ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан салтий Нохчийчохь Iамор бу Кадыровс


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала, 2016.
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала, 2016.

Оьрсийчохь кхин регион хир яц, Нохчийчоьнан санна, дуьненаюкъарчу политиках дIахьедарш дан бакъо йолуш. ХIинца рогIераниг дина меттигерчу Iедалан дас Кадыров Рамзана. Цо хаам бина шаьш Шемарчу Iедалан эскархой тIом бан Нохчийчохь Iамо кийча ду, аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, кху тIаьхьарчу шерашкахь дукха дIахьедарш дина дуьненаюкъарчу политиках а, цуьнца доьзначу хьолах а лаьцна. Оцу процессан бакъволу декъашхочо санна, цо жигаралла гайтаро, цхьацца ойланаш кхоллайолуьйту: стенна елла Кремло цунна бакъо шен белхан декхарел сов дIахьедарш дан олий. Кхана-лама бIостанехьа м доьрзур дац теша иза нохчашна?

Дуьненаюккъерчу политикехь лела хууш а, цуьнан меттигерчух йоккха башхалла хилар диц а ца деш, гIулчаш ян еза, аьлла хета нохчийн политологана Вахидов Анзорана. ТIаьхьарчу шерашкахь, Гергара Малхбалехь доллучунна тидам бечу цо бахарехь, къомана хьалхаваьлла муьлхха стаг, дуьххьара цунна диканиг хилийта хьажа веза, элира цо.

Вахидов: «ХIора хIуманна ойлан ян езаш ю. И политика бохург боьха хIума ю. Вайн хIекъал хила дезаш ду цунна тIехь. Iаьрбойн мехкашкара инвестицин масийта программа ма ю вайн махкахь хила мегаш. Цаьргара и ахча схьаэцча, дан мегар ма ду царах дIахьедарш. ГIезалой Iовдал а боцуш, шай гIуллакх а деш, инвестицийн проекташ шаьш долчохь чекхйохуш Iаш бу уьш».

Кхин политолог, Къилбаседа Кавказера стратеги талларан центран куьйгалхо Истамулов Iабдулла а тIетов цунна. Муьлххачу а куьйгалхочо дечу дIахьедаран коьрта Iалашо - шен къоманна диканиг хилийта лаар хила еза аьлла хета цунна. Иштта иза дацахь, тIаьхьало дика хира яц, элира цо.

Истамулов: «ТIаьхьарчу 30 шарахь брэнд хилла дIахIоьттина нохчийн цIе. Вайн терго еш ю. Дуьненаюкъарачу политикан вай юккъедахар вайн лаамца хилла а дац. ЦIе яьккхийта цу юккъе валар Iовдал хIума ду, ткъа, ша Iеха а ца войтуш, цу юккъехь хьийзар-кхин хIума ду».

Иштта нохчаша шаьш дуьненаюккъерчу политикехь, хьалха а буй хаийтина хиллехьара дика хира дара. Цундела, оцу юккъехь хилар гIолехь ду ца хуьлучул а, аьлла, кхин дIа а дийцира политолога Истамулов Iабдуллас:

Истамулов: «Муьлха а къоман бакъо ю, шен цIарах дистхила. Вай цу юкъахь ца хилар ма ду вайх дахнарг. Цу юккъахь вай хиллехьара, вайна тIехь динарг дина хира ма дацара. Цу юккъе вай девлча, зе кIезга хира ду, вай цу юккъехь ца хуьлучулла».

Деха ца дийцича а гуш ду, Кремло Нохчийчоьнан Iедалшка, кхечу регионашна ца луш йолу бакъо еллий, шен цIарах муьлхха а дIахьедар дан а, политика дIакхехьа а. Амма дац Нохчийчуьра ден дIахьедарш Iилманах, я лаккхарчу технологийн кхиамех а деш, дукхахьолахь тIамах, я цуьнца доьзначу хьолах деш ду.

Гуьмса-ГIалахь 400 гектар латта тIехь хьалайина эскархой кечбеш йолу центр. Муьлххачу пачхьалкхера векалш Iамабан таро ю шайн, аьлла дIахьедар дина Нохчийчуьра Iедалша.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG