкъекъа-беттан 13-чу дийнахь буьйса юкъал тIехъяьлча герзаца волу 35 гегга стаг тIелетира Андижонан йистехь долчу полицин декъана. И нах ГIиргIизойчура баьхкина хиллера. Уьш исламан экстремисташ бара элира тIаьхьо Iедалша. Цу наха вийра масийтта полицин белхахо. Цу нехан карадахара полисхойн герз.

Цул тIаьхьа, набахте а бахана, цара дIахийцира цигахь чувоьллина латтош хилла 2000 сов тутмакх. Герзаца болу нах а, царна тIекхетта тутмакхаш а Андижоне бахара дуьхьалонан акцин декъашхойх дIакхета дагахь.

Сатесначул тIаьхьа герз детта доладелира Андижонехь. Йоццучу хена чохь иттаннаш эзарнаш нах арабевлира гIалан урамашка. Герзаца болчу наха дIалецира гIалин администрацин гIишло. Цара цIераш тесира масийтта гIишлонна. Полицин белхахой гуш бацара 300 000 стаг вехачу гIалахь.

Кегари баьржинера гIалахь. ГIаттамхошна ца хаара кхин дIа хIун дан деза. Церан лидерех цхьаъ волчу Парпиев Кабилжона телефонехула дийцарш дIадаьхьира цу хенахь чоьхьарчу гIуллакхийн министр волчу Алматов Закирца.

Цкъа дуьххьара цара доьхург дара 23 бизнесхо дIахецар. ГIаттамхоша кхайкхам бира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацега а, ОБСЕ а, Оьрсийчоьне а, Iамерке а юкъарло леладахьара бизнесхошна а, Узбекистанан Iедалшна а аьлла.

Цу дийнахь делкъале вийнарг вара 9 стаг, 34 чевнаш йина вара.

ДелкъалтIаьхьа хаам кхечира массо а агIор Андижонна тIедогIуш армин а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а эскарш ду аьлла. Иттаннаш эзарнаш нах бара арабевлла. Дукхах берш тешаш бара шаьш яьккхинарг хьалхо Украинехь, цул тIаьхьа ГIиргIизойчохь хилла йолу революци ю аьлла. Цхьаболчу хаамашца, гIалин юккъехь майданехь гулвеллера 30 сов эзар стаг.

Узбекийн эскархоша позицеш дIалецира тхевнаш тIехь. Цул тIаьхьа гIагI диллина машенаш чуюьйлаелира гIалана. Андижонехь дукхах болу нах маьрша нах бара. Дуьхьалонан акце арабевллачу нахана юкъахь дуккха а бара зударий а, бераш а, баккхийн нах а.

Амма эскарша, цхьа а ца къастош, герзаш диттира цу нахана тIе. И сурт гинчара дийцарехь, эскархой муьлхха а меттах хьовш долу хIума хIаллак дан гIерташ бара.

Бодабулуш Андижонехь «къепе» хIоттийнера эскарша. Цхьайолу тобанаш дуьхьал тийсаелира царна ГIиргIизойчоьнан дозанехь. Амма 48 сахьт далале уьш а хIаллак йира Iедалша. Эзарнаш узбекаш бевдира ГIиргIизойчу.

Узбекистанан Iедалша официалан бинчу хаамца, Андижонехь вийнарг вара 187 стаг. Царах кхоалгIа дакъа Iедалан белхахой а, полисхой а, эскархой а бара. Кхин цхьа дакъха дара тIемалой бу боху нах. Биснарш бара маьрша бахархой.

Амма тешаша а, дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн организацеша а чIагIдо байинарш дуккха а алсам бара бохуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG