ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна Дан Кечдеш Хиллачу ТIелатарх Цхьа а Ца Теша


Украина -- Оьрсийчура Хьалхарчу Телевизионо гайтинчу видеосуьртан тlера: Путин вен гlерташ хилла Осмаев Адам туьтмlаьжгаш йоьхначу Украинин Лерринчу Сервисан векалшна юкъахь вогlуш ву, Одесса
Украина -- Оьрсийчура Хьалхарчу Телевизионо гайтинчу видеосуьртан тlера: Путин вен гlерташ хилла Осмаев Адам туьтмlаьжгаш йоьхначу Украинин Лерринчу Сервисан векалшна юкъахь вогlуш ву, Одесса

Оьрсийн пачхьалкхан телевизионо оршот дийнахь хааме даьккхина оьрсийн премьер-министрана Путин Владимирна тIелатар дан кечлуш хиллачу нохчийн план юкъахъяьккхина Украинин лерринчу ницкъаша, аьлла. Коьрта бехке веш волу Осмаев Адам Одессехь лаьцна ву хIара шо долалуш. Йиттина гойтучу жимчу стага камерина хьалха дечу къамелехь, Оьрсийчура президентан харжамаш чекхбевллачул тIаьхьа Путин вен цунна омар делла хилла Кавказ Имаратан лидеро Умаров Доккас.

Дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилла болу талорхой лаьцна Одессехь Украинин Къайлахчу ницкъаша, уьш оьрсийн премьерана Путин Владимирна тIелатар дан кечлуш бара аьлла хаам баржийна оршот дийнахь оьрсийн пачхьалкхан телевизионо.

Цо дечу хьесапехь и террорахой бу – дай, кIанттий ОсмаевгIар. Украинерчу талламхоша чIагIдарехь, барт хаьттинчул тIаьхьа 31 шо долу Осмаев Адам къера хилла, Оьрсийчохь президентан харжамаш чекх ма бевллина, Путинна тIелатар дан кечлуш дара шаьш бохучунна.

Карарчу беттан 4-чу дийнахь Одессехь леррина операци дIаяьхьна хилла «Альфин» декъашхоша. ХIетахь дийцира, лаьцнарг нохчийн ши террорхо ву бохуш. Уьш бехке беш бара, хьалхуо Тираспольская олучу оццу Одесса-гIалин урамехь эккхийтар дарна а, керла теракт ян кечлуш хиларна а.

Ша дерриг доладелла хилла Дечкен беттан юьххьехь. Одессехь Тираспольская урамехь хиллачу эккхийтарехь веллера 26 шо хилла волу нохчо Мадаев Руслан. Чевнаш хиллера 28 шо хиллачу Казахстанан вахархочунна Пьянзин Ильяна. КхоалгIаниг, Осмаев Адам, талламан хьесапехь, къайлаваьллера.

Дийна висинчу Пьянзина дийцина талламе, ша а, велла волу Мадаев Руслан а Iаьрбийн Эмираташкара Туркойчухула ваханера, дан дезачуьн хьокъехь Умаров Доккин векалера информаци схьа а оьцуш, бохуш. Оьрсийн телевизионо гайтина Пьянзина деш долу къамел. «Цкъа Одессе а гIой, цигахь оьккху молха кечдан Iамаде шайна. ТIаккха Москох гIур ду шу, Путинна тIелатар дан» - бохуш дуьйцу Пьянзина.

Иштта, Хьалхарчу канало бечу хаамца Осмаев Адам а ву талламца шен лаамехь цхьанабелхаш беш. «ТIаьххьара Iалашо, Москох а дахана, цигахь премьерана Путинна тIелатар дар яра. Велларг, ша шех эккхийтар а дина, иза чекхдаккха кийча вара. Амма ша лууш вацара вала», бохуш ву, дикка йиттина хилар тIехь гуш долу Осмаев.

Талламо бахарехь царна террорхойн компьютер чохь карийна, тайп-тайпанчу хенахь Путин эцна йоьлхучу машенийн ковранийн видеош. Царна тIехь билгалъяьхна ю боху, ларвеш волу стаг хиина Iаш волу меттигаш.
Дийцарехь, Осмаев да а, кIант а Одессехь лоцуш леррина тIехьожуш хилла оьрсийн къайлахчу ницкъийн векалш а. Шайн агIора, цара 2007-чу шарахь лехамашка ваьккхина хилла Осмаев Адам а, цуьнан да Асламбек а Толаман дийнахь Москох теракт ян гIерташ хиларна.

Иштта, хIетахь лаьцна хиллачу Москох бехаш а, доьшуш а хиллачу нохчийн кегийрахошка Батукаев Iумаре а, Хамиев Лорсе а, Мусаев Руслане а бехк кховдийнера, уьш, цкъа делахь, Москох теракт кечъеш хилла хиларна а, шолгIа, Кадыров Рамзан вен Iалашо йолуш хиларна а. Талламо бахарехь, уьш Умаров Доккин куьйга кIел хиллачу диверсин тобанна юкъабогIуш а бара.

Оцу берийн адвокаташа а, Маршо радион къамелаш хиллачу, цаьргахьа къийсинчу Оьрсийчура бакъонашларъярхоша а бахарехь, оцу кегийрахойн бехк хилар тIечIагIдан цхьа а тоьшалла доццушехь, бехкаш кхечу тIегIане а даьхна, чохь яха хенаш туьйхира царна.

Тидаме эца догIу, Одессехь ши нохчо лацар а, уьш, шаьш Путинна, иза президент ма хIоьттинехь, цунна тIелатар дан кийча хилла хилар а, Оьрсийчохь президентан харжамаш дIабахьа нийсса цхьа кIира диссинчу хенахь нисдалар.

Умаров Доккера, цкъачунна, цхьа а комментари яц хIокху гIуллакхана – иза тIечIагIдан я керстадан а. Бакъдерг дийцича, Оьрсийчохь Путинна дуьхьала протесташ юьйлаелча, маьршачу нахана юкъахь лелхийтарш дар цо шен тIемалошна дихкича, жимма холчохь ю Кремлан пропагандин чарх.

Цул сов, тидам тIеозош ду, Путин президент хIоьттинчул тIаьхьа тIелатар дан кечам беш хилла хилар а.
Оцу хьокъехь шен ойла ю Ичкерин Iедалан лидеран Закаев Ахьмадан.

Закаев Ахьмад: Суна иза цара тахана дIахьуш йолчу президент харжаран кампанин дакъа хета. Цхьана тайпана бух болуш я цхьана агIора хила йиш йолуш а, я бакъдолуш хIума а дац иза. Вайна дика дагадогIу дуьххьара Путин политике муха веана. Москох дина долчу лелхийтаршций, адамашна, мискачу нахана дина долчу зенашций, зуламашций политике веана стаг ву иза.
Тахана а, хIинца шолгIачу муьрехь кхин а тIедогIучу шийтта шарна президент схьаван гIерташ а ву иза. Цуьнца доьзна дIахуьш болх бу цара иза.

Суна хетарехь, оьрсийн бахархошна болу кхерам уггар хьалха Доккера бац, я цунна тIаьхьахIиттинчаргара а бац. Путинний, цуьнан Iедалан леррина структураш юй, цаьргара кхерам бу. ХIунда аьлча, хьалххе дуьйна шайн зеделларг а долуш, оьрсийн халкъан менталитет йовза а евзаш, схьабогIуш бу уьш. Нагахь санна, дуьхьала ваьлла, ницкъ беш цхьаъ велахь - арахьара а я малхбузера - иза церан (оьрсийн бахархойн) турпалхо хуьлуш ву. И кхерам арахьара схьабогIуш белахь, я нохчашкара, я Кавказера схьабогIуш белахь, тIаккха оьрсашна Путин чIогIа веза везаш ву, царна эша везаш ву.

Цуьнга болу харжам чекхбала безаш бу. Цунна тIетевжина дина хIума ду цара иза.
Амма вай кхоьруш дерг, кхин а телхина а долуш, зене а, зуламе а дер долу оьрсийн бахархошна а, я Путинан Iедална а, цо схьайохьуш йолчу кампанина а дуьхьала бевллачу нахана цхьа зе дина, оцу кепара (дерзарх)... Адам санна цхьаъ охьа а хаийна, хьенехо дайтира я минехо дайтина а дара, дайтина а дара аьлла, беш кечам бу аьлла хета суна. Путинна кхерам болушший, я Путинна хилла хIума долушший дац иза. Дуьххьара дIа оцу пропагандиций, цара дIахьуш йолчу кампаниций доьзна хIума ду-кх иза.

Маршо радио: Интернетехь жигара дийцаре деш ду Путинна дан кечлуш хилла тIелатар.
Рейтинг янне а йоцчу тIеяьллачу Путинан харжамийн кампанин билгалонех цхьаъ ю бохучунна тIера, шена къиза йиттича, стага хIун дуьйцур дац, бохучунна тIекхаччалц ю интернетан-жигархойн комментареш.

Царна юкъахь цхьайолчу комментареш бахарехь, "и миска кIант хьийза а вина, Iад Iахьара уьш, кхин а дукха нехан цIий а ца Iенош".
XS
SM
MD
LG