ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIубанан гIалагIазкхийн гимнехь "басурманин" хьехор цатайна Дагестанан куьйгалхошна


ГIалагIазкхийн эшарийн тоба.
ГIалагIазкхийн эшарийн тоба.

Краснордаран мехкан гимн экстремизман чулацам болуш ю-яц къастаде аьлла, дехар динера кху деношкахь Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана. ХIинца Оьрсийчоьнан Къилберчу лингвистийн экспертийн ассоциацино толлур ю цу гимнан текст, цу юкъахь къаьмнашна юкъахь цабезам кхуллуш дешнаш ду-дац хьожуш.

ХIара шуна хезаш ерг Краснодаран мехкан гимн ю. ДоттагIаллин йиш локху шаьш маьрша станицех лаьцна, дас динчу цIанах лаьцна. Хьоме нана санна хьо дагалоьцуш, "мостагIчуьнах-басурманинах" лата тIаме доьлху шаьш боху цу гимнехь. И дешнаш цатайна Дагестанан куьйгалхошна.

Экстремизм а, къаьмнашна юкъахь цабезам кхоллар а гира Краснодаран мехкан гимнан текстана юкъахь Дагестанан парламентан гIантдена Шихсаидов Хизрина. Баханчу беттан 31-чу дийнахь Халкъан кхеташонан рогIерчу сессехь цо тидам тIебахийтира Краснодаран мехкан гимнана.

ХIунда оьшу "басурманинах" лата доьлху боху дешнаш гимн юкъадетта, бохуш хоьттуш вара эргIад вахана волу Шихсаидов Хизри. Нагахь цу тайпаниг далахь Конституцин кхеле дилла деза и гIуллакх аьлла, дIахьедар дира шен агIор Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана. Цо дехар дира говзанчашка цу гимнан мах хадабахьара аьлла.

Къилбан Федералан университетан зорбан сервисо бинчу хаамца, цу университетан эксперташа толлур ю Краснодаран мехкан гимн. Оьрсийчоьнан Къилбера лингвистин ассоциацин куьйгалхо Меликян Вадим цу университетехь оьрсийн меттан кафедран куьйгалхо ву.

Цо дийцарехь, церан эксперташа хьалха а мосуьйттоза дакъалаьцна политикаша а, лаккхарчу даржашкахь болчу наха а, цу кепара цхьацца дIахьедарш а дина, лилхина девнаш дIадерзош. «РБК-Кубань» агенталлана ша еллачу комментарехь Меликяна элира суьде латкъам бен кхузахь бахьана долуш ду аьлла.

"Вайн кхетамехь бусурманин бохург кхечу махкара вахархо ву, динца боьзна цу дешан чулацам хIинца байна бу, амма, ма дарра аьлча, иза кхечу къоман стаг бохург ду бохуш вара иза.

Говзанчаш лоручу Даль Владимира хIоттийначу дошамца а догIуш, "басурманин" бохург керстан динехь воцу, кхин дин лелош волу стаг ву, цабезаман чулацам шеца болуш волу. Цундела бусулба нахана цатайна цу кепара цу дешах пайда ээцар.

Краснодаран мехкан гимн ю аьлла 1995-чу шарахь тIеэцнарг ю «Хьо, ГIуба, хьо тхан Даймохк» цIе йолу йиш. Кавказерчу хьалхарчу гIалагIазкхийн полкана хьажийна йолу и йиш язйина хилла 1914-чу шарахь Хьалхара дуьненера тIом боьдуш оьрсий а, туркой а дуьхь-дуьхьала лаьттачу фронтехь. Цуьнан дешнийн автор ву полкан мозгIар Образцов Константин.

Цуьнан текст маршаллан кехат ду, гIалагIазкхаша цIа, гIубанхошка дахьийтина долу. ГIалагIазкхаш дагалоьцу маьрша станицаш -- ден цIа, шайн синош ца кхоош леташ а бу уьш мостагIчуьнах - басурманинах, хьоме даймохк бахийта.
Дуьххьара иза цхьана къеззигчу тобано лоькхуш хилла.

Цхьа ши шо далале иза лоькхуш хилла тIамтIехь болчу массо а гIубанхоша. Оьрсийчохь махкахойн тIом боьдуш иза официалан гимн хилла ГIубанан Радан а, ГIубанан Халкъан Республикан а. Ткъа ШолгIа дуьненера тIом боьдуш а лоькхуш хилла иза гIалагIазкаша.

Краснодаран мехкан а, Дагестанан а Iедалшна юкъахь дов иккхира «Анжи» а, Кубань» футболан тобанаш ловзуш, Краснодарерчу цхьана стага Дагестанан байракх ягор бахьана долуш. Цул тIаьхьа Дагестанан дупуташа шайн тидам тIебахийтира Краснодаран мехкан гимнана, царна хетарехь "басурманашца" тIаме кхойкхуш йолчу.

Цкъачунна и дов дIоггара гена ца даьлла. Эксперташа гергарчу хенахь бийр бу цу хьокъехь сацам. Амма говзанчаша гимнан дешнаш хийца деза аьлла сацам бахь а и сацам кхочуш бийр бу ала хала ду. Дукха экаме ду къамнийн юкъаметтигашца доьзна долу хаттарш.

Кхин цхьа хIума а ду. Интернетехь наха шуьйра пайдаоьцучу Википедияца а догIуш, 2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь, дуьненан рекорд а хIоттош, 60 эзар стага, вовшен куьйгаш а лаьцна, лекхира Оьрсийчоьнан гимн. Иза хилира (шу тешар дац) Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь Соьлж-ГIалахь. И акци хьажийна яра цу дийнахь шен винаде даздеш волчу Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна.
XS
SM
MD
LG