ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машар зуьйш ю Шема


Оршоьтан буса Шемахь тIемаш совца беза массех кIиранах Оьрсийчоьной, Цхьанатоьхначу Штаташий бинчу бертан жамIаца а догIуш. Кху ялх шерачохь Шемара тIом бижорехьа дуьххьара карийна некъ бу иза.

Хьалхара кIира герзаш ца дуьйлуш чекхдалахь, бертаца а догIуш, Вашингтоной, Москваной цхьаьна кеманашца тохарш дийр ду ЖамхIат Фатехь ал-Шам, Ал-Нусра, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанийн каппашна тIе.

Оцу тобанех ца хьакхало Шемина кховдийна машар. Оьрсийчоьной, Штаташий шайн барт бечу юкъанна, Шемарчу Идлиб гIаларчу базарна тоьхначу ракеташа, бомбанаша 60 герга вахархо вийра шоьтадийнахь. Иштта, Алеппо гIалина гергахь а вийра оцу дийнахь кеманийн тохаршца 30-тех стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG