ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Финляндехь тховкIело ехна нохчийн эшаршлакхархочо Умаровас


ХIелсинки -- Иттаннашна нохчийн мухIажирашна тховкъело елла Финляндин Iедалша.
ХIелсинки -- Иттаннашна нохчийн мухIажирашна тховкъело елла Финляндин Iедалша.

Соцуш яц Оьрсийчура а, Нохчийчура а дIаоьхучу нехан рагI. Кху денокхахь евзаш йолчу нохчийн эшаршлакхархочо Умарова Лизас Финляндехь тховкIело ехна. ТIамах лаьцна а, машаре кхойкхуш а чулацам болу эшаршца гIаряьлла йолчу цу зудчо ша тховкIело ехар Оьрсийчохь кхин дIа яха ша кхоьруш хиларца доьзна.


Масех шо хьалха Малхбузе дIаяха дагахь-м яц хьо аьлла, шега хаттар дича Умарова Лизас жоп делира, шен Нохчийчура хIусам оьрсийн эскархоша ягийначул тIаьхьа ша шен доьзалца тIамо лаьцначу Нохчийчура Москох дIаяха сацам бина, Малхбузе а ца йоьдуш аьлла.

«Соьга а алара, Германе, масала, я Новерге, я кхечу махка дIа хIунда ца йоьду хьо, олий. Амма со Iалур яцара цигахь. Шен цIахь йисина нана кхелхича, масала, кеманна тIе а хиина, цIаван йиш йоцуш долу дахар ца оьшу суна. Стенна оьшу суна и тайпа мохк? И тайпа аьттонаш ца оьшу суна», - иштта дара эшаршлакархочуьнан хIетахьлера жоп.

Амма мел, махках яла ца лууш, садеттарх, шел хьалха ши бIе эзар сов нохчийн мухIажир санна, Малхбузехь эххар а керла берд лахар тIедоьжна Умарова Лизина а. Кху деношкахь Финляндехь политикан тхвокIело ехна цо. Шен дехарна бух балош, Умаровас шен бахархойн кхерамазалла лар ца еш болчу махкахь, Оьрсийчохь, кхин дIа яха ша ца хIутта, аьлла.

Товбеца-бутт болалуш ХIелсинкехь хиллачу цхьана машар ларбарна хьажийначу фестивалехь эшарш лакха кхайхкина яра Умарова Лиза. Цигахь йист хуьлуш, цо билгалдаьккхира, тIаьхьарчу шерашкахь дуьххьара ша маьрша йолуш санна синхьаам бу шен, Финляндин лаьтта ша кхаьчначу кха деношкахь аьлла. Цул тIаьхьа кхин дукха хан ялале цу махкахь саца сацам бина Умаровас.

Умарова Лиза Нохчийчохь хилла ца Iаш, Оьрсийчохь а дика евзаш ю. Ши эзарлагIа шераш дуьйлалуш Нохчийчохь тIеман кIуркIаме яьржича, шен оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь язйинчу эшаршца цIеххьана юкъа елира иза. Бардийн кхоллараллин Iадаташ эстрадица цхьаьна а тухуш, язйора цо шен эшарш.

Церан дешнаш, дукхахьолахь, чолхечу метафоршца кхелина дацахь а, хIоранга кхочуш а, дог Iовжош а хуьлура. Шуьйра яьржира, масала, Умаровас дуьххьара аьлла йолу Соьлж-гIалахь урамашкахь мукъамаш лоькхуш хиллачу цхьана къеначу пондарчах йолу йиш. Ткха цуьнан „ХьалагIатта, самаяла, Оьрсийчоь!“ цIе йолу йиш Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а тIамна дуьхьала акцеш дIахьуш хиллачу жигархойн ша-тайпа гимн а хилла дIахIоьттира

Ши эзар пхоьалгIачу шарахь хааминй гIирсашкахь шуьйра дийцаре дира Умарова Лизина а, цуьнан хIетахь пхийтта шо кхаьчна хиллачу кIантана Мурадна а Москох урамехь скинхедаш йиттина хилар.

Лиза, инзара яларца, дуьйцуш яра хIетахь и скинхедаш шех а, шен кIантах а летачу хенахь, ша гонах лелачу нахе орца дехарх, цхьа а орцах ца велира шайна бохуш.Юххехула тIех а буьйлуш, дIаоьхура москоххой бохуш, яра иза.

ХIетте а, и бохам шеца нисбеллачул тIаьхьа а Оьрсийчура дIаяха ца лиира эшаршлакхархочунна. Цо шена а, шен кIантана а тIелатар динчу оьрсийн националисташна мелхо а, набахте тIаьхьа а оьхуш, цаьрца кхетам-кхиоран болх бан а гIерташ, Iуналла дира.

Умарова Лизас дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь цо телефонехула дечу къамелаш ладугIуш бара къайлахчу сервисан белхахой. Ткъа социалан машанашкара цуьнан агIонаш кест-кеста цабевзачара толлуш яра. Иштта дукхахан йоцуш Соьлж-гIалахь цуьнан Сибрехара цIавирзина волу ваша вийра муьлуш бу ца хуучу наха. Амма иза веран хьелаш Iедало талла а ца теллира, я иза вийнарш жоьпе а ца озийра.

«Путин юха а Iедале веачахьана бусулбачарна, къаьстина нохчашна а, гIалгIашна а дуьхьала харцонаш лелор алсам даьлла. Со сайх а, сайн берех а кхоьру. Со кхоьру, шен бахархой ца лоручу, церан дахар лар ца дечу, церан кхерамазалла Iалаш ца ечу пачхаьлкхехь кхин дIа яха. Сан кхо бер ду. Соьгахь кхин ницкъ бац цу харцонан системина дуьхьала латта», - элира эшаршлакхархочо, шен сацамах лаьцна дуьйцуш.

ТIаьхьарчу хенахь дуккха а нохчийн мухIажираш керла дахар лоьхуш бу Финляндехь. Иштта масех шо хьалха цу махкахь политикан тховкIело йийхира нохчийн эшарийн тобано. 2007-чу шарахь Нохчийчурчу „ЖовхIар“ тобанна юккъе вогIуш хиллачу цхьайтта стага, шайца кхин а ворхI бер а долуш, ХIелсинке гастролашка бахарх пайда а эцна тховкIело йийхира цу махкахь. ХIинца царна тIекхетта Умарова Лиза.
XS
SM
MD
LG